Menu

  • Категория: Разное
  • Просмотров: 141

Байсултанов Идрис: «Бакъволу Къонаха вара Ахьмад-Хьаьжа»

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 70 шо кхачарна лерина НР-н къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос, НР-н яздархойн союзаца цхьаьна вуно мехала киншка арахецна. Цу тIехь ешархочун таро хир ю Ахьмад-Хьаьжех лаьцна зорбане йийлина материалаш йовза. Цул сов, нохчийн поэташа цуьнах лаьцна язъйина байташ а ю киншки тIехь ялийна.
Нохчийн Республикин Хьалхара Президент вовза, цуьнца болх бан ирс хиллачеран дагалецамаш а бу оцу «Кадыров Ахьмад-Хьаьжа – 70 шо» аьлла йолчу киншки тIехь.
Царех цхьаъ – НР-н дешаран а, Iилманан а министр Байсултанов Идрис ву.
Ишта дуьйцу цо шаьшшинан хилла йовхачу юкъаметтигах лаьцна:
– Вайн Дуьхьарлера Паччахь, Россин Турпалхо Кадыров Iабдулхьамидан Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуьнан), вайна ма-хаара, уггаре хьалха Iелимстаг вара, тIаккха, ша Iилманца хиларе терра, дуккха шеца хаза, оьзда гIиллакхаша долуш вара.
Дуьххьара сайн балхаца доьзна долу гIуллакх дIадолош, Далла гергахь а сайна хьанал дерг, хьарам дерг довзуьйтуш, со Ахьмад-Хьаьжица дагаволуш хилла ву. Цо беллачу кхетамца, хьекъале динчу хьехарца кхин дIа а сайн балхаца дIавахана, иштта таханлерчу дийне схьакхаьчна а ву со Делан къинхетамца. Ша бусалба Iилма а, нохчийн Iадаташ а, дуьнен дахар а девзаш хиларе терра, цуо суна беллачу кхетамца сан боккха аьтто белира, хIунда аьлча суна хьалххе хиира аса, лоьра балхахь, цомгуш волчуьнца а, сайн белхалошца а, белхан накъосташца а, Далла гергахь, нахана гергахь меле хиндерг а нийса дерг а муха лело деза.
Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) шегара Iилма нахана довзийта а лууш, комаьрша а волуш, ша лело дезаш долу гIиллакхаш чIогIа хууш вара: жимацуьнца а, воккхачуьнца а, нахана йукъахь самукъане а, гергарлонца долчу хIуманца каде а, мало йоцуш а вара. Тхан дуккха цхьаьнакхетарш нислора, иштта оцу цхьаьнакхетаршкахь суна билгалдолура Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) нехан гIуллакхе хьожуш, нахан ша гIуллакх деш самукъадолуш хилар. ГIийлачун, мискачун алссам ше тидам тIебахитан хуьлура иза. Цуо даима къастош хуьлура вайн къоман доьналла, къонахалла, нохчалла бохучу дешан билгалонаш. Ша, уггаре хьалха, вайн къоман хьашташ кхочундан деза аьлла, шена хьалха и декхар хIоттийна вара Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуьнан).
Суна къаьсттина дика дагадогIу тхойшинна хилла цхьа цхьаьнакхетар. Оцу хенахь Iаьрбийн махкара цIа веана вара Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуьнан). Оцу дийнахь иза, ас болх беш йолу Гуьмсера больнице цхьана цомгуш волчуьнга хьажа веана вара. Цигара ша ваьлча соьца охьахиъна Iийра иза. Цо дийцира шен Iаьрбишца хилла къамел, цаьргара вайн махкана гIо-накъосталла дийр ду аьлла хиллачу чIагIонна, нохчийн къам ирсе дехарг хиларан шеко йоцуш ша хилар а. Цуо элира: «Ша шен дахарехь а, балха тIехь а коьрта социальни шина агIон тIе тидам бохуьйтур болш ву аьлла: уггаре а хьалха образовани (дешар, Iилма), шолгIа медицина (лоьралла)». Цо ишшта аьлча, суна, сайн кхетам кIорггера ца хиларе терра, суо лоьран болх беш хилча, дагатесир-кха: медицина коьрта ма яра аьлла, иза шолгIачу метте хIунда хIоттий-те цо аьлла. ТIаккха Ахьмад-Хьаьжас, ша сан коьртехь кхоллаелла ойла йоьшуш волуш санна элира соьга: «Идрис, коьрта образовани ю. Тахана Iилма дацахь, кхетам бацахь, образовани яцахь вайна улле вала накъост хир вац, хIара некъ дIабахьа стаг хир вац, лор хир вац я пхьар хир вац. ШолгIа медицина ю, лоьралла ду, хIунда аьлча, хьан могашалла яцахь, хьан дуьненах самукъадалар дац, ткъа иза дацахь, хьо балха тIехь хьайна я нахана пайде хила йиш яц». Иштта къамел хилира тхойшиннан. Бакъдерг аьлча, оцу хенахь Ахьмад-Хьаьжас сайга дийцинчунах дикка кхетта вацара со. Ткъа цул тIаьхьа, масех шо даьлча, вайн Паччахьо, Россин Турпалхочо Ахьмад-Хьаьжин Рамзана суна тIедиллира Медицинский институтехь дешарца долу хьал дIанисде, порядок йе аьлла. Со берашца и болх бан волавелча, шо-шаренга мел долу суна билгалболура Ахьмад-Хьаьжин дешнийн кIорггера чулацам, барам боцуш, уьш нийса аьлла хилар а. Иштта оцу дешнийн маьIани тIехь кхуьуш таханлерчу дийне ваьлла со.
Суна Ахьмад-Хьаьжа тIаьххьара гар хилира пхоьалгIачу майхь. Хьалхарчу майхь вайн къоман мостагIий Рамзанна кIело я гIоьртинера. Оцу дийнахь цигахь тIом хиллера, Рамзанан уллера накъостий лаза а беш зулам даьллера оцу Делан мостагIашкара. Иштта оцу лазийна болчу нехан хьашташ больницехь кхочушдина, жимма со паргIатваьлча, Ахьмад-Хьаьжига, Рамзане, сайн дейишига а вистхила веза-кх со аьлла, церан цIа вахана вара со. Цига вахана волуш Ахьмад-Хьаьжица, Рамзанца вистхуьлуш Iер нисделира сан. Иштта Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) шен къамелехь элира, ша арабаьккхина болу некъа тIехь Дела воцчунах цхьаннах кхоьруш вац ша аьлла, мел чIогIа шена, шен доьзална кIелонаш ярх, оцу новкъа тIера вера волуш вац ша аьлла. Оцу дешнаша хIун гойту? Дера гойту, Ахьмад-Хьаьжин доьналла хилар а, шеца, ша дIаболийна некъ нийсахиларан цхьа а шеко ца хилар а.
Иштта цул хьалха 1999 шарахь Ахьмад-Хьаьжин кхин цхьа къамел хезна ву со. Оцу шарахь а Ахьмад-Хьаьжина, оцу Делан мостагIаша тешна бехк а бина, кIело я а гIоьртина, цунна уллехь хилла кегий нах байинера. Оцу тезета деана шортта адам а дара. Цо цигахь тоьшалла дира, тахана Нохчийчохь Масхадовс а, цунна тIаьхь хIиттийначара арабаьккхина некъ бусалба динца богIуш цахилар, иза вайн халкъана зуламе некъ хилар, ша и къамел цаьрга дина а ву, оцу вахабизмана дуьхьал тIом кхайкхабо ша аьлла. Оцу хенахь дуьйна и вахабисташ ша вен арабевллий хаа а хууш, шен халкъан дуьхьа шен са дIаделла къонах стаг ву Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуьнан). Цуьнан масал вай дийца дезаш а ду, даржо дезаш а ду, хIунда аьлча, цо вайна гайтина нохчийн къонах муха хила веза: дIахIотта везаш волчохь тIемло хилар, хила везачохь да хилар, шен мохк безар, халкъ дезар.
Бусалба динца а волуш, баккъал а къонахошна юкъахь къонаха а волуш, шен халкъан дуьхьа, гIазотехь дIакхелхина стаг ву Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуьнан).

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных