- Категория: Методика
- Просмотров: 636
Хьехархочун дийцарш
Ахьмада Муслиме хаьттира:
– Хьо соьца спектакле вогIий?
– ВогIу.
Иштта ши предложени дIа а язйина, и «ВогIу» аьлла йолу предложени ЮЬЗЗИНА ЦАХИЛАР (неполное предложение) билгал а дина, дешархошка урокан Iалашо хIоттаяйта ойла хиллачу хьехархочун къамел схьа а эцна, Маликас элира:
– Шек ма яла хьо, Асет Салмановна, вай меца юьтур яц хьуна иза! ХIун хала хир дара и юзо-м!
***
Нохчийн литературин урок хилла дIайоьдуш. Берийн шовкъ гIаттон гIерташ, шен ма-хуьллу йоллуш хьехархо а хилла... ТIаккха берийн бIаьргаш чу хьаьжча, уьш коьртачу турпалхочунна сагатдеш ганне ца гина, оьгIазъяхана хилла-кх хIара:
– Вай, иштта хила муха мегар ду?! Шуна ма ца хаьа кхин дIа оцу йоIах хIун хир ду... Ле я юьсу а ца хаьа! Муьлхачу халонех чекхйолу а ца хаьа... ХIунда ца гатдо аша цунна са?
Дикка ла а доьгIна, Мохьмада элира бохура:
– Оха хIун до цунна сагатдина а, Асет Салмановна?.. Мел чIогIа сагатдича а, оцу киншки тIехь яздинарг бен хир дуй цунна?
***
Шардар кхочушдеш бохкучу сан дешархойн тидамза ца дисира «хIургон» боху дош. Иза фургон хилар а, «ф» элп долу дешнаш нохчийн цахилар а, цундела тIеэцначу дешнашкахь цуьнан метта я «п» (панар, ишкап), я «хI», «х» диллар (хIургон, хураьшка) дийцина а ялийтина, уггар аьрханиг Iийр варий шениг ца дийцича?
– Лайлаъ Халидовна, шун машен а ю-кх тIаккха «Порд Покус»!
***
Делкъал тIаьхьа йолчу урокех цхьаъ яра тхан цу дийнахь – нохчийн меттан урок. Iуьйранна дуьйна доьшуш долу бераш ма кIадделла хир ду-кх аьлла, жимма ловзаран кепехь дIаяхьа сацам бинера ас сайн урок. I3 дешархо бен вацара соьца (экзаменна кечам дика хилийта боькъуш бара кхечу предметаца). Гуо а бина охьаховшийтинчул тIаьхьа, тIедиллар дели ас хIоранна а. «Шух хIора а я къамелан дакъа я дешдакъа хила дезар ду. Ас дIаешначу предложенеш юкъара шен-шен дош схьаяздан дезар ду. Масала, хьо, Ислам, цIердош хир ду. Хьо, Iадрахьман, масдар. Хьо хандош.... Суффикс... Дешхьалхе.... Ткъа хьо, Iиса... Хьо дештIаьхье хир ю».
– Ма хилийта со дештIаьхье! Делан дуьхьа ма хилийта, Луиза Абдул-Галимовна! Ца лаьа суна дештIаьхье хила!.. Дешхьалхе мукъна а хилийта...
Со дош ала ца кхуьуьйтуш, холчухIоьтти сан дешархо. Доллу бераш гIагI-аьлла деладели тхан.
ЖамI цхьа бен хуьлийла дацара. Нохчи тIехьа хIотта лууш вацар-кха!
ДIаяздинарг – ИСРАИЛОВА Луиза, нохчийн меттан хьехархо