Menu

  • Категория: Методика
  • Просмотров: 30

Сан Дадин хьехамаш

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Лулахь-кIоштахь цомгаш стаг велахь, цуьнга хьажа гIолахь, амма сих-сиха тIехIуьттуш хьуо кIорда ма вайта. ГIо-накъосталла оьший бохуш, дукха хеттарш ма де, оьшуш хIума хилча, хьайна гуш хир ду хьуна, и кхочушде.
Валарчу вирзина, цамгарца стаг волчу керта сих-сиха гIо, верасашна лууш ду дац ца хууш цомгашчунна тIе ваха ма гIерта, хала киртиг ю валар. ТIехьийзарш хьуо волчу чубалабай, йуучунца- молучуьнца ледара ма бита. Суьйранна чугIой, хьарччий дIа ма вижа, ладугIуш хила. Кхано цхьаъ хилахь, бухахь нах болуш тIевоьдуш товш хир вац хьо лулара.
Чохь берш кхетабе, совнаха гIов-
гIанаш ма йайта. Самукъа-белар ма хилийта кертахь. ХIара дуьне ду, кIант, царна хIумма а деш вац хьо, хьайна кечам беш ву.
***
КIант, тезет даьлла аьлла хьайна ма-хеззи, цига дIаваха кечам бе, кхин белхаш хьалхабоху хIума дац и, хIоранна керта дан, тIехIотта дезаш де ду, и мел жирга хетахь а. КIоштахь-лулахь тезет даьлча, кечлой ма гIо цига, хьайн белхан духар духий гIо.
Тезетана тIегIой, доIа дайтий, кадам бе верасашка. Кадам бина ваьлча, цхьанхьа дIа ма хIотта, йа охьа ма хаа. Тезет дIакхоьхьуш волчуьнга хатта хьуо мича дIахIотта: каш доккхуче, упха кечйече, бежана дуьйче? Карор ду хьуна дан хIума, валарна бохуш вай кечамаш бахь а, и даго тIе ца дуьтуш, массо хIума кийча ца хуьлу. Хьуо чура араволуш, чохь болчарна хьехам бе. Алссам йуург кечйе ала, воьду-вогIург хуьлу, генара веанарг хуьлу.
Кхаа дийнахь-буса кевнаш диллина хилийта. Велларг дIавоьллинчул тIаьхьа паргIат ма вала, аьлла хIума ца дича, мецаниг, гIелвелларг ша чу ца вогIу. Юьхь-дагна ца бохуш, хьажа нехан гIуллакхе, доггах дерг дегаза дерг, дукха дика къаьсташ хуьлу.
Кхо де-буьйса ларде тезетахь, дехьа-сехьара нахаца ма гIо тезата тIе, цаьрца дIа а ма гIо. Iуьйрре гIой, бухахь хила, суьйранна нах дIабахча чувола.
Адам - адам ду, йаа-мала еза, висинарг ца Iийча ца волу. Меттиг баьл-баьллачухула тезетан верасаш чубалабе, меца ма бита, тезетахь Iен ницкъ беза.
КIант, доцца аьлча, хьайна кечам бу-кх ахь беш берг, хьайн сий ду лардеш, и лардан а, хьайх дика дош алийта хьуна меттиг баьлла.
***
КIант, валар дуьненан гIиллакхех цхьаъ ду. Ткъа валаран гIиллакх тезет ду. Диканал чIогIа лардан дезаш а ду. Тезет хIоттийна, стаг дIаверзор ирс хеташ еана нохчашна кху дуьненахь шаьш йоккхучу хенах дукхахйолу хан. ХIора стага шен керта деана тезет чIогIа лардан дезаш ду. Со вон деана ву аьлла цхьанхьа дIахоьттичхьана гIуллакх ца хуьлу. БIаьргах хи далар, къурд бар ша ду, бIаьрга буй гIийзош цхьанхьа дIахоьттина Iарах гIуллакх хир дац. Велха, къийлина дог даста хан йогIур ю. Тезетахь хьайн меттиг ларйан еза, воккхачунна хьалха, жимачунна тIехьа ма гIерта. Дехьа-сехьа валий, кадаме баьхкина нах совцабай, хьуо леха ма лехийта.
Делха ма делха бохуш, зударий ма чехабе, зударийн белхар тезетан гIиллакхех ду, маьхьарий хьоькхуш ца билхичхьана. Вайн дайша аьлла «Орцанна ваша, йелха йиша йоцуш ма вуьсийла». ШарIехь дерг, веллачунна тIехь бан беза белхаш Iеламнаха бийр бу, ахь хьайн дуьненан гIиллакхаш ларде. Собарх ма воха, нах цецбовла хIума дисина дац.

Алхазов Iабдул-Малик

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных