- Категория: Чеченский язык
- Просмотров: 40
ПКЭ кечам бар
Урокан цIе: ПКЭ кечам бар. Жима йозанан болх «Оьзда мотт».
Iалашонаш: нохчийн литературин мотт хаар кIаргдар; йозанца шайн ойланаш нийса а, кIорггера а гучуяха Iамор; барта къамелан корматалла лакха а йоккхуш, ойланехь дерг йозане дилла Iамор.
Кхочушдан лору жамIаш: дешархошна хаа деза ешначух лаьцна шайна хетарг цхьана кепе а далош, йозане дилла; хаа деза ПКЭ-н форматехь жима йозанан болх язбан.
Урокана эпиграф:
«…Мотт хууш доцчу вайн вешан
Лелачу гIиллакхах доьхна,
Лийр вар-кха къонах, ца вешаш,
Дог эккхаш, дагах катоьхна» (Кибиев Мусбек)
Урок дIаяхьар
I. Урокан кечам бар.
Хьехархо: Де дика хуьлда, бераш. Тахана вайн рогIера ПКЭ кечам баран урок ю. ХIара къамел кхиоран урок ю, хIунда аьлча экзаменан хьалхара дакъа, шуна ма-хаъара, ладоьгIначу текстан буха тIехь билгалдаьхначу хаттаршна жоьпаш даларца кхочушбен жима йозанан болх бу.
II. Ойла тIеерзор.
Эпиграфна далийначу могIанашца, берийн ойла дешарна тIеерзайо.
- ДIадеша, таханлерачу вайн урокана далийна дешнаш. Вайн урокан эпиграфна далийна Кибиев Мусбекан дешнаш ду. Стенах лаьцна хир ю тахана вай болх бийр йолу текст?
(Дешархоша дIайоьшу эпиграф. Дуьйцу шайна хетарг. Текст маттах лаьцна хир ю.)
Урокан Iалашо а, декхарш а хIиттор.
Хьехархо: Тетрадаш тIехь дIаязъе таханлера терахь а, урокан цIе а.
Ойла йе, теме хьаьжжина, хIун декхарш хир ду вайн урокан. (Дешархоша къастадо, муьлха декхарш кхочушдан деза, урокан темах кхетархьама.)
III. Изложени язъян кечамбар.
Бераш, жима йозанан болх язбеш хIун декхарш ду дешархошна хьалха?Текстан коьрта чулацам боцца схьабийца хIун дан деза? Белхан барам мел хила беза?
Хьехархо: Жима йозанан болх юьхьанцарчу текстан коьрта чулацам боцца схьабийцаран кеп ю. Болх хила беза чулацаме а,жоьпаш шайн маьIница вовшех дозуш а. Белхан барам - 50 дош.
IV. Практически болх.
Хьехархочо дIайоьшу текст «Оьзда мотт».
Дайн орамашкара дуьйна схьадогIуш цхьа гIиллакх ду нохчийн – стаг верг а, стаг воцург а шен дашца къастош. Цигара схьадаьлла ду «Хьайн багах схьадалазчу дешан эла ву хьо, багах схьадаьллачу дешан лай ву хьо» боху кица. Нахалахь айхьа мел аьллачу дашах жоьпалла ву бохург ду и.
Далла а, нахана а гергахь деза, сийлахь ду адамо шен меттан доладар я багах схьа мел долучу дешан оьздангалла ларъяр. Ткъа и мотт харц а, шалхонца а лебар, адамна бала хин болчу кепара бийцар даккхийчу къинойх, зуламечу лазарех ду.
Оьзда мотт бийца стаг шен бераллехь дуьйна Iама веза, баккхийчаьрга ла а дугIуш, цаьргара масал а оьцуш. Хала делахь а, иза дахарехь ца хилча йиш йоцу уггаре а коьртаниг ду. Оьзда мотт адамийн юкъаметтиган дакъа хилла ца Iа, иза вайх хIораннан сица, кхетамца хила догIу жовхIар ду. Цо гIо до оьзда боцчу нехан лаамна кIел ца воьдуш, цунах ларвала а, шен дахаран новкъахь цIена чекхвала а. (I50 дош) (Уциев А.Х.)
Хьехархо: Жима йозанан болх язбаран коьртачу некъашка хьовса.
2. Слайд «Жимачу йозанан балхана кечам бар»
1. Леррина деша шайна хьалха хIиттийна хаттарш.
2. Юьхьанцарчу тексте ладогIа.
3. Текстан коьрта хиламаш тидаме эца.
4. Хиламийн, ойлаяран хьалха-тIаьхьалла билгалгалъяккха.
5. ХIора хаттарна жоп дала оьшу хаамаш билгалбаха.
6. Юьхьанцарчу тексте ладогIа шозлагIа.
7. Тидаме эцначу хаамех пайда а оьцуш, хIора хаттарна нийса а, дуьззина а жоп ло.
8. Черновик тIехь кхочушбе йозанан болх.
9. Йозанан болх дIа а беший, дешнаш дагарде (уьш 50 дашал кIезиг хила ца деза) Нагахь барам кIезиг хилахь, тIедуза йиш йолу жоп къастаде.
10. Йозанан белхан чулацаме дакъа теллича текстан (жоьпийн) грамматически,орфографически,пунктуационни, къамелан гIалаташ леррина тала.
11. №2 йолчу бланка тIехь цIена а, къаьсташ а дIаязбе йозанан болх.
3. Шуна массарна хьалха хаттарш ду. Леррина дIадеша уьш.
Хаттарш:
1. Дайн орамашкара дуьйна схьадогIуш муха гIиллакх ду вайн?
2. Далла а, нахана а гергахь деза, сийлахь хIун ду?
3. Маца Iама веза стаг оьзда мотт бийца?
4. ХIун ю оьзда мотт?
5. Стенах ларвала гIо до оьздачу матто?
- ЛадоьгIначу текстан буха тIехь хаттаршна жоьпаш язде.Хаттарийн рогIалла санна ларье жоьпийн рогIалла. Предложенешна юкъахь маьIнин а, грамматически а уьйр хIоттайе.
V. Дешархоша шаьш болх бо хаттаршна жоьпаш луш.
VI. Язбинчу белхан таллам бар.
Жоьпаш:
1. Дайн орамашкара дуьйна схьадогIуш цхьа гIиллакх ду вайн – стаг верг а, стаг воцург а шен дашца къастош.
2. Далла а, нахана а гергахь деза, сийлахь ду адамо шен меттан доладар я багах схьа мел долучу дешан оьздангалла ларъяр.
3. Оьзда мотт бийца стаг шен бераллехь дуьйна Iама веза, баккхийчаьрга ла а дугIуш, цаьргара масал а оьцуш.
4. Оьзда мотт – иза вайх хIораннан сица, кхетамца хила догIу жовхIар ду.
5. Цо гIо до оьзда боцчу нехан лаамна кIел ца воьдуш, цунах ларвала а, шен дахаран новкъахь цIена чекхвала а.
ЖамI дар.
- Жима йозанан болх язбеш,коьрта хIун ду?
- Цуьнан барам маса дашал кIезиг хила ца беза?
- Маса жоп хила деза?
VII. Рефлекси: Дийца шайн кхиамех лаций.
Суна Iеми…
Суна хии…
Со ца кхийти…
VIII. ЦIахь кхочушдан дезарг: Жима йозанан болх язбаран методически некъ дагахь Iамо.
ХIоттийнарг Абуева Товман, нохчийн меттан а, литературин а хьехархо