Menu


«Лийрбоцурш»

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Оха кхид1а хьо нохчийн меттан урокаш йовзийтар
34-гIа урок
Урокан цIе: Ахматова Р.С. «Лийрбоцурш»
Урокан Iалашо: 1. Дозуш долу къамел кхиор тIехь произведенин васташ къастош, цуьнан исбаьхьаллин дIахIоттар, идейни а, исбаьхьаллин башхаллаш а гучуяхарца цхьаьна кхочушдар тIехь болх дIабахьа.
2. Ахматова Раисин кхолларалла йовзийта, «Лийрбоцурш» цIе йолу цуьнан произведенин чулацамах кхето.
3. Ирс, маршо, паргIато къуьйсуш кхелхинчеран сий дан а, шайгарчу ирсечу дахаран пусар дан а дешархой Iамо.
Урокана оьшу гIирс: Ахматова Раисин кхолларалла йовзийтарна лерина презентаци, чулацамца нисдина суьрташ, тептарш, дошмалгаш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамIдаран гIирс, керлачу дешнашна слайдаш.
Урокан тайпа: керла коьчал йовзийтаран урок.
Урок дIаяхьар
I. Догдаийтаран мур.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализаци яран мур.
1. Саракаев Хьамзатан кхоллараллах лаьцна дешархоша бина кечам таллар.
2. «Баьпкан чкъуьйриг» цIе йолчу дийцаран чулацам схьабийцийтар.
3. Хаттаршца чулацам къастор, маьIна дар.
а) Адаман самукъадаларан бахьана хIун дара?
аь) Цуьнан ловзарх да оьгIазвахаран маьIна?
б) Баьпкан чкъуьйригах лаьцна хIун къамел хилира дений, кIантаний юккъехь?
4. Яххьашца къастош меттигаш ешийтар. (Схьа а лахий, дIадеша дений, кIантаний юккъехь хилла къамел).
5. Шена динчу хьехарх нийса кхеттий Адам?
6. Кхин дийр дуй Адама и саннарг?
7. Пусар бохучу дашах муха кхета шу? (сийдар, ларар).
8. «Баьпкан чкъуьйриг» дийцарх лаьцна хьехархочо хаам бар.
«Баьпкан чкъуьйриг» берашна лерина Саракаевс яздинчу дийцарех цхаъ ду. Мацалла а, хало а дика евзаш волчу яздархочунна герга ю хIокху дийцаран тема. Мацаллин, къоьллин, къизаллин мур вайн халкъо дIакхоьхьучу хенахь Саракаев Хьамзат кхиъна вогIуш кIант хилла. Генарчу гIамарийн махкахь, цкъа хьалха Чимкентахь, юха Чарджоухь гина, лайна цо а и халонаш шен халкъаца. Цундела, дог лазарца хьоьжу иза вай тахана кхоамза, къа ца хетарца хIаллакдечу ялтане. Боккха бац дийцаран чулацам, шиъ бен турпалхо а вац цуьнан. Амма мел доккха маьIна ду барамехь доккха доцчу оцу дийцаран. Дала хьайна луш долу рицкъа кхоаде, тIалам бе, цуьнан пусар де боху яздархочо шен дийцарца.
Дагахь хIума доцчу кIантера яьлла ледарло, аьлча а акхаралла, тIаламазалла дагах кхетта дена. Баьпкан чкъуьйригах буьрка а тарйина, и ловзош воллу кIант шен оьгIазе хьажарца сацаво цо.
Цхьа предложени бен яц кIентан дех, иза мила ву, хIун корматалла ю цуьнан хоуьйтуш ялийна дийцар тIехь. Делахь а, иза а тоьу вайна иза мила хилла хаа. Жимчохь дуьйна лаьттаца къахьоьгуш, хьанал болх беш схьавеана стаг ву иза, цунна тоьшалла до цуьнан куьйгаш тIехь долчу моьнаша а, шен кIанта кхоамза когашца бепиг дIасакхийсар оццул чIогIа цуьнан дагах хьакхадаларо а. Баьпкан цуьрг бен дацахь а, цуьнан хама бан беза, пусар дан деза. Шена хуучу масалшца кIант оцу бакъдолчух тешо гIерта иза, цуьнан даг чохь къинхетамен зIийдигаш йогIа лаам болуш. Кхин долуьйтур дац кIанта шегара и тайпа хIума. Кхечу и деш хилахь, иза а сацор ву, кхето а хьожур ву. Иштта дог-ойла кIентан кхетамехь кхиорца чекхдолу дийцар.
III. Урокан керла коьчал йовзийтар.
1. Хьехархочо йовзуьйту Ахматова Раисин кхолларалла йовзийтарна лерина презентацех пайда а оьцуш.
Раиса Солтамурадовна Ахматова гоьяьлла нохчийн поэтесса яра. Иза дика евзара вайн махкахь а, дозанал арахьа а. Раиса йина Соьлжа-ГIалахь къинхьегамхочун боккхачу доьзалехь. Атта ца хилла цуьнан дахаран некъ. Цуьнан диъ шо кхаьчначу хенахь иза детдоме нисйина. ХIетахь кхета йолаелира Раиса дахар мел хаза ду, нагахь санна ахь иза дикаллех, къинхьегамах дузуш делахь. Иза цуьнан кхоллараллехь коьрта Iалашо хилла дIахIоьттира. Ишколехь доьшуш йолчу хенахь дуьйна схьа езаелира Раисина литература. Цундела берашна сов дика хьоьхуш хилла цо литература, ша хьехархойн училище чекх а яьккхина, школехь болх беш йолчу хенахь.
Дуккха а шераш дIаихна хIетахь дуьйна. Дуккха а исбаьхьаллин кIоргаллех юьзна поэтически произведенеш язйина цо. Цуьнан поэтически кхоллараллехь тайп-тайпана тематика ю. Йоккха меттиг дIалоцу поэтессин кхоллараллехь Даймахках а, зуда-ламанхочух а лаьцна йолчу теманаша. Поэтессин стихотворенеш дукха а еза, хазахетарца еша а йоьшу.
2. Хьехархочо ешарца «Лийрбоцурш» цIе йолу байт йовзийтар.
3. Керлачу дешнийн маьIна къастор инсерт кепаца.
IV. Iамийнарг тIечIа-
гIдар.
1. Дешархошка шайга стихотворени ешийтар.
2. Шерра ешар тIехь болх дIабахьар.
3. Хаттаршца чулацам къастор.
а) Муха хийти шуна хIокху байтан чулацам?
аь) Хьанах лаьцна дуьйцу цу тIехь?
б) Халкъан дуьхьа эгначийн дуьнен чохь нур кхерстаран хIун бахьана ду?
в) Дийца, муха кхета шу хIокху дешнех:
«Лаьтта тIехь ирс лоьхучунна
Шух Iамар оьшуш ду чIогIа»
г) «Лийрбоцурш» бохучу дешан маьIна де.
гI) Кхин хIун цIе тилла мегар дара хIокху стихотворенина?
V. Урокан жамI дар.
VI. Рефлексин мур.
Хаа лиира…
Сан самукъаделира…
Суна хиира…
VII.ЦIахь: Ахматова Раисин кхолларалла хаа а, байт дагахь Iамо а.

Гайрбекова Марьям

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных