- Категория: Чеченский язык
- Просмотров: 4333
Дахаран генаш
Оха кхид1а хьо нохчийн меттан урокаш йовзийтар
Урокан цIе: Сулейманов Ахьмад. Поэма «Дахаран генаш».
Урокан Iалашо:
1) Сулейманов Ахьмадан кхолларалла хаар, цуьнан произведенеш йовзар кIаргдар.
2) Дешархошна юккъехь ларам, доттагIалла чIагIдар, меттан гIиллакх, оьздангалла, цуьнан культура йовзийтар.
Урокана оьшу гIирс: учебникаш, яздархочун портрет, къоламаш, Сулеймановн произведенеш, бераша дехкина суьрташ, тептарш.
Урокан некъ
І. Урокана кечам бар
1) Берийн де дика дар.
Хьехархо: Де дика дойла шун! Ирс хуьлда, дукха дехийла, охьаховша!
2) Урокехь воцург билгалваккхар.
Хьехархо: Хьан эр дара, мила вац тахана урокехь? Баркалла!
3) Урокана кечам бар.
Хьехархо: Нохчийн литературан урок дIаяхьарна кечам бе! Учебникаш, кечйина материал, тептарш, урокана оьшу гIирс шайна хьалха соьл тIехь хилийта.
ІI. «Хаарш зер» аьлла йолу ловзаран кеп дIаяхьар.
Хьехархо: Муьлха нохчийн яздархой бевза шуна?
Дешархо: Мамакаев Мохьмад, Бадуев СаьIид, Саидов Билал, Айдамиров Абузар, Сулаев Мохьмад, Арсанукаев Шайхи, Бисултанов Апти, Ахматова Раиса, Сулейманов Ахьмад, Абдуллаев Леча, Берсанов Хожа-Ахьмад, Музаев Нурди, МамакаевIарби.
(Экранизованни кийсак гайтар яздархойх лаьцна)
Хьехархо: Литературни жанраш муьлхарш хаьа шуна?
Дешархо: Поэма, повесть, дийцар, роман, стих.
Хьехархо: Вай Iамо йолийна произведени литературан муьлха жанр ю ала мегар ду?
Дешархо: Поэма.
Хьехархо: Поэма хиларан билгало йийцал.
Дешархо: Дерриге а къоман дахарехь доккха маьIна долу гIуллакхаш а гойтуш, хьуьнаречу турпалхойн васташ а кхуллуш, лирически а, эпически а, мелла а драматически билгалонаш шеца йолчу йоккхачу стихотворни произведенех поэма олу.
IІI. ЦIахь белла болх таллар.
1) ЦIахь белла болх билгалбаккхар
Хьехархо: Таханлерчу урокана хIун кечам бан безаш дара шу цIахь?
Дешархо: Таханлерчу урокана Iамо еллера Сулейманов Ахьмадан кхолларалла, цуьнан «Дахаран генаш» аьлла йолу поэмин чулацам талла.
2) Сулейманов Ахьмадан дахар а, кхолларалла а довзийтар.
Хьехархо: Сулейманов Ахьмадан дахарх, кхоллараллах лаьцна дуьйцуш реферат кечъян аьтто хьенан хилира шу?
Дешархо: (Классан уьн тIе вогIий йоьшу кечйина йолу реферат).
3) Хаттаршна жоьпаш далар.
Хьехархо: Муьлха байташ ю Сулейманов Ахьмадан мукъаме яьхна?
Дешархо: «Батто сагатдо», «Шуьнехь дош», «Ма дохковаьлла со», «Зеламха», «Дог дохден цIе».
Хьехархо: ДIаяханчу урокехь вай ладогIа таро хилларг муьлха яра царех?
Дешархо: «Батто сагатдо» аьлла йолчу эшаре.
Хьехархо: Дукха хьолахь Сулейманов Ахьмадан байташ мукъаме йохуш, локхуш муьлха илланча ву?
Дешархо: Сулейманов Ахьмадан байташ мукъаме йохуш, локхуш ву Усманов Iимран.
IV. Поэмин чулацам тIехь таллам дIабахьар.
1) Урокан эпиграф йовзийтар.
Хьехархо: Вайн таханлерчу урокана Сулейманов Ахьмада поэмин чаккхенгахь ялийна байт эпиграф эцна вай.
ДIа-схьа къаьсташ, дехар ду сан,
ДоттагI, хьоьга, тIаьххьара:
Хьо тIехь волу дахаран га
Ахь ма хададахьара!..
Урок ерзош оцу дешнийн жамI дар кепехь маьIна дийр ду-кх вай.
2) Суьрта тIехь болх. (диттан сурт, генаш тIехь гайтина адамийн амалш)
Хьехархо: Поэмин чулацаман таллам хIокху суьрта тIехь дIахьур бу вай. Дахар-иза дитт санна орамаш долуш, шо-шаре мел дели уьш кIарглуш, кхуьуш, генашца-гергалонашца, хазчу амалшца заз доккхий, бIаьрг белош, дог даккхийдеш дIахIутту. Дахар-дитт, цуьнан генаш-дахаран генаш, хIора га-адамийн амал. Муьлхарш ю уьш?
Дешархо: ГIиллакх, оьздангалла, ларам, доттагIалла, сий, барт, ирс, яхь, эхь,тешам, беркат, адамалла, къонахалла.
Хьехархо: Муха хета шуна, хIун Iалашо ю авторо шен произведени тIехь юьхьарлаьцнарг, маьIан долуш дуй «Дахаран генаш» аьлла поэмин цIе тиллар.
Дешархо: Сулейманов Ахьмада воккха дешан говзанча хиларе терра хьекъалечу хьехамашца гайтина шен поэми тIехь доттагIалла муха хила деза, къонах хилла муха ваха веза, да-нана лара декхарийлахь хилар массо а доьзалхо, шен Даймахкана тешаме хилар а. Цо кхойкху деган кIоргерчу лазамца, дегаIийжамца адамалла ларъе бохуш.
Хьехархо: Адамалла ца ларъяхь хIун хир ду боху авторо?
Дешархо: Маймалех адамаш динарг эхь ду, и эхь дахь царех хила кхерам бу боху авторо маймалаш.
Хьехархо: Барт, беркат, ирс муьлхачу доьзалехь хуьлу боху поэто?
Дешархо: Барт болчу доьзалехь!
Хьехархо: Даладел кица.
Дешархо: Барт боцчу доьзалера ими-беркат дедда. Доьзал дика-беркат дукха.
Хьехархо: Сулейманов Ахьмада ша поэма язъеш дуккху а далийна и хьекъале аларш-кицанаш. Кица-къамел хаздеш, меттан говзалла, исбаьхьалла тоеш, ойланан кхетам шорбеш гIирс бу.
V. Урок тIечIагIъяр.
1) Хьехархочун нохчийн маттах лаьцна дош.
Хьехархо: Дуьненчохь бан а бу вайн нохчийн мотт массарел хаза а, мерза а, кIоргге и Iамо лаам болчарна хьал долуш а. Вайн маттахь ша тайпана исбаьхьаллица довза таро ю вайн дайн-нанойн хаза гIиллакхаш, вайн къоман оьздангалла а, культура а. И дерриг довза таро ло вайна Сулейманов Ахьмада а, иштта кхин болчу нохчийн яздархоша а.
Хьехархо: «Дахаран генаш» аьлла йолчу хIокху поэмина кхин хIун цIе тилла мегара дара?
Дешархо: «Хьехамаш» аьлла цIе тилла мегар ду, хIунда аьлча авторо хьоьхуш, хьехарш деш язйина йолу дела.
2) Урокан эпиграф эцна долчу дешнийн дешархошка маьIна дайтар.
Ша тIехь Iаш волу га хадийча чувужу, дуьненан марзо дIайов, дахар хеда. Оцу маьIница авторо вайга дика амалш ларъе боху.
VІ. Урокан жамI дар.
1) Муьлха амалш хила еза вуьззина бакъ волчу нохчочун дахарехь?
2) Нохчийн мотт гIиллакхе а, оьзда а хилар сте гойту?Хазачу амалша, тешаме хиларо, къинхетаме хиларо, дега-нене ларам хиларо…
VІI. ЦIахь:
Хазахетта кийсак дагахь Iамо а, кицанаш схьаяздан а.
ГАЙРБЕКОВА Марьям