- Категория: Чеченский язык
- Просмотров: 1494
«Узарха сонтавалар»
Оха кхид1а хьо нохчийн меттан урокаш йовзийтар.
36-гIа урок
Урокан цIе: Мамакаев Мохьмадан «Баппа» дийцар.
Урокан Iалашо: 1. Дозуш долу къамел кхиор тIехь произведенин васташ къастош, цуьнан исбаьхьаллин дIахIоттар, идейни а, исбаьхьаллин башхаллаш а гучуяхарца цхьаьна кхочушдар тIехь болх дIабахьа.
2. Мамакаевн литературни корматаллехь коьрта Iалашо билгалъяккха, исбаьхьаллин башхаллаш къасто.
3. Текст къастош шерра ешарца боьзна болу болх дIабахьа.
Урокана оьшу гIирс: Яздархочун портрет, цунна лерина кечйина презентаци, чулацамца нисдина суьрташ, тептарш, дошмалгаш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамIдаран гIирс, керлачу дешнашна слайдаш.
Урокан тайпа: Керла хаарш довзийтаран урок.
Урок дIаяхьар
I. Догдаийтаран мур.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализаци яран мур.
1. Мамакаев Мохьмадан дахарх, кхоллараллех лаьцна дешархошка дийцийтар.
2. Дешархоша яздархочух лаьцна кечйина рефераташ таллар.
3. Стихотворени «Лийрбоцурш» дагахь схьайийцийтар.
4. Хаттарш а, тIедахкарш а тестировани яран кепехь кхочушдар.
а) Маца, муьлхачу юьртахь вина Мамакаев Мохьмад?
аь) Муха хилла цуьнан бералла?
б) Яздархочун произведенешкахь коьрта Iалашо муьлха яра?
в) Маца волавелла и литературехь болх бан?
г) Цуьнан мукъаме яьхна произведенеш евзий шуна?
гI) Уггаре а шуна хазахетарца билгалъяьлларг муьлха ю?
д) Бахьана хIун ду къаьсттина иза хазахетаран?
е) Дахарехь коьртаниг хIун лору яздархочо?
III. Урокан керла коьчал йовзийтар.
1. Мамакаев Мохьмадан байт тIера дешнаш далор, церан маьIна дар.
«…Даймехкан декхаро
гIаттийна вогIу со…»
Мамакаевс яздина «Баппа» цIе йолу дийцарх лаьцна хаам бар.
ГIараваьллачу нохчийн яздархочо Мамакаев Мохьмада шен дийцар тIехь юьйцург мацахлера шира зама ю. Адам ламанца деха хан ю иза. Адам хала а, Iаламан хьелашца къийсам латтош, деха хан. Билггала муьлхачу шерийн зама ю дийцарехь юьйцург къасто хала ду. Дийцаран коьрта турпалхо ширчу МIайстара хьалдолу стаг Узарха ву. Иза оьзда а, хьекъал долуш а, нийсо езаш стаг хилла. И бахьана долуш нахана дукхавезаш а хилла. Ханна жима велахь а, баккхийнаш гулбелла кхиэле хевшинчохь, цуьнга хаьттина, цуьнан лааме ладоьгIна бен, сацам тIе оьцуш ца хилла.
Зуда яло хан кхаьчча, уггаре а хаза, куц долу, дикачу ден Пхьежин йоI Зулай ялийна цунна наха.
Кхин а сов хьалдолуш а, ницкъ болуш а хилира Узарха: хIинца иза кхин а алсам коьмаьрша а, къинхетаме а хир ву аьлла тешна бара мIайстхой а. Амма дукха хан ялале шех болу тешам байъира цо. Шен хьолах вуьзна, ша-шех дозалла деш, вевзар воцуш, хийцавелира Узарха. Хьалдерг я цхьа цIе яхана верг бен чу а ца кхойкхуш, нахаца долчу гIиллакхах воьхна, оьздангалла а йицйина, гIийла-мискачуьнгара салам схьа а ца оьцуш, сонтавелира иза. Нехан цунах чам байра. Хабарца цуьнца хьалха санна тIе-каре белахь а, амма хаалуш бара мIайстхойн цуьнга болу цабезам. И лан хала дара хьоло вукъвинчу Узархина, цундела и маьрша нах шен олалли кIел берзо сацам бо цо. Цхьана дийнахь «Барт хуьлучу лам тIе» куьг кхоче мел ву стаг схьа а гулвой, лаккхарчу кхиэлан сацам дIабовзуьйту къеначу Пхьежас: Узарха мIайстхойн эла харжар магор. Нах резабан гIерташ, дуккха а дийцира цо, цхьацца тоьшаллаш а далош, хьалхаваьлла стаг. Баьчча ца хилча, халкъ вовшашца ца тарлуш, хIаллакьхиларан кхерам бу болуш. Адам реза дац цара бинчу сацамна, делахь а хIинца а дуьхьал дала а кийча дац иза. Церан дуьхьало бистцахиларал кхин тIех ца йолу. Ямартчу Узархас шен Iаьржа ойланаш кхочушярхьама кхидIа а дийцинчун дуьхьал даккха а дац оцу халкъан хIумма а.
ХIетахь дуьйна шена хеттарг деш, сутара, къиза куьйгаш кхийдош мIайстахойн долахь мел дерг шена схьа а дерзийна, эла хилла охьахиъна Узарха. Оцул дукха даьхни шен доллушехь, и кIезиг хеташ, сутаралло бIарзвинчу Узархас цхьана къечу стагера тIаьххьара вир дIаяьккхина. Собар кхачийна адам, эххар а гIаьттина. Дан амал доцуш къизачу элана дуьхьал гIаьттина адам яздархочо дистинчу хица дусту. Дукха догIанаш а ихна, дистина хи кхераме ду, цо шена дуьхьал мел кхетта хIума такхайой, ядайой дIахьо. Иштта гуллуш, вовшахкхетта адам ницкъ болуш ду и дистина догIу хи санна, шена новкъарло еш дерг хIаллакдина дIадаккха. Ламанца даьлла дарц а ду иштта кхераме, къиза. Оцу дорцан хьесапехь гIаьттинчу халкъо вохийна дIаваьккхина шайн эла хила гIоьртина Узарха. ХIетахь дуьйна эла а ца хилла, хила цхьа а ца гIоьртина МIайстахь. Вайн халкъан кица ду: «Вуьзча стаг сонтаволу», – олуш. И дац, хIума а йиъна, вуьзна стаг Iовдал хуьлу бохург. И ду хьолана вукъвелла стаг нахаца болчу безамах, цаьрца долчу гIиллакхах а вуху бохург.
Иштта, хьал совдаларо шен нийсонах а, гIиллакхах а, хьекъалх а талхийна хIокху дийцар тIера Узарха. Цо ницкъ бан болабо халкъана. Халкъана ницкъ а беш, цуьнгахь гIело а латтош, гулбина бахам, даьккхина дарж, говро хьоршам тоьхча а, духий дIадолучу зезагал баппел тешаме а, тIаьхьало йолуш а дац, бохург ду хIокху дийцаран хьалхара маьIна.
2. Хьехархочо ешарца дийцаран чулацам бовзийтар.
3. Чулацам хаттаршца къастор (хаттарш агIо-I53).
Дешнашца болх бар.
Бере – говрахь я кхидолчу хьайбана тIехь вогIург.
КIошт – масех юрт юкъайогIу меттиг.
Патарна дастаделла – гIа даьлла.
ГIап – тIеман чIагIонна йина онда гIишло.
ГIаларташ – кхоьлехь, бодашкахь гучу хIуманан гIадсурт.
Баппа – зезаган цIе (одуванчик).
Шога куьйгаш – къинхетамза куьйгаш.
IV. Iамийнарг тIечIагIдар.
1. Дешархошка шайга текст ешийтар.
2. Шерра ешар тIехь болх дIабахьар.
3. Къастош меттигаш ешар.
4. Узархин васт кхечу произведенешкахь дагалацар.
VI. Рефлексин мур.
Хаа лиира…
Сан самукъаделира…
Суна хиира…
VII. ЦIахь: Еша, чулацам схьабийца (агIонаш 146-153-гIий).
ГАЙРБЕКОВА Марьям