Menu


Долахь а, юкъара а ц1ердешнаш

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

(Ловзаран кепехь)
Урокан цIе: Юкъара а, долахь а цIердешнаш
Iалашо: Хьалхарчуурокашкахь цIердешнех лаьцна Iамийнарг тIедузар, юкъара а,долахь цIердешнаш довзийтар.
Гайтаман гIирс: суьрташ, слайдаш.
Урок дIаяхьар
Урок дIайолоран кечам:
Хьехархочун дош: Де дика дойла шу! РогIера хазахетар ду, вай юха а вовшахкхетар. Къамел долош, даима санна суна цхьаъ карладаккха луур ду, Шекспиран дешнашца: «Дуьйцуш волчун кхиам, ладугIуш волчух бозу». Слайд. Цундела, вовшашка ла а дугIуш, цакхетарг хатта а хоттуш, Iамийнарг карла а доккхуш, керла коьчал йоьллур ю вай. (Уьн тIе дIаязйо терахь, етт Iоьхуш хеза)
– И хIун дара? Хезирий шуна?
– Хезира, етт Iоьху.
– Нийса бах, етт бара Iаьхнарг.
Слайд
– ХIун пайда ло вайна атто?
– Шура, жижиг.
Слайд
Ткъа шурех хIун тайпа дезар до вай?
(кIалд, тIо, морза, нехча, шар, даьтта) слайдаш.
– Даьтта муха доккху, ойла йиний аша?
Ткъа оцу шурех дечу сурсатех хIун олу, и хаьий шуна?
«Аьхка маша а, Iай лахьа а доцуш» кица хезний вайна?
Маша – удой молока от коровы. Тохар хийцича муьлхачу маьIне долу? Маша – паутина.
Дешнийн цхьаьнакхетар хIоттадей вай? Маша бузу, буьйзира. Предложени яло хьовсий вай?
Пайхамар (с.I.в.) керста нахах кьайлаваьккхира хьехахь гезго маша а боьзна.
ЛадугIучара шайн тептарш тIе дIаяздо и дешнаш.
– Муьлхачу хаттаршна жоп ло вай дIаяздинчу дешнаша?
– ХIун?
– Нийса ду.
Пайхамар бохучу дашо?
– Мила?
– Кхин а дешнаш даладе оцу хаттарна жоп лурш.
Ткъа – муьлш? – боху хаттар маца хIоттадо вай?
– Дукхаллин терахьехь адамашна.
Кху чохь дIасахьаьвсича муьлш говайна?
– Хьехархой, хьеший, нах.
– Нийса ду. Мила? ХIун? Муьлш? – бохучу хаттаршна жоп луш долу дешнаш муьлха къамелан дакъа ду?
– ЦIердош.
– ХIун билгалйо цIердашо?
– ХIума билгалйо.
– Нийса ду.
ХIума билгалъечу къамелан декъах цIердош олу.
Мила? – кIант, хехо, нана, ваша, лулахо, дешархо, ламаро.
ХIун? – стол, гIант, юрт, лам, дитт, мотт, неI.
Муьлш? – нах, юьртахой, ламарой, хьехархой, лулахой.
СадаIаран минот (физминутка): Урокана кечам бечу хенахь Хатуев Iабдулхьамидан байт караеънера суна. И чIогIа хIокху урокехь йийца там болуш хетта схьаэцнера ас, цIердешнашца хандешнаш дозар говза гайтина цо. И ас дIайоьшур ю шуна, ткъа аша сизаш хьакхарца бигалдаха цIердешнаш.
Ненан мотт
– Дахкабу дIо Iуьргахь кхойкхуш, –
Эли кIанта гIалат доккхуш.
Кхойкхуш дахка хуьлуш бац,
Иштта алар нийса дац.
ЛадогIал аш: дахка цIийза,
ДIаьндарг хьийза, догIа серса.
Мангал тусу, ткъа етт узу.
Нийса алар декхар ду,
ТIаккха массо кхетар ву.
Дарц ду тийжаш, чов ю Iийжаш,
Борз ю угIуш, гур бу бугIуш.
Котам ека, деши къега.
Эшар локху, илли олу,
Набарх волу, нIаьна кхойкху
Вехар ву хьо лоруш сийца,
Мотт хьан хаахь хаза бийца!
Керлачу коьчална тIедовлар
Тептарш тIе дIаяздо жоьпаш.
– ЦIе хаьий шуна вайн пайхамаран?
– Мухьаммад(с.I.в.)
– Стенгара хилла цуьнан схьавалар, Iер-вахар, дIакхалхар?
– Макка, Мединат.
– Вай муьлхачу пачхьалкхехь деха?
– Россин пачхьалкхехь.
– Муьлхачу махкахь?
– Нохчийчохь.
– Мила ву вайн паччахь?
– Кадыров Рамзан.
– Вайн коьртачу шахьаран цIе хIун ю?
– Соьлжа-ГIала.
– Кхин муьлха гIаланаш ю вайн махкахь?
– Аргун, Шела, Гуьмсе, Хьалха-Марта.
– Муьлха хиш ду вайн махкахь?
– Орга, Терк, Соьлжа,Яьсса, Хул-хулау.
– Муьлхачу юьртахь Iаш ду шу? ДIаязъе шайн яртийн цIерш.
Вайна хууш ма-хиллара, юьртахь вехачу стеган бахам даьхница боьзна хуьлу-кх. Шун дуй цхьаьнна а етт, эса, цициг, жIаьла? ЦIерш техкиний аша царна? Нагахь санна техкинехь дIаязъе, ца техкинехь вай тохкур ю. Етт – ЧIама, эса – Мимша, цициг – Мурка, жIаьла – Гудри. Муьлхачу элпашца язйина аша и цIерш?
– Даккхийчу.
– ХIун бахьана долуш?
– Уьш долахь цIерш ю. Долахь цIердешнаш ду.
Шаьш санна йолчу кхечу хIумнех къастош, шайнна, къаьсттина цIерш техкинчарех долахь цIердешнаш олу.
– Дуьххьара яздинарш?
– Кегийчу элпашца. Уьш муьлха цIердешнаш ду?
– Юкъара.
– Кхин стенан цIерш язйо даккхийчу элпашца?
– Книгийн, газетийн, журналийн, кинофильмийн, спектаклийн, заводийн, фабрикийн.
– Кхин муха язйо уьш?
– Кавычкаш, къовларш юкъа
– Тахана хIун довзийта Iалашо яра-те сан? Хуур дарий вайна и?
Юкъара а, долахь а цIердешнаш.
КIант, йоI, лам, бода, стол, лулахо, йиша, нана – юкъара цIердешнаш.
Салман, Орга, Элстинжа, Гуьмсе, журнал «Журнал», газета «Хьехархо», завод «Молот» – долахь цIердешнаш.
ЖамI дар. (рефлекси)
– Керланиг хIун девзи вайна таханлерчу урокехь?
– Кхета хала хIун дара шуна?
– ДIалаца атта хIун хийтира шуна?
Таханлерчу вайн урокан кхиам, дуьххьара ма-аллара, керла хаарш довзарца, пайдениг схьаэцарца бозу. Баркалла шуна массарна а.

Хьехархо:
ПЕТИРОВА Таиса

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных