Menu


Лаьмнийн къоналла байташкахь

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Оха кхид1а хьо нохчийн меттан
37-гIа урок
Урокан цIе: Сатуев Хьусайн «Лаьмнийн къоналла»
Урокан Iалашо: 1. Сатуев Хьусайнан дахарх а, кхоллараллех а лаьцна кечйинчу презентацех пайда а оьцуш, яздархо вовзийта, цуьнан произведенеш талларца, чулацам, маьIна, исбаьхьаллин башхаллаш дешархошка дIакхачоран болх дIабахьа.
2. Сатуевн литературни корматаллехь коьрта Iалашо билгалъяккха, исбаьхьаллин башхаллаш къасто.
3. «Лаьмнийн къоналла» цIе йолу байт къастош ешарца, чулацаман маьIна довзийтарца боьзна болу болх дIабахьа.
Урокана оьшу гIирс: Сатуев Хьусайнан дахарх, кхоллараллех лаьцна презентаци, «Лаьмнийн къоналла» цIе йолу байтан чулацамца нисдина суьрташ, тептарш, дошамалгаш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамIдаран гIирс, керлачу дешнашна слайдаш.
Урокан тайпа: керла хаарш довзийтаран урок.
Урок дIаяхьар
I. Догдаийтаран мур.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализаци яран мур.
1. Мамакаев Мохьмадан дахарх, кхоллараллех боцца хаам бар дешархоша.
2. «Баппа» цIе йолу дийцаран чулацам герггарчу хьесапехь дешархошка схьабийцийтар.
3. Дийцаран чулацам хаттаршца къастор:
а) Хьенан цIарах ду произведени тIехь дийцар дIадахьар?
аь) ХIун зезаг ду баппа?
б) ХIунда хилла Узарха юьхьаьнца нахана везаш а, цара лоруш?
в) Муха хийцаелла цуьнан адамашца йолу юкъаметтиг?
г) ХIун ду иза иштта хийцавалар бахьана?
гI) МIайстхоша Узарха хIаллакваран бахьана дийца?
д) Дуста, баппа зезаган, Узархин дахаран цхьатера хIун ду?
е) Дийца, хIун маьIна ду хIокху дийцаран?
4. Къастош меттигаш ешар тIехь тобанашца къовсадалар дIадахьар.
III. Урокан керла коьчал йовзийтар.
1. Сатуев Хьусайнан дахар, кхолларалла йовзуьйту хьехархочо цунна лерина кечйина презентаци гайтарца:Хьалха-Мартан районерчу Iалхан-Юьртахь ахархочун доьзалехь вина Сатуев Хьусайн.
Бераллин хенахь дуьйна нохчийн халкъан туьйранаш, иллеш, хьалхалера шира дийцарш а чIогIа самукъадолуш, лорий Iамадора Хьусайна. Хьусайнан ненаваша Iела халкъан барта кхолларалла дика хууш, воккха говзанча вара. Ша валлалц йоккхучу заманчохь нохчийн халкъан туьйранаш, шира хабарш а дуьйцура, иллеш а довзуьйтура цо шен йишин кIантана. Цо доккха дакъалецира хинволчу поэтан кхетам шорбеш кхиорехь.
Школехь доьшуш волчу хенахь а боккхачу безамца йоьшура Хьусайна исбаьхьаллин литература. Школехь дешна ваьлча, хьехархойн институте деша вахара иза, шена бераш дукхадезаш хиларна. Цуьнан дукхахдолу дахар берашца доьзна дара, хьехархо вара иза.
2. Дешархошна Сатуев Хьусайнан стихийн гуларш йовзийтар.
3. Къастийначу произведенийн маьIна а, авторан Iалашо а билгалйоккхуш болх дIабахьар.
4. «Лаьмнийн къоналла» цIе йолу байт хьехархочо ешарца йовзийтар.
5. Дешархошца барта бIаьстенан сурт хIоттор.
6. Керлачу дешнийн маьIна дар:
токхо – дахарна оьшуш долу массо а хIума.
IV. Iамийнарг тIечIагIдар.
I. Дешархошка шайга байт ешийтар (I80-гIа агIо).
2. Чулацам хаттаршца къастор.
а) Маца, муьлхачу юьртахь вина Сатуев Хьусайн?
аь) Муха хилла цуьнан бералла?
б) Яздархочун произведенешкахь коьрта Iалашо муьлха яра?
в) Маца волавелла и стихаш язъян?
г) «Лаьмнийн къоналла» цIе йолу байт тIехь муха гайтина авторо шен Даймахке болу безам?
гI) ХIун ойла кхоллало шун даг чохь оцу стихотворенин могIанаш дешча?
д) «Лаьмнийн къоналла» аьлла поэто цIе тилларан бахьана хIун ду?
е) Кхин хIун цIе тилла мегар дара оцу стихотворенина?
3. Тобанашца шерра ешар тIехь къовсадаларш дIадахьар.
4. Дешархошка къастош меттигаш ешийтар.
а) Муха гайтина поэта хазачу бIаьстенан тIеяр? Схьалаха цуьнан хазалла гойтуш далийна дустарш.
аь) БIаьсте йолуш лаьмнийн сурт а, Iаламан хазалла а муха гайтина поэта? Билгалъяха и суьрташ хIиттош ялийна эпитеташ.
б) Поэтана шен Даймохк безаш хилар стен гойту? Масалшца тIечIагIдар.
5. Стихотворенехь йолу эпитеташ схьа а лахий, шайн тептарш тIе дIаязде.
V. Урокан жамI дар.
1. Муьлха яздархо вевзира вайна тахана?
2. Цуьнан дахарх, кхоллараллех лаьцна хIун хиира?
3. Уггаре а дика стихотворени ешнарг муьлха вара?
4. Дешархойн хаарийн мах хадор.
VI. Рефлексин мур.
1. Урокехь суна дика хеттарг дара…
2. Суна дика цахеттарг…
3. Суна атта хеттарг…
4. Суна хала хеттарг…
5. Iалашоне кхачийнарг…
VII. ЦIахь: стихотворени дагахь Iамо (I80-гIа агIо). Сатуев Хьусайнан дахарх, кхоллараллех лаьцна реферат кечъян.

ГАЙРБЕКОВА Марьям

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных