Menu


Арсанукаев Шайхин «Захар» поэмехь б1аьхочун Заьуддин васт

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Урокан тема:
Арсанукаев Шайхин «Захар» поэмехь б1аьхочун Заьуддин васт
Урокан 1алашо:
Дешархошна Заьуддин васт к1орггера довзуьйту, йовзуьйту патриотически а, интернациональни тема. Даймахке безам, патриотически ойла кхиайо дешархойн. Ц1ена литературни матте безам а, и 1амо ойла а кхиайо.
Гайтаран г1ирс:
Арсанукаев Ш. сурт, «Захар» поэма т1ехь йолу «Орга» журнал (№5, аг1о 13-18).
Урок д1аяхьар
I. Дешархой декъалбарца урок д1айолайо.
II. Ц1ера болх толлу хеттаршца:
- Д1аяханчу урокехь вай ешначу «Захар» поэми т1ехь стенах лаьцна дуьйцу? Мила ву поэми т1ехь вуьйцург?
- Х1ун заявлени яздо Заьуддис ша фашистийн тыле воьдуш?
- Муьлха исторически зама ю поэми т1ехь юьйцург?
- Дийца, муха вевза вайн коьрта турпалхо Заьудди дуьххьара?
- Муьлхачу къоман ву, муха дозалла до Заьуддис ша нохчо хиларх?
- Партизанан, къонахчун дарж д1а муха хьо цо, х1ун ойланаш хьийза коьрте?
- Доттаг1ий муха гайтина поэмехь, мила ву Заьуддин доттаг1?
- Шозлаг1а фашисташна т1е1оттавелча, Заьудди оцу халачу киртигах чекх муха волу? Муьлха ойла тоьлу?
- Даймахке йолу ойла муха кхоьллина авторо, лирически турпалхочо муха, муьлхачу дешнашца дуьйцу и?
- «Центро» дина омра муха кхочушдо партизана? Уггаре а хала дакъа х1унда делла Заьуддина?
- Муьлха тематика ю Ш. Арсанукаевс шен поэмехь к1орггера гайтина?.
III. Хьехархочо йовзуьйту керла тема:
«Б1аьхочун Заьуддин васт шуьйра а, к1орггера а къастор. Даймахке болу безам гайтар, (интернациональни) доттаг1алла гайтар».
IV. Дешнаш т1ехь болх: танг1алкх – виселица, килс – церковь, омра – приказ.
V. Поэма кхин а д1айоьшу комментари а еш: X, XII, XIV, XVII, XVIII – дакъош доьшу.
VI. Хьехархочун дош: «Поэми т1ехь йоккхачу исбаьхьаллин говзаллица карладаьхна Заьуддис мостаг1чуьнца къийсам латтош гайтина хьуьнарш. Цуьнга майраллий, хьуьнараллий доссар Заьудди вина Нохчийчоьнан, аьрзунан баннаш долчу 1аламца дозуш дуйла хоуьйту поэта. Делахь а Заьуддин майра, Даймехкан сий лардеш шен са д1адала кийча б1аьхо хила д1ах1оттар дукха къаьмнийн б1аьхошца хилар а дозуш ду, боху поэта:
Цхьа Даймохк, кхоллам а вайниг цхьаъ бу.
Цхьа малх бу серло лург вайна.
Парг1ато, безам, вайн ирс цхьаъ ду.
Халонаш вай йоькъуш лайна.
Оцу ойлано, кхетамо яхчайо Заьуддин амал, хьалаойъу цуьнан патриотически дог-ойла. Къаьсттина мехала ду поэми т1ехь шина доттаг1чо Заьудди а, Козуба а мостаг1чун тылехь гайтинчу хьуьнарех лаьцна дийцар. Мостаг1чо гобича, граната а оьккхийтий, царна кара ца воьдуш ле.
«Захар» поэма нохчийн литературехь Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1амехь лаьттинчу б1аьхочун васт дилларехь йоккха кхиаме г1улч ю».
VII. Оценкаш йохку, комментари еш.
VIII. Ц1ера болх: Поэма ешна чекхъяккхар. Учебника аг1о 175-176 (анализ еша).

 Урок кечйинарг - ПЕТИРОВА Таиса

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных