Menu


Поэтан дахар а, кхолларалла а

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Оха кхид1а хьо нохчийн меттан урокаш йовзийтар (38-гIа урок).
Урокан цIе: Сулаев Мохьмад «Ламанан хи».
Урокан Iалашо: 1. Сулаев Мохьмадан дахарх а, кхоллараллах а лаьцна кечйинчу презентацех пайда а оьцуш, яздархо вовзийта; цуьнан произведенеш талларца, чулацам, маьIна, исбаьхьаллин башхаллаш дешархошка дIакхачоран болх дIабахьа.
2. Сулаевн литературни корматаллехь коьрта Iалашо билгалъяккха, исбаьхьаллин башхал-
лаш къасто.
3. «Ламанан хи» цIе йолу байт къастош ешарца, чулацаман маьIна довзийтарца боьзна болу болх дIабахьа.
Урокана оьшу гIирс: Сулаев Мохьмадан дахарх, кхоллараллех лаьцна презентаци, «Ламанан хи» цIе йолу байтан чулацамца нисдина суьрташ, тептарш, дошамалгаш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамIдаран гIирс, керлачу дешнашна слайдаш.
Урокан тайпа: Керла хаарш довзийтаран урок.
Урок дIаяхьар
I. Догдаийтаран мур.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализаци яран мур.
1. Сатуев Хьусайнан дахарх, кхоллараллех дешархоша боцца хаам бар.
2. «Лаьмнийн къоналла» цIе йолу стихотворени дагахь йийцийтар.
3. Стихотворенин чулацам хаттаршца къастор:
а) «Лаьмнийн къоналла» цIе йолу байт тIехь муха гайтина авторо шен Даймахке болу безам?
аь) ХIун ойла кхоллало шун даг чохь оцу стихотворенин могIанаш дешча?
б) «Лаьмнийн къоналла» аьлла поэто цIе тилларан бахьана хIун ду?
в) Кхин хIун цIе тилла мегар дара оцу стихотворенина?
4. Шерра ешар тIехь тобанашца къовсадалар дIадахьар.
5. Пейзажах лаьцна хьехархочо хаам бар.
Литературан произведенехь исбаьхьчу дешнашца хIоттийначу Iаламан суьртах пейзаж олу.
Исбаьхьаллин произведенехь Iаламан суьрташ гайтар доккха маьIна долуш ду. Пейзажо яздархочунна гIо до буьйцуш болу хиламаш муьлхачу меттехь, маца хилла гайта. Оьшучу меттехь Iаламан васто яздархочунна гIо до буьйцуш болу хиламаш муьлхачу меттехь, маца хилла гайта; дахарехь хуьлу диканиг а, вониг а гучу а доккхуш, церан дуьззина сурт хIотто. Масала: «Лаьмнийн къоналла» цIе йолчу шен стихотворенехь Сатуев Хьусайна Нохчийчоьнан лаьмнашкахь, ярташкахь бIаьсте тIеярца денлуш, хазлуш долу Iаламан сурт гайтина. Iаламан дендалар гойтуш, иштта дешнаш даладо поэта: «БIаьсте кхечи, зевне хьеший кхайкхи, дитташа заза хийци, духар цIинди, даг чу ирсан цинцаш дегади».
Иштта исбаьхьа хIоьттинчу бIаьстенан пейзажо вайн дегнашкахь даккхийдеран, хазахетаран ойланаш кхуллу.
III. Урокан керла коьчал йовзийтар.
1. Сулаев Мохьмадан дахар, кхолларалла йовзуьйту хьехархочо цунна лерина кечйина презентаци гайтарца:
Нохчийн ширачех а, яккхийчех а лоручу ГIойтIахь ахархочун доьзалехь вина Сулаев Мохьмад. Соьлжа-ГIалахь юккъерчу ишколехь хьалхарчу классехь дешначул тIаьхьа Iалхан-ГIаларчу берийн цIийнехь дийшира цо. Бакох Азербайджански медицински институтехь доьшуш волуш язйина цо шен дуьххьарлера стихотворени. Дешна ваьллачул тIаьхьа дуьйна лоьран а, поэтан а сийлахь гIуллакхаш кхочушдеш схьавеъна иза.
Нохчийн литературин бухбиллархочо Бадуев СаьIида дакъалецира Сулаев Мохьмадан поэтически говзалла лакхаяккхарехь.
Сулаев Мохьмадан ненада Мохьмад вайнехан туьйранаш а, шира хабарш а дика хууш, маттана сов говза стаг вара, иштта говза яра цуьнан нана Роза а. Цу шимма доккха дакъалецира хинволчу поэтан кхетам шорбеш кхиорехь.
Тайп-тайпана ю Сулаев Мохьмадан кхоллараллин корматалла. Стихаш а, дийцарш а, повесташ а, романаш а язйина ца Iаш, цо кхечу къаьмнийн тоьлла произведенеш вайн матте яьхна, критически белхаш а язбина. Амма коьртачу декъана иза лирик вара.
Поэтан кхоллараллехь йоккха меттиг дIалоцу винчу мехкан лаьмнийн, яртийн, хин, шовданийн, хьаннийн хазалла, исбаьхьалла гайтаро, цаьрга безам кхолларца поэта кхайкхам бо уьш Iалашдаре, лардаре. Шен махке болу безам поэта Iаламан суьрташца нисбо. Ишттачех ю «Ламанан хи» цIе йолу стихотворени. Оцу стихотворенин чулацамехь доккха маьIна долуш ойла ю: хIордах дIауьйш долу хи санна, Даймахках, цуьнан Iаламах шен дог дIаийна лору поэта.
Ирс долуш ву иштта Даймехкан, халкъан дуьхьа шен ницкъкхочу гIуллакхаш а деш, вехаш волу стаг!
2. Дешархошна ламанан хих лаьцна кечйина слайдаш гайтарца урокан керла коьчал билгалъяккхар.
3. «Ламанан хи» стихотворени хьехархочо ешарца йовзийтар.
4. Керлачу дешнийн маьIна къастор слайдашца (аьтто болчохь сурт гойтуш):
букара – кхузахь: айалуш-лахлуш хинан керчар;
жовхIарийн тхи – лепаш, дIасакхийсалуш долу хин цинцаш, кегийра тIадамаш.
IV. Iамийнарг тIечIагIдар.
1. Дешархошка шайга байт ешийтар (185-186-гIий агIонаш).
2. Чулацам хаттаршца къастор.
а) Муха хIоттийна поэта хин васт? Хи дийна долуш санна хетий шуна?
аь) ХIунда хета поэтана шен дахар ирсе, стенца дусту цо шен ирс?
б) Стенах тарбо авторо ша вина мохк а, берриге Даймохк а?
в) Муха хийцало хин дIадахар кхечу хих кхетча а, цунах дIакъаьсташ а?
г) ХIун маьIна ду цуьнан?
гI) ХIунда лору поэта хIордах дIакхетча хи ирс долуш?
д) Муьлха хи ду вайн республикехь хIордах дIакхеташ?
3. Тобанашца шерра ешар тIехь къовсадаларш дIадахьар.
4. Дешархошка къастош меттигаш ешийтар.
а) Шен Даймахке болу безам Iаламан вастаца муха гойту поэта? Схьа а лахий, дIадеша и могIанаш.
аь) Билгалъяха стихотворени тIехь йолу эпитеташ, тептарш тIе дIа а язъеш.
5. Стихотворенехь дуьйцучу ламанан хица юьртахь охьадогIу хи дустар.
V. Урокан жамI дар.
1. Муьлха яздархо вевзира вайна тахана?
2. Цуьнан дахарх, кхоллараллех лаьцна хIун хиира?
3. Уггаре а дика стихотворени ешнарг муьлха вара?
4. Дешархойн хаарийн мах хадор.
VI. Рефлексин мур.
1. Урокехь суна дика хеттарг дара…
2. Суна дика цахеттарг…
3. Суна атта хеттарг…
4. Суна хала хеттарг…
5. Iалашоне кхачийнарг…
VII. ЦIахь: стихотворени дагахь Iамо (185-186-гIий агIонаш), чулацамца догIу сурт дилла.

Марьям ГАЙРБЕКОВА

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных