Menu


БIаьстенах ойланаш

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Оха кхид1а хьо нохчийн меттан урокаш йовзийтар (39-гIа урок)
Урокан цIе: Суьртах лаьцна «БIаьсте» цIе йолу сочинени язъяр.
Урокан Iалашо: 1. Шеран заманех, бIаьстенан Iаламах лаьцна йолу произведенеш карлайохуш, бIаьстенан билгалонаш къасто, суьрта тIехь дийцар хIоттош, дозуш долу къамел кхиор тIехь болх дIабахьа.
2. Грамматически бакъонашца низам лардеш, йозанца белхаш кхочушбан.
3. Iаламан хазалла, цуьнан исбаьхьалла гайта а, Даймехкан хазна ларъян а, цуьнга болу безам чIагIбан а, кхоччуш мах хадо Iамо а.
Урокана оьшу гIирс: бIаьстенан суьрташ, дошамаш, тептарш, къастийна байташ, кицанаш, бIаьстенан Iаламан суьрташ тIехь слайдаш.
Урокан тайпа: дозуш долу къамел кхиоран урок.
Урок дIаяхьар
I. Догдаийтаран мур.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализаци яран мур.
1. БIаьстенах лаьцна хьалха Iамийна байташ дагалацар.
2. Церан чулацам хаттаршца къастор.
3. Кицанаш, хIетал-металш далор бIаьстенан Iаламах лаьцна, церан маьIна дар.
а) Ойла йича, произведенийн чулацаман маьIна дича муха сурт хIутту шуна бIаьргашна хьалха?
аь) Хазахетий шуна шеран и зама? ХIунда?
б) ХIун тайпа басаршца, муьлхачу дешнашца билгалдоккху яздархоша, суртдиллархоша бIаьстенан Iаламан сурт?
III. Урокан коьчал тIехь болх.
1. Ешначу байт тIехь алсам муьлха къамелан дакъош дара далийна?
2. Хандешнаш алсам хилар муха билгалдолу?
3. Тептарш тIе дIаязде къастийна хандешнаш.
4. Барта, бIаьргаш дIа а къевлина, ойланца хIоттадел бIаьстенан Iаламан сурт.
5. ХIун тайпа дустаран гIирсаш гучубовлу вайна бIаьстенан Iаламах лаьцна сурт хIоттош?
6. Сатуев Хьуьсенан «Лаьмнийн къоналла» цIе йолу стихотворенин цхьана байтан маьIна дар:
Винчу махка бIаьсте кхечи,
Хазчу йоIал хаза ша,
Шеца кхайкхи зевне хьеший –
ЦIенчу иллин олхазарш.
IV. Урок тIечIагIъяр.
1. Слайдашца гойтучу суьрташ тIехь барта предложенеш хIиттор.
а) Суьрташ тIехь бIаьстенан Iалам гуш, арахь гуш долу сурт цхьанадоьзча хIун ала мегар ду? (самукъне, сирла ойланаш кхуллуш, хазахетар совдоккхуш, дог ловзадоккхуш сурт ду ала мегар ду).
аь) Суртдиллархочо муьл-
хачу басаршца гайтина бIаьстенан Iалам?
б) Шуна муха хийтира хIара сурт. Билгалъяха шайн а, авторан а ойланаш, синхаамийн агIонаш.
2. Дешархошка йозанца белхаш кхочушбайтар тептарш тIехь.
3. Оьшучохь хьехархочо гIо лацар.
V. Урокан жамI дар.
1. Муьлхачу коьчал тIехь белхаш бира вай урокехь?
2. Къаьсттина муьлха болх бо шун даго къобал, кхачам боллуш хеттарг?
Дешархоша йозанца кхочушбан болийначу белхийн жамI дар.
VI. Рефлексин мур.
1. Урокехь суна дика хеттарг дара…
2. Суна дика цахеттарг…
3. Суна атта хеттарг…
4. Суна хала хеттарг…
5. Iалашоне кхачийнарг…
VII. ЦIахь: сочиненин белхаш чекхбаха а, Iамийна произведенеш карлаяха а.

ГАЙРБЕКОВА Марьям

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных