- Категория: Чеченский язык
- Просмотров: 593
Матто йина чов йоьрзуш яц.
Оха кхид1а хьо нохчийн меттан урокаш йовзийтар (40-гIа урок).
Урокан цIе: Классал арахьара дешар. Сулаев Мохьмад «ТIехтохар».
Урокан Iалашо: 1. Хьалхарчу урокашкахь бина кечам толлуш, Iамийначу произведенийн чулацам къастош тобанашца болх дIабахьа, дехкинчу суьрташна таллам бан.
2. Дешархошна «ТIех-тохар» цIе йолу Сулаев Мохьмадан керлачу произведенин чулацам бовзийта, йохье бийларца маьIна къастош таллам бан Iамо.
3. Хаарш дахарехь нислучу юкъаметтигашкахь тидаме эца, довза болу лаам кIаргбан.
Урокана оьшу гIирс: тептарш, дошамалгаш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамIдаран гIирс, керлачу дешнашна слайдаш.
Урокан тайпа: керла хаарш довзийтаран урок.
Урок дIаяхьар
I. Догдаийтаран мур.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализаци яран мур.
1. Хьалхарчу урокашкахь Iамийнарг дагалацар, чулацам бийцар.
2. Лирически произведенеш билгалъяхар.
3. Библиотекера ешна книгаш йийцаре яр.
а) Муьлха книгаш йовза а, хIун тайпа яздархойн произведенеш еша а аьтто хилира шун?
аь) ХIун ойла кхоллаелира шун даг чохь и произведенеш ешар хьокъехь?
б) Ешначу произведенийн чулацам талларца шуна зеделларг хIун дара?
в) Коьрта турпалхойн амалшкахь шайн дахарехь масал эца билгалдаьлларг хIун дара шуна?
III. Урокан керла коьчал йовзийтар.
1. Тахана классал арахьара дешарна къастийна долу Сулаев Мохьмадан «ТIехтохар» цIе йолу туьйра довза таро хир ю вайн.
а) ТIехтохар боху дош муха кхетадо аша, хIун ду цуьнан маьIна?
аь) ТIехбеттамаш бар нийса хетий шуна?
б) Мегар дуй цхьана а хIуманан тIехь тIехтохарца стагана вас ян?
в) Дагалацал, аша йиний цхьанна а тIехтохарца чов?
2. Дешархошка кицанан маьIна дайтар.
«Уьрсо йина чов йирзина, матто йинарг ца йирзина»
3. Хьехархочо дешарца туьйранан чулацам бовзийтар дешархошна.
IV. Iамийнарг тIечIагIдар.
1. Чулацам хаттаршца къастор.
а) ХIун тайпа бохам баьлла хилла юьртахь?
аь) Карийний юьртахошна къиза саьрмак эшо майра цхьа а?
б) Даттас саьрмакна шен цхьаъ бен йоцу йоI дIаяларан бахьана хIун дара?
в) Лулахочо НедаргIас Даттина бина тIехтохам нийса хийтирий шуна?
г) Саьрмакера йоI схьаяккха новкъа ваьллачу дена хIун тайпа халонаш нисло?
гI) Халонаш ловш цунна накъостий хилла дIахIуьттурш хIун яра? (ножан коьжалг, ножан-дитт, тобалкх-зезаг, цIирцIирхьоза).
д) Туьйранан чаккхе муха яра? Ерзийрий дас шен йоI цIа?
е) ТIехбеттамаш беш хиллачу НедаргIина хIун хилира?
ё) ЦIирцIирхьозанна хIунда ца лиира тIулг хилла лаьтташ волу НедаргIа денван?
2. Дешархошка къастош меттигаш ешийтар.
а) Лулахочо Даттина тIехтохар. Схьа а лахий, дIадеша и могIанаш.
аь) ТIехбеттамаш барх даьлла зулам гойту меттиг лахий, дIаеша.
б) МаьIна де цIирцIирхьозано аьллачу дешнийн:
«ХIан-хIа! ХIан-хIа!.. ТIехтохар дика дац!.. ТIехтохар дика дац! – аьлла, йоьIан белша тIера айаделла, маса дIадедира стигалхула цIирцIирхьоза, кхин юха а ца дан, Наж-дитт долчухьа Iалашо а лаьцна.
V. Урокан жамI дар.
1. Муьлха туьйра девзира шуна урокехь?
2. Туьйранан чулацам муха хийтира шуна?
3. МаьIна муха дан мегар ду цуьнан чулацаман?
4. Авторан коьрта Iалашо муьлха яра?
5.Дешархойн хаарийн мах хадор.
VI. Рефлексин мур.
1. Урокехь туьйранца билгалдаьккхинарг дахарехь оьшур ду аьлла хетий шуна?
2. Дагахь латто декхарийлахь дерг хIун ду аша?
VII. ЦIахь: туьйра деша, чулацам хаа (325-337-гIий агIонаш), чулацамца догIу сурт дилла.
ГАЙРБЕКОВА Марьям