Menu


Халкъан барта кхоларалла

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Лараме хьехархой! Оха зорбане яха йолайо 9-чу классана лерина йолу нохчийн литературин урокийн поурочни планаш. Тешна ду аша царах пайда оьцур хиларх.
1-ра урок
Урокан цIе: Нохчийн халкъан барта кхолларалла а, тайпанаш а.
Урокан Iалашо: 1. Хьалхарчу классашкахь нохчийн барта произведенеш Iамош дешархойн кхолладелла хаарш карла а дохуш, кIарг а деш, кхин керла хаарш дала.
2. Нохчийн фольклоран дерриге а тайпанаш довзуьйтуш, хIора тайпанах кхоччуш кхетам бала.
3. Исбаьхьаллин литературиний, барта кхоллараллиний юккъера къастамаш бовзийта, къоман барта кхоллараллин мехаллех дешархой кхетабан.
Урокана оьшу гIирс: нохчийн халкъан барта кхоллараллина лерина презентаци, тептарш, дошмалгаш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамIдаран гIирс, керлачу дешнашна слайдаш.
Урокан тайпа: керла хаарш довзийтаран урок.
Урок дIаяхьар
I. Догдаийтаран мур.
Iилма довза лаам белахь, Кхочур ду вай генна лорах. Шира зама йовза лаахь, Таллам беш вайн дер ду карах.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализаци яран мур.
1. Хьалхарчу классашкахь халкъан барта кхоллараллах лаьцна девзина хаарш карладахар.
2. Iамийна произведенеш дагалацар, таллар.
3. Хаттаршца барта кхолларалла йовзарца доьзна долу хаарш къастор.
а) Автор вуй барта кхоллараллин произведенийн?
аь) Оцу произведенийн исбаьхьалла стенца йолу гучу?
б) ХIун башхалла ю халкъан барта кхоллараллин?
в) Коьрта Iалашо муха яккха мегар ду билгал?
г) Дустарца сурт хIоттор муха ду?
гI) ХIун го вайна къоман барта произведенешкахь?
III. Керлачу хаамех дерг довзийтаран мур.
I. Хьехархочун презентаци гайтарца дешархойн хаарш кIаргдарна лерина хаам.
Къоман дахарехь мехала хазна ю ненан мотт, барта кхолларалла, исбаьхьаллин литература, культура. БIешерашкахь адамашна юкъахь кхиъна гIиллакх-оьздангалла, беркате ламасташ, халкъан кхетам а, ойла а ю цаьрца.
«Къоман культуро чулоцу цуьнан мотт, дин, духар, болар, лелар, юкъара гергарлонаш, доттагIалла, зуда ялор, дIаерзор, доьзалан юкъаметтигаш, велларг дIаверзор, Iалам лардар, гIиллакхаш, амалш. Оцу а, кхечу а билгалонашца го къоман культура… Амма царна юккъехь коьрта, хьалхара меттиг дIалоцу литературо».
Йоза а, йозанан литература а кхиале дуккха а хьалха кхоьллина ю барта произведенеш. Дахарехь хилларг я хила тарлуш дерг, адамо лайнарг, еххачу хенахь зеделларг ду халкъан барта кхоллараллехь.
2. Урокан керла коьчал а, Iалашо а дешархошка шайга билгалъяккхийтар.
а) Алал, стенах лаьцна керла хаарш девзар ду вайна хIокху урокехь, кIорггера уьш довза хIун тайпа Iалашо оьшу вайна? аь). Фольклор бохучу дашах муха кхета шу?
3. Хьехархочо халкъан барта кхоллараллин тайпанаш довзийтар, юкъара кхетам балар.
Тайп-тайпана а, дуккха а жанрашкахь а ю къоман барта произведенеш: туьйранаш, дийцарш, иллеш, эшарш, аларш, кицанаш, хIетал-металш, тидамаш, узамаш, тийжамаш, сардамаш… Халкъо кхоьллина ерриг произведенеш чулоцуш ю «халкъан барта кхолларалла» я «фольклор».
«Фольклор» дуьненахь а лелаш, дуккха а къаьмнийн юкъара дош ду. Иза ингалсан маттара схьаэцна, цуьнан шен маьIна халкъан хьекъал я халкъан кхетам бохург ду.
Барта произведенешкахь билгалбовлу халкъан лаамаш, сатийсамаш, гIайгIанаш-баланаш, хазахетарш-халахетарш, цо лайна вон а, дика а. Халкъан кхетам, дегайовхо ю барта кхоллараллехь
IV. Керла хаарш тIечIагIдаран мур.
1. Хаттаршца хаарш таллар.
а) Стенах олу халкъан барта кхолларалла?
аь) Адамашна юкъа муха яьржа барта произведенеш?
б) Хьалхарчу классашкахь Iамийначарах къастийнарш муьлхарш ю?
в) Къасторан бахьана хIун ду?
2. Халкъан барта произведийн тайпанаш билгалдахарца боьзна болх, кхетам марсабаккха лерина болу, тобанашца дIабахьар (мозговой штурм).
№ Барта произведенеш Тайпанаш
1 «Тамашийна олхазар».
2. «Кхо ваша».
3. Стеган дагара матто схьадуьйцу.
4. ГIиллакхца бен къонах хилла вац.
5. Бешшехь аьчках со бина, Куьйгаш, когаш ца дина. Коьрте кхаччалц аннех бетта, Къа ца хеташ, жIов тIеетта (хьостам).
6. ХIетал-метал хаийла хьуна: даима стигал хьала хьоьжург (туьнталг).
7. «Таймин Биболатан илли».
8. «Эвтархойн Ахьмадан илли».
9. «Ницкъ болу Солса»
I0. ЭттIа хIумнаш тIехь ю цунна, - Бешахь лаьтта тентак санна, Де – буьйса цо доккху арахь, ХIун ю иза ахьа алахь? (мунда)
11. Хьо хьайна мел хьекъале хетахь а, дикачу хьехаре ладогIа.
12. «Гермачигара наьрташ».
13. «Майра кIант Сулима».
14. «Тимуран тур».
3. ТIаьххьара ши произведени юкъайогIий халкъан барта кхоллараллина? ХIунда?
4. МаьIна де хIокху байтан. Дийца, муьлха барта кхоллараллин тайпанаш дисина юкъадалоза?
Иллеш, эшарш, шира дийцарш, хабарш, аларш, туьйранаш, тийжмаш, кицнаш, хIетал-металш ду фольклоран тайпанаш.
5. Учебник тIера, инсерт кепехь билгалонаш а еш, текст ешар.
6. Фольклоран билгало а, барта произведенийн тайпанаш а тептарш тIе дIаяздар.
7. Ловзаран кеп «Лаха нийса жоп» (произведени къастош тайпа билгалдаккхар).
V. Урокан жамI дар.
1. Муха хийтира шуна тахана урокехь бина болх ?
2. ХIун ойла кхоллаелира шун барта кхоллараллин произведенеш къастош?
3. МаьIна муха дара церан чулацаман?
4. Дешархоша бинчу белхан мах хадор.
VI. Рефлексин мур.
1. Урокехь суна дика хеттарг дара…
2. Суна дика цахеттарг…
3. Суна атта хеттарг…
4. Суна хала хеттарг…
Хаттаршна жоьпаш йозанца кехаташ тIехь гайтар.
VII. ЦIахь: къастош барта произведенеш еша, тайпанашна кластер хIотто.

ГАЙРБЕКОВА Марьям

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных