- Категория: Чеченский язык
- Просмотров: 3081
Халкъан барта кхолларалла
Оха кхидIа хьо 9-чу классана лерина йолу нохчийн литературин урокийн поурочни планаш йовзийтар (2-гIа урок).
Урокан цIе: Сийлахь баккхийчу яздархоша а, Iилманчаша а шайн кхоллараллехь нохчийн барта произведенех пайдаэцар.
Урокан Iалашо: 1. Халкъан барта кхолларалла йовзарца доьзна долу дешархойн хаарш талла, цIахь къастийна произведенеш йийцаре ян.
2. Оьрсийн яздархоша а, Iил-
манчаша а шайн кхоллараллехь нохчийн барта произведенех пайдаэцар билгалдаккха а, лаккхара мах хадор тIечIагIдан а. Урокана оьшу гIирс: халкъан барта кхоллараллина лерина презентаци, оьрсийн яздархойн портреташ, тептарш, дошмалгаш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамIдаран гIирс, керлачу дешнашна слайдаш.
Урокан тайпа: керла хаарш довзийтаран урок.
Урок дIаяхьар
I. Догдаийтаран мур.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализаци яран мур.
1. Хаттаршца цIахь бина кечам таллар.
а) Стенах олу халкъан барта кхолларалла?
аь) Адамашна юкъа муха яьржа барта произведенеш?
б) Хьалхарчу классашкахь Iамий-
начарах къастийнарш муьлхарш ю?
в) Къасторан бахьана хIун ду?
2. Барта произведенийн тайпанаш билгалдахар масалш далорца.
3. Тайпанаш къасторца хIоттийна кластер таллар.
III. Керлачу хаамех дерг довзийтаран мур.
1. Сийлахь баккхийчу оьрсийн яздархоша а, Iилманчаша а шайн кхоллараллехь нохчийн барта произведенех пайдаэцарх хьехархочун хаам 19-гIа бIешо долалучу юьххьехь дIаязъян йолийна нохчийн барта произведенеш. Астраханехь 1816-1818-чу шерашкахь арадолуш хиллачу «Азиатский музыкальный журнал» тIехь дуьххьара музыкальни ноташца цхьаьна зорбатоьхна нохчийн халкъан шина эшарна. Цул тIаьхьа, I849 шарахь нохчийн ялх йиш ноташца дIаязйина И.А.Клингера, уьш муха лакха еза аьлла, хаамаш а белла цо. Иллеш Iаламат мехала жанр ю нохчийн барта поэзехь, къоман исбаьхьаллин дешан хазна ларалуш ду уьш. Къаьсттина лакхарчу исбаьхьаллица кхоьллина ду нохчийн лирически иллеш. Iилманчаша яздо: «Ширачу лирически иллийн шайн исбаьхьаллин мехалла цкъа а йовр яц. Дерриг а дуьненан поэзин хазни чу гIур ду вайн шира лирически иллеш, нохчийн халкъан кхолларалла гойтуш». Оьрсийн сийлахь – воккхачу яздархочо Л.Н.Толстойс I852-чу шарахь Давлетгирийн-эвлахь (хIинца Толстой-Юрт) дIаязйина нохчийн ши йиш. Нохчийн меттан дуьххьарлера грамматика язйинчу Iилманчас П.К.Услара а, цунна гIо деш хиллачу Досин Къедас а, нохчийн барта произведенеш дIа а язйина, царна шайн белхаш тIехь зорба тоьхна. ХIинцачул бIе шовзткъа шо хьалха Гуьржех, Тифлисехь, арахецначу «Сборник сведений о кавказских горцах» олучу издани тIехь оьрсийн маттахь зорбатоьхна хилла кхидолчу нохчийн иллешца цхьаьна «Нохчийн шира илли» а. ХIетахь оцу илли тIе тидам бахна баккхийчу оьрсийн яздархойн. Лев Толстойс шен доттагIчунна Iаламат говза поэт-лирик волчу Афанасий Фетана дахьийтина кхечу нохчийн иллешца цхьаьна и илли а, чIогIа лакхара мах а хадош.
2. Оьрсийн матте даьхна лирически иллеш довзийтар.
3. Чулацаман маьIна къастош болх дIабахьар, лирически исбаьхьалла билгалъяккхар.
VI. Керла хаарш тIечIагIдаран мур.
1. Тептарш тIе урокехь билгалъяьхна нохчийн барта произведенеш дIаязъяр.
2. Оьрсийн яздархоша, Iилманчаша барта произведенийн мах хадор билгалдаккхар.
3. Дешархошка произведенеш йоьшуьйтуш болх дIабахьар.
V. Урокан жамI дар.
1. Муха хийтира шуна тахана урокехь къастийна барта произведенеш?
2. ХIун ойла кхоллаелира шун уьш йоьшуш?
3. Муха кхетийра аша оьрсийн яздархоша халкъан барта кхоллараллин лаккхара мах хадор?
4. Дешархоша бинчу белхан мах хадор.
VI. Рефлексин мур.
1. Урокехь суна дика хеттарг дара…
2. Суна дика цахеттарг…
3. Суна атта хеттарг…
4. Суна хала хеттарг…
VII. ЦIахь: барта произведенеш къасто, йозанца тептарш тIехь таллам бан, кхоллараллин исторически бух тIехь реферат кечъян.
ГАЙРБЕКОВА Марьям