- Категория: Чеченский язык
- Просмотров: 1791
Туьйранаш
Оха кхидIа хьо 9-чу классана лерина йолу нохчийн литературин урокийн поурочни планаш йовзийтар
3-гIа урок
Урокан цIе: Туьйранаш. Инзаре-тамашийначу хIуманех лаьцна туьйранаш.
Урокан Iалашо: 1. Хьалхарчу классашкахь нохчийн барта произведенеш Iамош дешархойн кхолладелла хаарш карла а дохуш, кIарг а деш, кхин керла хаарш довзийта.
2. Нохчийн фольклоран дерриге а тайпанаш къастош, «туьйранаш» тайпанах кхоччуш кхетам бала.
3. Исбаьхьаллин литературиний, барта кхоллараллиний юккъера къастамаш бовзийта, къоман барта кхоллараллин мехаллех дешархой кхетон.
Урокана оьшу гIирс: халкъан барта кхоллараллина лерина презентаци, чулацамца нисдина суьрташ, тептарш, дошмалгаш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамIдаран гIирс, керлачу дешнашна слайдаш.
Урокан тайпа: керла хаарш довзийтаран урок.
Урок дIаяхьар
I. Догдаийтаран мур.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализаци яран мур.
1. Халкъан барта кхолларалла а, цуьнан маьIна а билгалдаккхар.
2. Тайпанаш къастош кластерца болх дIабахьар.
3. Хьалхарчу классашкахь Iа-
мийна халкъан барта произведенеш дагалацар, чулацам хаттаршца къастор.
4. ХIора тайпанан маьIна, халкъо барта гайта лерина ойланаш талларца чулацам къастор.
5. Дешархошка туьйра дагалацийтар, дийцаре дар.
III. Керлачу хаамех дерг довзийтаран мур.
1. «Туьйранаш» тайпанах лаьцна хьехархочун хаам.
Шуьйра чулацам а болуш, тайп-тайпана ю вайнехан барта произведенеш. Коьрта долчу декъана хIорш ду нохчийн халкъан барта кхоллараллин тайпанаш: туьйранаш, иллеш, эшарш, тайп-тайпана дийцарш, аларш, тийжамаш, наьрт-аьрстхойх дийцарш, сардамаш, узамаш, кицанаш, хIетал-металш, тидамаш и дI.кх. царех хIора тайпа а къоман дахарехь кIорггера орамаш долуш, шайн чулацаман а, исбаьхьаллин а билггалчу башхаллашца къаьсташ ду.
- Царах тахана къасто лерина муьлха тайпа ду аьлла хета шуна? (туьйранаш).
Нийса боху. Туьйранаш барта кхоллараллин уггаре а даьржинчу тайпанех цхьаъ ду. Йоккха меттиг дIалоцу цара нохчийн къоман барта кхоллараллехь. Адамийн дахарх, гонахарчу Iаламах лаьцна долу тайп-тайпана хIуманаш шатайпанчу кепехь схьагойту туьйранашкахь. Акхаройх, хьайбанех, олхазарех лаьцна а хуьлу туьйранаш. Дуьйцург мухха делахь а, шайн маьIница адамийн дахаран ойла йойтуш ду уьш.
Диканиг, сийлахьниг, адамна пайдениг чIагIдо туьйранашкахь, вочунна, зуламечунна дуьхьал къийсам латтабо. Халкъо даима а толадо шен туьйранашкахь вонал дика, харцонал бакъо, сийсазчул сийлахьниг. Муьлххачу а къоман туьйранашкахь а вонал дика толош ду. Халкъан кхетамехь цкъа а тола ца еза харцо. Бакъоно эшош хила еза иза. Туьйранан турпалхой дукха хьолахь къинхьегаман нах хуьлу, цара гуттара а гIийлачун, мискачун гIо лоцу, харцонна дуьхьалбовлу, бакъонехьа къийсам латтабо, нийсо ларъеш, харцо эшайо. Иштта дара лахарчу классашкахь аш Iамийна туьйранаш: «Кхо ваша», «Барзо Iахарца мохк къовсар», «Тамашийна олхазар», кхидерш а.
Шайн чулацаме хьаьжжина туьйранаш хуьлу инзаре-тамашийначу хIуманех дуьйцуш, дийнатех лаьцна, Iер-дахаран хьокъехь дерш. Дукха хьолахь туьйранашкахь гойтуш хуьлу борз, ча, лом, цхьогал, пхьагал, зу, нал, сай, ткъа иштта говр, сту, уьстагI, газа, жIаьла, цициг; олхазарш: аьрзу, котам, маккхал, куьйра, бухIа, чIегIардиг, кхидерш а.
Инзаре тамашийна, бакъ хила йиш йоцу хIуманаш а бакъдолуш санна хаздеш, ладогIа дог доуьйтуш дуьйцу туьйранашкахь. Гойтуш дерг хIуъу делахь а, цара ойла йойту адамийн юкъаметтигийн, Iер-дахарехь нислучу гIуллакхийн. Адамийн ойланаш, дегайовхо го туьйранашкахь, билгалйовлу къоман амалш, гIиллакхаш, оьздангалла. Мел яккхий халонаш тIехIиттича а, адамо диканах дог цадиллар, паргIато, маршо тIекхочург хиларх тешар го туьйранашкахь.
Туьйранаш дукха хьолахь чолхе чулацам болуш хуьлу. Турпалхочунна дукха халонаш тIеIиттало. Нийсо ян, харцо эшо араволу туьйранийн турпалхо. Яккхий дуьхьалонаш эшош, ондда хьуьнарш гойтуш, шен Iалашоне кхочу иза. Туьйранин сюжет тайп-тайпанчу хиламех лаьтташ а, сиха кхуьуш а хуьлу. ЛадогIа дог доуьйтуш, кхидIа хIун хуьлу техьа бохучу ойланехь латтаво цара ладугIуш верг. Хазачу маттаца кхоьллина, шайн къеггина исбаьхьалла йолуш ду уьш.
Нохчийн туьйранаш къоман барта кхоллараллин мехала цхьа дакъа ду.
2. «ЧингIаз» цIе йолу туьйранан чулацам бовзийтар (агIонаш 4-30-гIий).
3. Туьйранан чулацам тобанашца карлабаккхар.
4. Къастош меттигаш ешар тIехь болх дIабахьар.
VI. Керла хаарш тIечIагIдаран мур.
1. Туьйранех лаьцна дийцинарг хаттаршца таллар.
а) Халкъан барта кхоллараллин муьлха тайпанаш билгалдевлира вайна урокехь?
аь) Туьйранийн хIун тайпа башхаллаш евзира вайна?
б) Туьйранашкахь муха гайтина халкъо турпалхой?
в) Церан амалш, гIиллакх-оьздангалла гайтаран кеп муха ю?
2. «ЧингIаз» туьйра шайга дешийтарца яххьашца дешарна кечам бар.
3. Туьйранан чулацамца йоьзна синквейн хIоттаяр (тобанашца болх дIабахьар).
V. Урокан жамI дар.
1. Муха хийтира шуна тахана урокехь къастийна коьчал?
2. ХIун ойла кхоллаелира шун «ЧингIаз» туьйра доьшуш?
3. ХIун маьIна ду цуьнан чулацаман?
4. Дешархошка шайга шаьш бинчу белхан мах хадабайтар.
VI. Рефлексин мур.
1. Урокехь суна дика хеттарг дара…
2. Суна дика цахеттарг…
3. Суна атта хеттарг…
4. Суна хала хеттарг…
VII. ЦIахь: туьйранан чулацамна сурт дилла, кластер хIотто, къаьсттина хазахетта кийсак тептарш тIе дIаязъян.
ГАЙРБЕКОВА Марьям