- Категория: Чеченский язык
- Просмотров: 360
Ненан бIаьрхиш
Оха кхидIа хьо 9-чу классина лерина йолу нохчийн литературин урокийн поурочни йовзийтар (5-гIа урок)
Урокан цIе: «Ненан бIаьрхиш».
Урокан Iалашо: 1. Дешархоша цIахь бина кечам талла, йозанца тептарш тIехь хIоттийна шира дийцарш, церан чулацаман маьIна деш кечбина хаам талла.
2. Лаккхарчу исбаьхьаллица, меттан йоккхачу говзаллица, Даймахкана муьтIахь хилар гойту «Ненан бIаьрхиш» цIе йолу шира дийцар дешархошна довзийта.
3. Дийцаран чулацаман маьIна дарца шерра къастош дешар тIехь болх дIабахьа.
Урокана оьшу гIирс: «Ненан бIаьрхиш» дийцар тIехь хIоттийна экранизованни кийсак, чулацамца нисдина суьрташ, тептарш, дошмалгаш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамIдаран гIирс, керлачу дешнашна слайдаш.
Урокан тайпа: керла коьчал йовзийтаран урок.
Урок дIаяхьар
I. Догдаийтаран мур.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализаци яран мур.
1. ЦIахь кечам бан делла шина дийцаран «КIирдан бIаьвнаш», «Хьекъал долу зуда» чулацам шайн дешнашца дешархошка схьабийцийтар.
2. Дийцарийн чулацаман коьрта маьIна билгалдаккхар.
3. Хаттаршца чулацам карлабаккхар. «КIирдан бIаьвнаш».
а) Хьалха заманчохь мича меттехь хилла пхи бIов?
аь) И бIаьвнаш тIерлойн элийн хилар стенах хаьа?
б) ТIерлой хьалха заманчохь керстанан динехь хилар муха билгалдолу?
в) Iер-дахар муха хилла «ТIерлойн бIаьвнийн», «КIирдан бIаьвнийн» бахархойн?
г) ГIала йоттаран мах а, хьал а муха хилла церан?
«Хьекъал долу зуда».
а) Дас несарий дIаэхийтаран бахьана хIун дара?
аь) Нисъеларий мардена ша резаволу нус?
б) ЦIахь хьекъал долу зуда эшар муха билгалдолу?
в) Мардай, майрий бохамах хьалхаваккхар муха нисло несан?
г) Хьекъал долчу зудчо нийса хьесап дирий мардас даийтанчу хабаран?
4. Тобанашца къастош меттигаш йоьшуьйтуш болх дIабахьар.
III. Керлачу хаамех дерг довзийтаран мур.
1. Урокан керла коьчал йовзийтаран Iалашонца хьехархочо хаам бар (ненан, доьзалан юкъаметтигах, ненан доза доцу къинхетамах, безамах, марзонах лаьцна къамел).
2. Ненах лаьцна кицанаш дагалацар.
3. 8-чу классехь Iамийна Сулейманов Ахьмадан «Дахаран генаш» цIе йолу поэмин ненах лаьцна дуьйцу кийсак дагалацар.
- Хьо я хьайн бер? Муьлхарг ло ахь?
– Шега хаттахь дарц-мохо,
Ойла ца еш, нанас эр ду:
– Сан бер дитий, со дIахьо! –
4. «Ненан бIаьрхиш» цIе йолу дийцар тIехь хIоттийна экранизованни кийсак гайтарца чулацам бовзийтар.
5. Хьехархочо дийцаран текст ешар.
6. Керлачу дешнийн маьIна дар:
а) хьех – кхузахь: ламанан бож;
аь) гIагI – тIемалошна аьчкан чIагарех еш хилла бедар;
б) гоьмукъ – беха цамза, хьалхалера тIеман герз;
в) турс – кхузахь: тIамехь тур ца кхетийта лоцуш хилла аьчкан дуьхьало.
IV. Керла хаарш тIечIагIдаран мур.
1. Дешархошка дийцаран текст яххьашца ешийтар.
2. Хаттаршца чулацам къастор (тобанашца болх дIабахьар).
а) Хьанах лаьцна дуьйцу дийцар тIехь, муьлш бу цуьнан турпалхой?
аь) Муха кхиавора дас-нанас шайн цхьаъ бен воцу кIант?
б) КIант шен дений-нанний муьтIахь хилар, церан лаам ларбеш хилар муха го вайна дийцаран чулацамехь?
в) Церан лаам тIера кIант валар муха нисделира, хIун дара цуьнан бахьана?
г) Нене кIант тIамехь валар муха хаийтира тIемалоша дIа?
гI) «Ненан бIаьрхиш» аьлла дийцарна цIе тилларан хIун бахьана дара?
3. Дешархошка шайна чулацамах зеделларг дийцийтар.
4. Дийцар тIера къастош меттигаш ешийтар.
а) Меттан кIорггерчу говзаллица Iаламан исбаьхьалла гойту меттиг лахий, дIаеша.
аь) КIанта мостагIий хIаллакбеш сурт гойту меттиг къастае.
б) Нене кIант валар хаийта шийла кхаъ бохьуш тIемалой керта бахкар гойту могIанаш билгалдахий, яххьашца деша.
V. Урокан жамI дар.
1. Муха хийтира шуна тахана урокехь къастийна дийцаран чулацам?
2. ХIун ойла кхоллаелира шун и доьшуш?
3. ХIун маьIна ду цуьнан чулацаман?
4. Дешархошка шаьш урокехь бинчу белхан вовшашка мах хадабайтар.
VI. Рефлексин мур.
1. Урокехь суна дика хеттарг дара…
2. Суна дика цахеттарг…
3. Суна атта хеттарг…
4. Суна хала хеттарг…
VII. ЦIахь: дийцаран чулацам хаа, цуьнца догIу суьрташ дахка.
ГАЙРБЕКОВА Марьям