Menu


Халкъан хьекъал

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Оха кхидIа хьо 9-чу классина лерина йолу нохчийн литературин урокийн поурочни йовзийтар (8-гIа урок).
Урокан цIе: Кицанаш, хIетал-металш
Урокан Iалашо: 1. Халкъан барта кхоллараллин произведенешца, церан чулацаман кIорггера маьIна дарца дешархой кхетош-кхиор тIехь болх дIабахьа.
2. Урокан керла коьчална лерина «Кицанаш, хIетал-металш» цIе йолу презентаци гайтарца керла хаарш довзийта.
3. Бечу балхана вовшашна таллам бан а, жамI даран кепехь мах хадо Iамо а, халкъан барта кхоллараллин бух тIехь девзинчу хаарех дахарехь пайда эца Iамо а.
Урокана оьшу гIирс: Урокан коьчална лерина презентаци, тептарш, дошмалгаш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамIдаран гIирс, керлачу дешнашна слайдаш.
Урокан тайпа: керла хаарш довзийтаран урок.
Урок дIаяхьар
I. Догдаийтаран мур
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализаци яран мур
1. Дешархоша цIахь бина кечам таллар.
2. Баккхийчаьргара дIаяздина шира дийцарш, хабарш, аларш къастор.
3. Хьалхарчу урокашкахь Iамийначу ширачу дийцарийн чулацамца догIуш дехкина суьрташна таллам бар.
III. Керлачу хаамех дерг довзийтаран мур.
1. Нохчийн халкъан барта кхоллараллин хIун тайпа произведенеш евзира вайна хьалхарчу урокашкахь?
2. Барта кхоллараллин тайпанаш муьлхарш ду?
3. Дешархошка кластер тIехь урокан керла коьчал шайга билгалъяккхийтар.
Презентаци гайтарца хьехархочо урокан керла коьчал йовзийтар.
Iаламат мехала хазна ю халкъан кицанаш. Дукха хенахь дуьйна дахарехь зеделларг, адамо шен хьокъехь ойла йинарг, тидаме эцнарг ду кицанашка дерзийна. Доцца аьллачу, шайгахь къеггина маьIна долчу дешнех лаьтташ ду уьш. Шайн чулацаме хьаьжжина, тайп-тайпана ду кицанаш.
Халкъан юкъараллин дахарехь зеделлачух лаьцна кицанаш: «Ойла йоцуш динарг гIайгIа йоцуш дирзина дац»; «Хьайца схьалело цалуудерг нахаца дIа а ма леладе»; «Яхь йолчу дагехь хьагI хир яц»; «Майрачул майраниг а хир ву, хазачул хазаниг а хир ву»; «Дас хестинчу эро цхьогал ца лаьцна». Дешарх, хьекъалх лаьцна кицанаш: «Жимчохь Iамийна хIума тIулга тIе яздина йоза ду»; «Йоза доцу стаг шура йоцу аттах тера ву»; «Коьртехь хьекъал ца хилча, когаша къахьоьгу»; «Кхоччуш хьекъал долчун къамел доца хир ду».
ДоттагIаллех лаьцна кицанаш: «Эзар доттагI верг ваьлла, эзар сту берг вайна»; «Генара доттагI – йоьгIна гIала»; «Ваша ваша вац, и хьан доттагI а вацахь»; «ДоттагI элана а, мискачунна а оьшуш ву».
Къинхьегамах лаьцна кицанаш: «Аьхка – мало, Iай – хало»; «Тахана дан мегадерг кханенга ма тетта»; «Хьалххе гIаьттинчу Iуьнан жий шала бехкина»; «Болх бар – цхьа къинхьегам, цабар – ши къинхьегам».
ТIамах, девнах лаьцна кицанаш: «ТIамо воI ца вина, тIамо воI вийна»; «Зулам лехнарг зен вайна»; «Ирачу туьрана а оьшу дика да»; «Дов шар-худар дац»; «Стешхачу жIаьло тIехьашха катуху».
Халкъо кицанашкахь кхетам ло, диканиг хьоьху, вочух ларво. «Кхетаме доцу дош кица дац», - олуш ду. Къамелехь далийнчу кицано дуьйцург хаздо, тодо, цуьнан маьIна кIарг а деш, ладугIуш волчунна цунах кхета гIо до. Шен къамелехь догIуш долчохь кица дало хаар къамелана говза хилар, шен ойла кIеггина схьагайта хаар ду. Халкъан кицанаш хаа а деза, царах пайда эца а беза.
Халкъан барта кхоллараллин шатайпана жанр ю хIетал-металш. Цара цхьа хIума кхечу хIуманехула, шен аматашца къайлах йолчуьнца йогIучу хIуманца билгалйоккху. ХIетал-металша адамийн эс кхиадо, цхьа хIума кхечуьнгахула йовза Iамаво. Тайп-тайпана ду хIетал-металш: ХIетал-метал хаийла хьуна: вайн цIечу гIожа тIехь Iан кIайн котамаш? (Цергаш). ХIетал-метал хаийла хьуна: дуьненан архаш? (Некъаш). ХIетал-метал хаийла хьуна: дуьнен чохь доцу кхо хIума? (ХIордана тиллина тIай а дац, лаьттана тухуш догIа а дац, стигална хIоттийна лами а бац). ХIетал-метал хаийла хьуна: хуьл-хуьлуш - хингал, хилла даьлча - чIепалг? (Бутт). ХIетал-метал хаийла хьуна: къеначу стеган говр? (Iаса).
Дехха далош хIетал-металш а хуьлу, царех чолхе хIетал-металш олу. Масала: «ХIорд ловза а баьлла, хIордан кема доьхна. Цу тIера цхьа стаг хIордо цхьана гIайре тIе юьстахкхоьссина. Оцу гIайре тIехь шаберш зударий хилла, шайна юккъехь цхьа а боьрша стаг а воцуш. И зударий чIогIа хаза хилла, цхьа а, ирча ю аьлла, билгалъяккха зуда йоцуш. Зударша сацам бина, и стаг шайна зуламе вала тарло, цундела иза ирхъолла веза аьлла. Цу стага зударшка цхьа хIума аьлла. Зударша цул тIаьхьа, ца вуьйш, витина и стаг. ХIетал-метал хаийла хьуна: цу стага зударшка хIун аьлла?
(Стага зударшка аьлла, массарал ирча йолчо оллахьара ша хьала).
IV. Керла хаарш тIечIагIдаран мур.
1. Дешархошца учебник тIехь болх бар.
2. Хаттаршца урокан коьчалх болу хаам тIечIагIбар.
3. Дешархошка шайга кицанаш, хIетал-металш дагалацийтар.
4. Тобанашца кластер хIоттаяйтар.
I-ра тоба (кицанийн тайпанаш)
2-гIа тоба (хIетал-металийн тайпанаш).
V. Урокан жамI дар
1. Муха хийтира шуна тахана урокехь къастийна коьчал?
2. ХIун мехалла ю къоман кицанийн, хIетал-металийн?
3. ХIун маьIна ду церан чулацаман?
4. Дешархошка вовшашка бинчу белхан мах хадабайтар.
VI. Рефлексин мур
1. Урокехь со Iалашоне кхачийнарг…
2. Суна хаа лиънарг…
3. Мехала хеттарг…
4. Кхето хала хеттарг…
VII. ЦIахь: Кицанийн, хIетал-металийн тайпанаш хаа, шаьш дагалаца, тептарш тIе дIаяздан.

ГАЙРБЕКОВА Марьям

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных