Menu


Фольклоран хазна

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Оха кхидIа хьо 9-чу классина лерина йолу нохчийн литературин урокийн поурочни планаш йовзийтар (11-гIа урок)
Урокан цIе: «Теркаца хьала-охьа вехаш хиллачу эла Мусостан, Адин Сурхон илли». Сурхон нана.
Урокан Iалашо:
1. Халкъан иллешкахь доьзалехь йолу юкъаметтиг гайтаран башхаллаш йовзийта, дахарехь царах масал эца а, ламасташ лардан а Iамо.
2. «Теркаца хьала-охьа вехаш хиллачу эла Мусостан, Адин Сурхон илли» цIе йолу халкъан барта произведенин чулацам къастош, коьрта турпалхочо Адин Сурхос ненаца лело ларам, ненан, кIентан сий лардеш гучуйолу амал гайта.
Урокана оьшу гIирс: халкъан барта кхоллараллина лерина презентаци, чулацамца нисдина суьрташ, тептарш, дошмалгаш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамIдаран гIирс, керлачу дешнашна слайдаш.
Урокан тайпа: хаарш тIечIагIдаран урок.
Урок дIаяхьар
I. Догдаийтаран мур.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализаци яран мур.
1. Иллин хазахетта дагахь Iамийна кийсак йийцийтар.
2. Къаьсттина и кийсак билгалъяккхаран бахьана гайтар.
3. Хаттаршца чулацам карлабаккхар.
а) Мила ву иллин коьрта турпалхо?
аь) Муха гайтина халкъо Адин Сурхон васт?
б) Стенца, муьлхачу хиламашца билгалдолу иза?
в) Юьртара тхьамданаша Адин Сурхо харцонна дуьхьал ваккха харжар нийса дарий?
г) Дустарца эла Мусостан, Адин Сурхон васт гайтаран сурт хIоттор муха дара?
4. Тептарш тIе дIаязйина эпитеташ, метафораш, гиперболаш, дустарш къастор.
5. Яххьашца иллин текст ешийтар (тобанашца къовсам)
III. Урокан коьчал тIехь болх дIабахьаран мур.
1. Хаттарца дешархошка шайга урокан коьчал билгалъяккхийтар.
Сурхон ненан васт гайтар муха ду иллин чулацамехь?
2. Презентаци гайтарца хьехархочун хаам.
Иллешкахь турпалхойн гIиллакх-амалш тайп-тайпанчу исбаьхьаллин гIирсашца билгалйоху. Масала, турпалаллин иллеш тIехь алссам хуьлу монологаш а, диалогаш а. Церан шайн маьIна ду иллешкахь буьйцучу турпалхойн амалш гучуяхарехь а, иллин маьIна кIаргдарехь а. «Теркаца хьала-охьа вехаш хиллачу эла Мусостан, Адин Сурхон илли» тIехь а ю шайн кIорггера маьIна долу диалогаш. Ма-дарра аьлча, оцу иллин коьрта чулацам а, турпалхойн васташ а диалогашкахь билгалдовлуш ду. Сурхон ненан оьздангалла, халкъана, махкана иза йист йоцуш муьтIахь хилар юьртан тхьамданашца а, шен кIантаца а цуьнан хиллачу къамелашкахь го вайна. Шега Сурхо веха баьхкинчу юьртан тхьамданашна иштта жоп ло цо:
Доллучу дуьнен тIехь сирла бIаьрг ва тоьхна,
Сема ла ва доьгIча, Сурхол сов амал дац,
ХIай юьртан тхьамданаш,Сурхо винчу со бабин.
Вехча ца вала вина вац сан жима ва Сурхо,
Вехча вала вина ву сан жима и Сурхо.
Нанна дукхавеза шен цхьаъ бен воцу кIант, Сурхол сов дуьнен чохь кхин хIума дац цуьнан, амма махкана, халкъана эшча, дог резадой, дIало цо иза. Юьртан тхьамданийн юьхьъяр хилла ца Iа Сурхон нанас иза царна валар. Даймехкан гIуллакх, халкъан гIуллакх коьрта ларар ду и. Даймохк Iалашбар, иза ларбар хIоранна а тIехь долу сийлахь декхар хилар чIагIдо иллешкахь, халкъан маршо, паргIато ларъяр коьрта лору. Даймехкан гIуллакхна юьстахлаьттачунна, иза хийра леринчунна неIалт кхайкхадо халкъо. Сурхон нана халкъан векал ю. Халкъан ойла ю цуьнан дешнашкахь гучуйолуш ерг:
Хьо вийхира ва соьга цу юьртан тхьамданаша,
Ас, вехча, велира хьо цу юьртан тхьамданашна.
ДегIаха мерза са цара хьайга ва дехахь,
Ахь даккхий дIалолахь дегIаха мерза са…
Иллин чулацамехь дерш халкъан ламасташ ду, царна муьтIахь хилар, уьш кхочушдар тIедуьллу баккхийчара кегийрхошна. Шен турпалхой хестабо халкъо иллешкахь: церан хьуьнарш, цара махкана а, халкъана а дина дика гIуллакхаш тIекхуьучарна довзийта, кегийрхой уьш санна хьуьнаре хилийта, царах масал эцийта.
IV. Керла хаарш тIечIагIдаран мур.
1 Дешархошка ненан васт гойту могIанаш дешийтар, маьIна дайтар.
2. Хаттаршца чулацам карлабаккхар.
3. Дешархошка шайна чулацамах зеделларг дийцийтар.
V. Урокан жамI дар.
1. Муха хийтира шуна тахана урокехь къастийна произведени?
2. ХIун ойла кхоллаелира шун и йоьшуш?
3. ХIун маьIна ду цуьнан чулацаман?
4. Дешархоша бинчу белхан мах хадор.
VI. Рефлексин мур.
1. Урокехь суна дика хеттарг дара…
2. Суна дика цахеттарг…
3. Суна атта хеттарг…
4. Суна хала хеттарг…
VII. ЦIахь: иллин текст яххьашца шерра ешар чIагIдан, чулацамах жима эссе язъян.

ГАЙРБЕКОВА Марьям

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных