- Категория: Чеченский язык
- Просмотров: 318
ДоттагIаллех лаьцна
Оха кхидIа хьо 9-чу классина лерина йолу нохчийн литературин урокийн поурочни планаш йовзийтар
Урокан цIе: Изложени «Дика доттагI».
Урокан Iалашо: 1. «Дика доттагI» цIе йолу изложенин текст къасторца дешархошка корматаллин белхаш кхочушбайта.
2. Грамматически бакъонаш карлайохуш, нийсаяздаран низам лардан Iамо.
3. Барта а, йозанца а къамел кхиор тIехь болх дIабахьа.
Урокан тайпа: дозуш долу къамел кхиоран урок.
Урок дIаяхьар
I. Догдаийтаран мур.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализаци яран мур.
1. ДоттагIаллех лаьцна дешархошца къамел.
2. Яздархоша шайн произведенешкахь доттагIалла, цуьнан тешаме хиларан масалш гойтуш сурт хIоттор (Iамийна произведенеш йийцаре яр).
3. «Дика доттагI» цIе йолу изложени язъян лерина текст хьехархочо ешарца йовзийтар.
Дика доттагI
Мохьмада тIех дика доьшу. Иштта шен накъосташна гIо а до цо. И волчу классехь доьшуш ву Султанов Ахьмад. Цунна арифметика ледаро хаьа. Мохьмада Ахьмадна гIо до. Цу шиммо цхьаьна йо цIахь ян елла урокаш.
Цхьана дийнахь Мохьмад школера цIа веара. Дений, нанний гIо а дина, арифметикан урок ян йолийра. Схьаийцира тетрадь а, задачник а. ПаргIат ойла еш, задача йира. Иштта йина евллера примераш а. ТIаккха цIеххьана цунна дагавеара Ахьмад:
– Ойн! Ахьмад а воцуш со-м дерриг дина ма вели! ХIунда ца веа-те иза? – бохуш, ойла йоьхна хьийзара Мохьмад.
Хан суьйренга лестинера. Шен накъост волчу вахара Мохьмад. И цIахь ца карийна, юхавирзира.
ХIара цIа веана дукха хан ялале, Ахьмад кхаьрга веара. Мохьмада хIумма а ца элира, ша арифметикан урок йина валарх. Ша и ца йича санна, юха а кхочушйира арифметика.
III. Изложени язъярна кечам бар.
1. Дешархошка чулацам схьабийцийтар.
2. Хаттаршца текстан чулацам къастор.
а) ЦIахь урокашна кечам беш муха гIо до Мохьмада шен доттагIчунна?
аь) Цхьана дийнахь Ахьмад ца вогIуш висча хIун дира Мохьмада?
б) Дегалацам боцуш ша бина кечам хаийтарий кIанта?
в) Белхаш кхочушбаран хьесап муха дара шина кIентан?
г) Шуна юккъехь дуй и тайпа доттагIалла?
3. Хьехархочун гIоьнца план хIоттор.
План
1) Мохьмадан а, Ахьмадан а дешар.
2) Мохьмада ша арифметикан урокана кечам бар.
3) Цунна Ахьмад дагавар.
4) Иза Ахьмад волчу вахар.
5) Дика доттагIа.
4. Планаца чулацам карлабаккхар.
5. Текст шолгIа ешар, грамматически нийсаязъяран бакъонаш тидаме а оьцуш.
IV. Йозанца белхаш кхочушбар.
1. Изложени тептарш тIе дIаязъяр.
2. Оьшучохь, дешархоша белхаш кхочушбеш, гIо лацар.
V. Урокан жамI дар.
Дешархойн йозанан белхаш схьагулбар.
VI. Рефлексин мур.
1. Суна атта хеттарг…
2. Суна хала хеттарг…
3. Суна хаа лиънарг…
VI. ЦIахь: Иллеш карладаха, чулацаман маьIна дан, къастийна кийсак дагахь Iамо.
ГАЙРБЕКОВА Марьям