Menu


Фольклоран хазна

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Оха кхидIа хьо 9-чу классина лерина йолу нохчийн литературин урокийн поурочни планаш йовзийтар (13-гIа урок)
Урокан цIе: «Аьккхийн Жанхотан илли». Иллин турпалхой.
Урокан Iалашо: 1. Халкъан барта кхоллараллин тайпанаш карладаха, Iамийнарг тIечIагIдан, дешархойн хаарш кIаргдан.
2. «Аьккхин Жанхотан илли» цIе йолу халкъан барта кхоллараллин чулацам къасто а, маьIна дарца халкъан ойла, лаамаш, сатийсамаш, дегайовхо билгалъяккха Iамо а.
3. Шера, къастош яххьашца дешар тIехь болх дIабахьа.
Урокан тайпа: керла хаарш довзийтаран урок.
Урокана оьшу гIирс: халкъан барта кхоллараллина лерина презентаци, чулацамца нисдина суьрташ, тептарш, дошмалгаш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамIдаран гIирс, керлачу дешнашна слайдаш.
Урок дIаяхьар
I. Догдаийтаран мур.
Генарчу замане хьошалгIа дахна,
Боккхачу лаамца лар толлуш лелла,
Хаарш вайн кIаргдийр ду иллешца доьзна,
Барта мел кхоьллинарг кочар тIе дузуш.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализаци яран мур.
1. «Теркаца хьала-охьа вехаш хиллачу эла Мусостан, Адин Сурхон илли» тIера къастош меттигаш ешийтар.
а) Юьртара тхьаьмданаша Адин Сурхо майра а, яхь йолуш а хилар билгалдоккху могIанаш схьа а лахий, дIадеша.
Дин дика ва беца цу Адин ва Сурхон,
Герз дика ва деца цу Адин ва Сурхон…
аь) Мусостан олалла дожон ваха араваларан сурт гойту меттиг.
Цу кIайчу гIовталца, Iаьржачу вертанца,
Чо чехка чола куй бIаьштиг тIе теIабеш…
2. Чулацам шайн дешнашца схьабийцар.
3. Шаьш билгалъяьхна меттигаш дешархошка маьIна дарца къастаяйтар.
4. Иллин исбаьхьаллин башхаллаш билгалъяхар.
Иллешкарчу турпалхойн гIиллакх-амалш диалогашкахь а гучуйовлу. Адин Сурхон, эла Мусостан а, Адин Сурхон, Мусостан вешин а диалогашкахь хаало царна юкъара башхаллаш, церан амалех дерг а: Адин Сурхон къамел собаречу, гIиллакх долуш волчу, оьздачу стеган къамел ду, ткъа эла Мусостан къамел кура а, шех тоам биначу стеган, шега хIуъу а далур ду, ша дийр а ду шена луъург, аьлла хеташ волчу стеган къамел ду. (Хьехархочо текста тIера масал даладо).
5. Илли дерзоран дешнашца дешархошка коьрта маьIна билгалдаккхийтар.
Ма лолда вай, кIентий, вовшех тешам байна,
Ма лолда вай, кIентий, вовшех безам байна,
Нанас дена ма волда яхь йоцу ва кIант,
И вича, ма кхиа яра дуьне ва даа,
Нанас дена ма волда яхь йоцу ва кIант,
И вича ма кхиа цу дийнахь делкъалца.
III. Керлачу хаамех дерг довзийтаран мур
1. Дешархошка шайга урокан керла коьчал билгалъяккхийтар.
Кхин хIун тайпа иллеш девза шуна: мукъамехь олуш, баккхийчара дуьйцуш хезна? Нохчийн иллешкахь буьйцучарех муьлха турпалхой бевза шуна?
(дешархоша цIераш йохуш билгалбоху иллешкара турпалхой)
2. Керла коьчал йовзийтарна лерина хьехархочун хаам.
Нохчийн иллешкахь буьйцучарах масех турпалхо ву «Аьккхийн Жанхотан илли» тIехь цхьаьна гайтина: Мадин Жаьммарза, Таймин Бийболт, Зайтан Шахмирза, Жумин Акхтулла, Баччин Элмарза, Аьккхийн Жанхот, Жерочун кIант, Оьрсийн кIант. Таймин Бийболт I9-чу бIешарахь ваьхна. Цундела оцу хенал хьалха кхоьллина хуьлийла дац иза. Тешам болуш, яхь йолуш хилар, нийсо лелош, гIийлачун гIо лоцуш, цхьалхачунна вошалла деш хилар кхайкхадо «Аьккхийн Жанхотан илли» тIехь.
3. Керлачу дешнийн маьIна дар (слайдаш гойтуш, дошмалгаш тIе дIаяздарца).
4. Иллин чулацам текст ешарца дешархошна бовзийтар.
5. Презентаци гайтарца иллин турпалхой бовзийтар; церан васташ, амалш билгалъяхар.
IV. Керла хаарш тIе-
чIагIдаран мур.
1. Тобанашца къовсадалар дIахьош дешархошка иллин текст ешийтар.
2. Хаттаршца чулацам къастор.
а) Нохчийн оьзда гIиллакх гайтар муха ду илли тIехь?
аь) Эхь-бехк ларар, сийлахь доттагIалла лардар муьлхачу могIанашкахь билгалдолу?
б) «Аьккхийн Жанхотан илли» тIехь турпалхойн васташ кхолларан хIун башхаллаш ю?
3. Халкъан барта кхоллараллехь автор цахилар тIечIагIдар. 4. Халкъан барта кхоллараллин исбаьхьалла билгалъяккхар. 5. Дешархошка яххьашца иллин текст ешийтар, шера ешар тIехь болх дIабахьар.
V. Урокан жамI дар.
1. Илли доьшуш чулацамехь къаьсттина билгалдаьлларг хIун дара?
2. Турпалхойх лаьцна дуьйцуш хIун ойла кхоллаелира шун?
3. Урокехь бинчу белхан мах муха хадор бара аша?
VI. Рефлексин мур.
1. Урокехь суна дика хеттарг дара…
2.Суна хаа лиънарг…
3.Iалашоне кхачийнарг…
4.Дахарехь оьшур дерг…
VII. ЦIахь: чулацам хаа, турпалхойн васташ къастош кластер кечъян.

ГАЙРБЕКОВА Марьям

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных