- Категория: Чеченский язык
- Просмотров: 322
Кхоллараллин болх
Оха кхидIа хьо 9-чу классина лерина йолу нохчийн литературин урокийн поурочни планаш йовзийтар (15-гIа урок).
Урокан цIе: «Иллешкарчу турпалхойн гIиллакх-оьздангалла» цIе йолу сочинени язъяр.
Урокан Iалашо: 1. Барта а, йозанца а дозуш долу къамел кхиор тIехь болх дIабахьа.
2. Грамматически а, логически а бакъонашца долу низам лардеш корматаллин белхаш кхочушбан; хаарш а, ойла а йозанца нийса гайта Iамо.
Урокана оьшу гIирс: тептарш, дошмалгаш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамIдаран гIирс, керлачу дешнашна слайдаш.
Урокан тайпа: корматаллин белхаш кхочушбен урок.
Урок дIаяхьар
I. ДОГДАИЙТАРАН МУР.
II. ДЕШАРХОЙН ДОЛЧУ ХААРИЙН АКТУАЛИЗАЦИ ЯРАН МУР.
1. Иллийн чулацам таллам беш карлабаккхар.
2. Халкъан барта кхоллараллин коьрта маьIна билгалдаккхар.
3. «Иллешкарчу турпалхойн гIиллакх-оьздангалла» цIе йолу сочинени язъян кечам бар.
4. ГIиллакхах лаьцна дешархошна стихотворени йовзийтар, чулацаман маьIна а деш.
ГIиллакхе стаг гича, бала а байлой,
Цамгарш а яйелла хIуьтту вай дIа.
Сингаттам дIаболий, юьхь нуьре кIайло,
Сихонца беша вайн кийрара ша.
ГIиллакхо дох а до, бузабо кийра,
Серло а туху вайн кортошна чу,
ГIиллакхе воцучун дош а ду шийла,
Декъазачарел а и декъаза ву.
ГIиллакхе волчунна кховдайо, боху,
БархIе а неI йоьллий ялсамане.
Ткъа массо неIарна дIатухий догIа,
И шегахь йоцчунна –жоьжахате.
Дехийла заманахь сингаттам боцуш,
Халкъана йовхо луш ирсе некъ беш,
Куралла, харцо а дегIаца йоцуш,
Махкана кхиаеш стом лато беш.
III. Корматаллин белхаш кхочушбаран мур.
1. Корматаллин белхаш кхочушбеш лардан деза низам билгалдаккхар.
2. Къастош, коьчалца йогIуш йолу меттигаш иллешкахь дешархошка тидаме эцийтар.
а) Юьртан тхьамданаша эла Мусосте тIехь йоцу ясакх ма яккхахьара аьлла дехар дар:
- Дакъаза ма вала, хIай эла ва Мусост,
Да эла хилла хьан, нана сту хилла хьан,
Хьо эла веца хьо, тхо Iаьржа нах деца,
Къа деца ва хьуна зударийн ва берийн,
Эхь деца ва хьуна хьо санна
Ва болчу элашна ва юккъехь,
Ма ехахьа ахь тхоьга тIехь йоцу ва ясакх!
аь) Юьртан тхьамданаша Сурхон нене Сурхо вехар:
Коьртара ва куйнаш шаьш кара ва эцна,
Гор-бертал ма ийгира и юьртан тхьамданаш.
Ша араелир, тов, Сурхо вина ва нана.
– Шу марша догIийла, хIай юьртан тхьамданаш!
Шу лаа леларий, шу тара леларий?
– Тхо лаа ма лела, тхо тара ма лела,
Хьоьга веха ма даьхкина хьан жима и Сурхо,
Вехча ло ахь тхуна хьайн жима и Сурхо, -
Олуш, лен бевли, тов, и юьртан тхьамданаш.
– Доллучу дуьнен тIехь сирла бIаьрг ва тоьхча,
Сема ла ва доьгIча, Сурхол сов амал дац,
ХIай юьртан тхамданаш,
Сурхо вину со бабин,
Вехча ца вала вина вац сан жима ва Сурхо,
Вехча вала вина ву сан жима и Сурхо, -
Олуш, чуяхар, тов, Сурхо вина и нана.
б). Нанас кIанте, кIанта юьртан тхьамданашка дина къамел:
- Со яла хьан, делаI, сан жима ва Сурхо,
Хьо вижий ма Iилла, сан жима ва Сурхо,
Вижна Iуьллу Iуьйре яц ва хьуна еанарг.
–ХIун хилла, хIун дина, со вижна ца Iилла?
Дийцахьа ахь суна, со вина сан нана.
– Хьо вийхира ва соьга цу юьртан тхьамданаша,
Ас вехча велира хьо цу юьртан тхьамданашна.
ДегIаха мерза са цара хьайга ва дехахь,
Ахь даккхий дIалолахь дегIаха мерза са, -
Олуш, лен ва яьлча ша вина шен нана,
Ша ара ма велира и Адин ва Сурхо.
- Шу марша догIийла, хIай юьртан тхьамданаш!
Шу даккхий дара-кха, со жима вара-кха,
Эхь-бехк хета ва суна, шу хьалагIовттийша,
ДегIара мерза са аш соьга ва дехахь,
Ас шуна дIадели дегIара мерза са,
Дог реза ва дина, хIай юьртан тхьамданаш, -
Олуш хьалагIовттийна и юьртан тхьамданаш:
- Балхабел аш соьга коьртера баланаш,
Мажаран тоьпаца ас каде ойур бу.
Елхаел аш соьга кийрара гIайгIанаш,
Дуткъачу туьраца ас каде йойур ю, -
Олуш, лен ма велира и Адин ва Сурхо.
в) Адин Сурхос эла Мусосте дина дехар.
г) «Аьккхийн Жанхотан илли» тIехь Баччин Элмарзас а, Оьрсийн кIанта а дина къамел.
гI) Инарлин йоIа дина дехар а, Мадин Жаьммарзас делла жоп а.
– Ма вала дакъаза хьо, Мадин Жаьммарза,
ЦIарна цIе яхана хIай кIентийн баьчча,
Акхарошлахь къеста цIоькъалом санна,
Дуьнен чохь цIе яхна Мадин Жаьммарза,
Хьо санначу кIантана зударийн дехарна
Дош ца луш ва Iийча, эхье ду олура.
Хьайн дала тарлахь, жоп ло сан дехарна.
ТIаккха лен велира, тов, и Мадин Жаьммарза:
- Ма яла дакъаза, инарлин жима йоI,
Тхан хьоме нус йолу Жанхотан кIайн нускал,
КIенташлахь осал дош дийца ма алалахь,
Боберашна къола дай, къу хила ма ала,
Маьрша стаг вийна, юьртах вала ма ала,
Кхидериг дерриге со делла ву хьуна,
Схьаала и соьга, ахь бохург кхочушдан
Со кийча ву хьуна, хIай оьрсийн дика йоI!
д) Оьрсийн кIанта Аьккхийн Жанхотана дина хьехар:
- ЛадугIуш хилалахь, хIай Аьккхийн Жанхот,
Ас дуьйцур ду хьуна билггал бакъ мел дериг:
Шаьшшинна юккъе доьзалхо хIотталца,
Теший ма йиталахь инарлин жима йоI,
Безам болуш хилча а, ойла хийцаяла тарло,
Даима юьхьIаьржонна уллехь хир вайша,
Кхин цкъа а вайшинга яккхалур яц бохург-м дац сан,
ХIетте а боху ас, сан деган доттагIа!
е) Мадин Жаьммарзас бехк боккхуш Баччин Элмарзе дина къамел:
- Ма вала дакъаза, хIай Баччин Элмарза,
Яхь йолчу кIенташлахь осал дош алар
Дозалла дац хьуна, гIиллакхе дац иза,
Доккха эхь ду хьуна осал дош дийцар,
И оьрсийн жима кIант доттагIа веца вайн,
Цуьнан дагах дог дустуш вай хила ма деза,
ДоттагIа ца хилча а, гIиллакх ду бакъахьа,
Вайн доттагI ву хьуна тешаме дика кIант,
Тешаме дика кIант юьртан куралла хеташ,
ГIиллакхе, оьзда йоI деган синкъерам лоруш,
Яхь йолуш баьхначу нохчийн оьздачу кIентийн
Сий лахдан мегар дац, хIай Баччин Элмарза!
Хьайн гIалат лачкъийна, бехказа ца волуш,
Хьо хIунда Iийна, хьо муха Iевелла?
Яхь йолчу кIанта халахетар дийр ма дац
Дикачу кIанта харцо а йийр ма яц.
Тешаме доттагIа яхь йолуш хилар,
ГIийлачух, мискачух доглозуш хилар,
ГIиллакхе хилар оьзда ду кIантана,
Яхь йолчу кIенташна и хаа деза…
3. Белхаш кхочушбеш иллийн тексташ тIера масалш далор.
1. Хаттаршца сочиненина план хIоттор.
2. Йозанца тептарш тIехь болх кхочушбар.
3. Оьшучохь хьехархочо гIо лацар.
V. УРОКАН ЖАМI ДАР.
1. Белхаш кхочушбан лараделарий шу?
2. ХIун тайпа халонаш билгалъелира шуна?
3. Корматаллин белхан коьрта маьIна дастар муха нисделира шун?
VI. РЕФЛЕКСИН МУР.
1. Урокехь суна дика хеттарг дара…
2. Суна дика цахеттарг…
3. Суна атта хеттарг…
4. Суна хала хеттарг…
VII. ЦIАХЬ: «Иллешкарчу турпалхойн гIиллакх-оьздангалла» сочинени язъяран белхаш чекхбаха.
ГАЙРБЕКОВА Марьям