- Категория: Чеченский язык
- Просмотров: 1085
20-гIа урок: Цхьогало барзана бина бекхам»
Урокан цIе: «Цхьогало барзана бина бекхам»
Iалашо:
1. Исбаьхьаллин гIирсех яздархочо пайдаэцар билгалдаккха Iамо.
2. Тобанашца болх беш гIо лаца, накъосталлица чулацаман таллам баран низам къасто.
3. Дешархой произведени къастош, яххьашца шерра еша Iамор тIехь къасттина тидам тIебахийта, дозуш долу къамел кхиор тIехь болх дIабахьа.
Урокана оьшу гIирс: яздархочун портрет, керлачу дешнийн маьIна гойтуш кечйина слайдаш, тептарш, дошамалгаш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамIдаран гIирс.
Урокан тайпа: хаарш тIечIагIдаран урок.
Урок дIаяхьар:
I. Догдаийтаран мур.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализаци яран мур.
1. Туьйранан чулацам текстан герггарчу хьесапехь схьабийцийтар.
2. Яххьашца еша бина кечам таллар.
3. Дешархоша чулацамна дехкина суьрташ тIехь талламан белхаш кхочушбар.
4. Шерра ешар тIехь тобанашца къовсадалар дIадахьар.
5. Туьйранан чулацамехь адамийн амалш авторо акхаройн цIарца билгалъяхар.
6. Къастош меттигаш ешийтар.
III. Урокан коьчал тIехь болх.
1. Цхьогало барзана бина бекхам (94-98-гIий агIонаш).
2. Керлачу дешнийн маьIна къастор, дошамалгаш тIе дIа а яздеш (аьтто болчохь сурт а гойтуш):
Мимпес – кхузахь: хьайбанашна а дика хир ду. МуцIабоьлла – кхузахь: наб йина, мустбелла. Чидаме – тергаме, тидаме.
3. Дешархошца шерра ешар тIехь болх дIабахьар.
IV. Iамийнарг тIечIагIдар.
1. Къастош меттигаш ешийтар.
а) Барзо цхьогалца динчу къамелехь хIун гучудолу вайна? Схьа а лахий, дIаеша и меттиг.
– Лом, и Дала дIаэцарг, чIогIа корта лозуш, цомгуш ду, – долийра барзо, цхьогална и ца хаьа шена моьттучуха. – Шен хьалхара гIоьнча йолу дела, цу дакъадестаро, цхьадика, кхайкхина йигнера со, – дуьйцура барзо сихлелхаш. – Вайн ирсана, цхьаммо-м хастийначу хьан говзаллех чIогIа тешна иза. Шена дарбанаш лело хьоьга кхойкху. ХIинца гIуллакх хьан карахь ду. Ас бохург динчун ирс абдин-абделац довр дац. – Цо олучуьнга ладогIа сецира борз. – ТIаккха? – цуьнан дагара хиъча санна, ши лерг ирхдуьйгIира цхьогало. – Айхьа аьллачух теша кийчча Iен лом дIаьвше дарба а лелийна дехьа, ас, мацах ахь даьккхина цIога а дуьтуш, хьох сайн гIоьнча дийр ду. Ткъа, елла дIаяллалц гIоьнча хила аьлла доцу со лоьман меттана вайн паччахь хир ю! Вай хила ца мега хьаькамаш?! Вай хIун лоьман когашкара хедийна ду?!
аь) 96-гIа агIонна тIерачу суьртаца йогIу меттиг текста тIехь караяй, дIаеша.
– Дала мукъ лахь, лоьман когаметта хIутту йолу со шеца тарах ца тешаш, сан дикане сатуьйсучу кху Iовдало цунна дIовш даор ду. Ткъа кху буртакан кхел ас сайна муьтIахьчу чагIалкхе йойтур ю. Эла вац со? –цхьогалан метта дегала дIатаьIира гила-борз.
б) ТIаьххьара туьйра чекхдолуш цхьогало аьлла дешнаш карадай, маьIна де.
2. Чулацам хаттаршца къастор.
а) Корта лаза а баьлла, карзахдаьлла хьийзачу лоьмана хIун дарба хьийхира мекарчу цхьогало?
аь) «ЦIен маьхьси» аьлла цIе хIунда тиллина хIокху туьйранна? ХIун маьIна ду цуьнан?
б) Цхьогална тешнабехк бан леринчу барзана хилларг муха хета шуна?
3. Туьйранан чулацамца догIу кицанаш дагалацар.
4. Туьйра яххьашца дешийтар.
5. Кийсак йоьшуш, чулацамехь йийцина хIуманаш гойтуш, дешархоша дехкина суьрташ гойтуш, произведенеш билгалъяхарца ловзаран кеп дIаяхьар.
V. Урокан жамI дар.
1. Муьлхачу туьйранан чулацам бевзира вайна урокехь?
2. Акхаройн юкъаметтиг муха хийтира шуна?
3. Дешархойн хаарийн мах хадор.
VI. Рефлексин мур.
1. Урокехь суна дика хеттарг дара…
2. Суна дика цахеттарг…
3. Суна атта хеттарг…
4. Суна хала хеттарг…
5. Iалашоне кхачийнарг…
VII. ЦIахь: еша а, чулацам хаа а 95-98-гIий агIонаш; шайна хазахетта кийсак тептарш тIе дIаязъян а, сурт дилла а.
ГАЙРБЕКОВА Марьям