- Категория: Чеченский язык
- Просмотров: 304
«Сайн халкъан стогалла хастон со гIаьттина»
Оха кхидIа хьо 9-чу классина лерина йолу нохчийн литературин урокийн поурочни планаш йовзийтар (16-гIа урок).
Урокан цIе: Халкъан илланчаш.
Урокан Iалашо: 1. Дешархошца халкъан барта кхоллараллех лаьцна Iамийнарг карладаккха, меттан исбаьхьаллин мах хадо Iамо.
2. Халкъан илланчаш бовзийтар тIехь болх дIабахьа.
Урокана оьшу гIирс: халкъан илланчаш бовзийта лерина презентаци, тептарш, дошмалгаш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамIдаран гIирс, керлачу дешнашна слайдаш.
Урокан тайпа: керла хаарш довзийтаран урок.
Урок дIаяхьар
I. Догдаийтаран мур.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализаци яран мур.
1. Муьлха произведенеш йогIу халкъан барта кхоллараллина юккъе?
2. ХIунда олу вай царах халкъан барта кхолларалла?
3. Чулацам къастор, хазахетта меттигаш ешар.
4. Хаттаршна жоьпаш луш чулацам таллар, меттан исбаьхьалла къастор, масалш далор.
5. Хазахетта произведенеш билгалъяхар, ешар.
III. Керлачу хаамех дерг довзийтаран мур.
1. Халкъан илланчаш бовзийтар (презентаци гайтарца хьехархочун хаам).
Халкъан барта произведенеш дика хууш, хаза юьйцуш шаьш нах хуьлу. Хьалха Iаламат говза дийцархой, илланчаш хилла Нохчийчохь. Нашхара Чийтмаран Зовр цIеяххана говза дийцархо хилла. Иза ваьхна, герггарчу хьесапехь, I8I0-I875 шерашкахь. Нашхахь вина а, кхиъна а хилла иза. Дика стаг, оьзда къонах хилла боху дешнаш дитина цо шех ала. Цуьнан кIентан кIант Нашхара Пинчотан Ахьмад а хилла дика дийцархо. илли говза олуш а хилла иза.
Чийтмаран Зовран цIийнах болу нах хIинца а болуш бу, Хьалха-Мартанан кIоштахь бехаш бу уьш.
ХIХ бIешо чекхдолучу ХХ бIешо долалучу хенахь Нохчийчохь хилла цIеяххана дийцархой-илланчаш: Гихтара Уьдин Эда, Хьалха-МартантIара Исмайлан Дуда, Галнера Дубин ТIака, Котар-Юьртара Мази, Цоцин-Эвлара Батура, дуккха а кхиберш а. Дика бевзаш бу ХХ бIешарахьлера илланчаш: Сулейманов Баудди, Гакашев Мохьмад, Чапаев Сапарбек, Орзимов Денисолта, Абдурахманов Iабдул-Хьамид, Бетельгериев Сайд-Мохьмад, Тимуркаев Ахьмад, кхиберш а.
2. ХIора илланчах лаьцна дешархоша кечбина хаам.
Сулейманов Баудди (1902-1961). Халкъан илланча Сулейманов Баудди вина 1902-чу шарахь Девлатгирин-Эвлахь ахархочун Салин Сулимин доьзалехь. Жима волуш ненах велира Баудди, кIентан ворхI шо кхаьчча елира цуьнан нана. Беран хенахь морзгалийн цамгарх бIаьрса а дайна, гуттаренна са ца гуш висира Баудди. СулимгIеран хIусамехь дукха адам лаьтташ хилла, алссам дехьа-сехьара хьеший а. Сулимин хьешаша Iамийра Бауддина дечиг-пондар лакха а, илли ала а. Цунна бевзира Нохчийчохь цIеяххана болу иллиалархой, цара гIо дора къоначу илланчина. Бауддин иллиаларан корматалла кхиарехь къаьсттина доккха гIуллакх дира гIараваьллачу иллиалархочо ГихтIарчу Уьдин Эдас. Бауддис шен хьехархо лорура иза. Цунна Iаламат дукха хаьара халкъан иллеш.
Шайн чулацамца а, исбаьхьаллин кепехь а тайп-тайпана дара Бауддис олу иллеш. Цо олуш хилла иллеш хIинца а ду адамийн дегнашкахь. Поэташа стихаш а язйо Баудди дагалоцуш. Цхьа аьхна исбаьхьалла шеца йолуш, дагах кхеташ ю Бисултанов Аптис Бауддина лерина язйина «Ширачу илланчин узам» цIе йолу стихотворени.
3. Дешархочо цIахь кечам бина йоьшу и стихотворени:
4. Гакашев Мохьмад (1903-1975) дешархочун хаам.
5. Орзимов Денисолта (дешархочун хаам)
IV. Керла хаарш тIечIа-
гIдаран мур.
1. Учебникаш тIехь болх дIабахьар.
2. Хаттаршца чулацам къастор.
3. Къастош меттигаш ешар.
4. Ловзаран кеп «Тидаме хила!» (произведенеш кийсакашца билгалъяхар).
5. Тобанашца синквейн хIоттор.
V. Урокан жамI дар.
1. Муха хийтира шуна тахана урокехь бина болх?
2. Муьлха илланчаш бевзира шуна?
3. Мукъамехь шуна хезна иллеш муьлхарш дара?
4. Дешархоша бинчу белхан мах хадор.
VI. Рефлексин мур.
1. Урокехь суна дика хеттарг дара…
2. Со Iалашоне кхачийнарг…
3. Кхето атта хеттарг…
4. Хала хеттарг…
VII. ЦIахь: баккхийчаьрга хоттуш, тептарш тIе иллеш дIаяздан, царна бевза илланчаш билгалбаха, илланчех лаьцна реферат кечъян.
ГАЙРБЕКОВА Марьям