Menu


Нохчийн барта кхоллараллин хадийна мах

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Оха кхидIа хьо 9-чу классина лерина йолу нохчийн литературин урокийн поурочни планаш йовзийтар (17-гIа урок).
Урокан цIе: Яздархоша а, Iилманчаша а нохчийн барта кхоллараллах лаьцна яздинарг. Урокан Iалашо: 1. Iамийна произведенеш дагалаца, барта кхоллараллин мах хадо, таллам бан.
2. Урокан керла коьчал йовзийтар тIехь болх дIабахьа.
Урокана оьшу гIирс: урокан керла коьчал йовзийта лерина презентаци, тептарш, дошмалгаш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамIдаран гIирс, керлачу дешнашна слайдаш.
Урокан тайпа: керла хаарш довзийтаран урок.
Урок дIаяхьар
I. Догдаийтаран мур.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализаци яран мур.
1. Муьлха жанраш йогIу барта кхоллараллина юккъе?
2. Халкъан барта кхоллараллин исбаьхьалла, мехала чулацам стенца билгалболу?
3. ХIун тайпа меттан гIирсаш юкъалоцу оцу произведенеша?
4. Даладе масалш.
III. Керлачу хаамех дерг довзийтаран мур.
1. Дешархошна яздархоша а, Iилманчаша а нохчийн барта кхоллараллах лаьцна яздинарг довзийтар (презентаци гайтарца).
Нохчийн халкъан барта кхоллараллин Iаламат лакхара мах хадийна ХIХ бIешарахь баьхначу сийлахь-баккхийчу яздархоша а, цIеяххана болчу Iилманчаша а. Нохчийн барта произведенех шайн кхоллараллехь пайда эцна оьрсийн прогрессивни яздархоша. Иштта, М.Ю.Лермонтовс I832 шарахь ша язйина «Измаил-Бей» цIе йолу поэма дIайолош боху, шен произведени бухе диллинарг воккхачу стага-нохчочо дийцина шира хабар ду:
…Старик-чеченец,
Хребтов Казбека бедный
уроженец,
Когда меня чрез горы
провожал,
Про старину мне повесть
рассказал.
Хвалил людей
минувшего он века,
Водил меня под камень
Росламбека,
Повисший над
извилистым путем…
Шен «Хаджи Абрек» цIе йолу поэма а язйина Лермонтовс Таймин Бийболатах лаьцна долчу халкъан дийцарех пайда оьцуш.
Нохчийн халкъан хьалхалерчу дахарх а, барта кхоллараллех а лаьцна хаамаш бу А.С.Пушкинан произведенешкахь а. чекхъяккхаза йисинчу «Тазит» поэми тIехь нохчийн къоман ловзарш, гIиллакхаш гайтина поэта:
Ущелий горных поселенцы
В долине шумно собрались –
Привычны игры начались:
Верхами юные чеченцы,
В пыли несясь во весь опор,
Стрелою шашку
пробивают
Иль трижды сложенный
ковер
Булатом сразу
рассекают.
То скользкой тешатся
борьбой,
То пляской быстрой.
Жены, девы
Меж тем поют и гул лесной
Далече вторит их напевы.
«Поэтически башха жовхIарш» аьлла сийлахь-воккхачу Толстойс нохчийн иллех. Шен Кавказах лаьцна йолчу исбаьхьаллин произведенешкахь пайда эцна цо вайнехан фольклорах. Яздархочун исбаьхьаллин корматалла кхиъна а яьлла, дерриг дуьнен чохь иза вевзинчу хенахь язйина ю цуьнан «Хьаьжа-Мурд» цIе йолу повесть. Оцу повесть тIехь нохчийн ши илли далийна Толстойс.
А.С.Пушкин, М.Ю.Лермон-тов, Л.Н.Толстой, А.А.Фет – дуьненна а бевзаш болу исбаьхьаллин дешан говзанчаш бу уьш. Нохчийн халкъан барта кхолларалла Iаламат башха поэтически чулацам болуш хилар цара чIагIдаро гойту, иза лаккхара исбаьхьаллин мехалла йолуш хилар.
Кавказан меттанаш толлуш дуккха а болх бина волчу ХIХ бIешарахьлерчу оьрсийн воккхачу Iилманчас Петр Карлович Услара вайнехан барта кхолларалла дуьненахь а шайн кIорггерчу чулацамца цIе яххана йолчу фински а, индийски а эпосех юстуш хилла.
Вайн заманахь нохчийн мотт а, барта кхолларалла а теллинчу Iилманчаша а цу тайпана лору халкъан поэзи. Масала, профессора Леонид Петрович Семеновс иштта яздина: «Чулацаме а, суртхIотторан гIирсашка а, композиционни кепашка а диллича, нохч-гIалгIайн фольклор инзаре чIогIа хьалдолуш ю».
Оцу тайпана йолу халкъан барта кхолларалла шен бухехь а йолуш кхиъна нохчийн йозанан литература.
2. Дешархоша кечбинчу хаамашка ладогIар, мах хадор.
3. Масалшца тIечIагIдар.
4. Яздархоша а, Iилманчаша а халкъан барта кхоллараллин лаккхара мах хадор билгалдаккхар.
IV. Керла хаарш тIечIагIдаран мур.
1. Iамийна произведенеш дагалацар, чулацаман маьIна дар.
2. Хаттаршна жоьпаш луш барта тестировани тобанашца дIаяхьар.
3. Ловзаран кеп «Дагалаца!» (тобанашца къовсадаларш).
V. Урокан жамI дар.
1. Муха хадабо оьрсийн яздархоша а, Iилманчаша а халкъан барта кхоллараллин мах?
2. Муьлхачу исбаьхьаллин гIирсашца гучудолу оцу произведенийн идейни маьIна?
3. ХIун тайпа жанраш билгалйолу халкъан барта произведенешкахь?
4. Дешархошка шаьш бинчу белхан вовшашка мах хадабайтар.
VI. Рефлексин мур.
1. Урокехь суна дика хеттарг дара…
2. Со Iалашоне кхачийнарг…
3. Синхаам кIаргбинарг…
4. Суна къаьсттана билгалдаьлларг…
VII. ЦIахь: урокан коьчална реферат кечъян, арахьара материал лахарца хIораммо хаам кечбан.

ГАЙРБЕКОВА Марьям

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных