- Категория: Чеченский язык
- Просмотров: 682
Халкъан эшарш – шатайпа хазна
Оха кхидIа хьо нохчийн литературин урокийн поурочни планаш йовзийтар.
Урокан ц1е: Нохчийн халкъан эшарш.
Урокан 1алашо: 1. Халкъан эшарш, церан чулацам, маь1на а. Халкъан барта кхоллараллехь эшарийн мехалла. Барта лирически эшарех болу кхетам кIаргбар. 2. Урокан керла коьчал йовзийтар тIехь болх дIабахьа.
Урокана оьшу гIирс: урокан керла коьчал йовзийта лерина презентаци, тептарш, дошмалгаш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамIдаран гIирс, керлачу дешнашна слайдаш.Урокан тайпа: керла хаарш довзийтаран урок.
Урок дIаяхьар
I. Догдаийтаран мур.
Хьоме халкъ,
Баркалла даггара хьуна-
Еларна, елхарна,
Хиларна ехаш!
Баркалла, совг1атна
даларна иллеш.
Теша, кхин лун дериш
хир ду сов тоьлуш.
Р.Ахматова
- Муха кхета шу тахана урокана далийначу цитатех?
- Цуьнан маь1на хьан достур дара аша?
II.Дешархойн долчу хаарийн актуализаци яран мур.
1. Фольклоран муьлха жанраш евза шуна?
2. Муха чулацам болуш ду нохчийн шира дийцарш?
3. Х1ун башхалла ю ирачу аларийн?
4. Шира дийцар а, ира алар а д1аязде.
III. Керлачу хаамех дерг довзийтаран мур.
Нохчийн барта кхоллараллехь дукха ю тайп-тайпана эшарш (презентаци гайтарца). Уьш ю къинхьегаман эшарш, безаман эшарш, хелхаран эшарш, забаре эшарш, Iер-дахаран хьокъехь эшарш. Даггара йолчу ойланашца кхоьллина мехкарийн лирически эшарш. Исбаьхьа сурт хIоттош дуьйцу мехкарша лирически эшаршкахь кегийрхойн безамах лаьцна, адамийн хазахетарех, халахетарех, дахарехь кхоллалучу юкъаметтигех лаьцна. Шатайпанчу дустаршца, метафоршца, аьхначу басаршца кхелина исбаьхьаллин суьрташ хуьлу мехкарийн эшаршкахь.
Сан яхар хир дуй те
везначух яьлча?
Со яха лур юй те
кхечуьнга яхча?
Ас витча, ца вуьту
кийрарчу даго,
Ас витча, ца вуьту
нуьречу бIаьргаша.
Адаме кхаьчна вон а, дика а, гIайгIа а, бала а гучуболу барта произведенешкахь. Iаламехь, гонахарчу дахарехь долчу билггалчу хIуманех пайдаоьцуш, исбаьхьаллин суртхIотторца гучуйоккху эшаршкахь адамийн ойла. Вайн къам махках даьккхина, Сибрех дахийтинчу хенахь яьккхинчу эшар тIера ду хIара могIанаш:
ДIасхьалеста Орга санна,
Органо лоьху гечо санна,
Долу меттиг лоьхийла
вай хьовсийнчо,
Кешнийн керт лоьцийла
куьг айинчо.
Къаьсттина мехала ю барта кхоллараллера къинхьегаман эшарш. Болх бан дог даийта, белхан каялийта локхуш хилла уьш. Масала, нохчийн зударша налха баккха куьйра ерзочу хенахь олуш хилла:
Куьйра, куьйра ласта,
Куьйра, куьйра ерза,
Куьйранал налха бала!
Мартанал шар дала!
Къинхьегаман эшарш хилла берашна болх бан Iаморан, царна къинхьегам безийтаран Iалашо йолуш. И тайпа эшарш а, иллеш а дукхахьолахь берийн ловзаран кепе дерзош хилла. Масала, «КIен илли». Иштта дIахьош хилла, илли а олуш, и берийн ловзар. Ловзуш болчара, цхьаъ юккъе а воккхий, го беш хилла. ТIаккха юккъехь волчуьнга цхьацца кху лахахь далош долу хаттарш а луш, цо эшарца жоп луш, куьйгашца болх баран кеп а гойтуш, дIахьош хилла бераша ловзар:
Гобинчара: Схьадийцалахь, тхан йиша (я ваша), кIа тIе муха тосу?
Юккъерчо: Иштта тосу, иштта тосу, иштта кIа тIетосу. (шозза олу).
Гобинчара: Схьадийцалахь, тхан йиша (я ваша), кIа тIе муха долу?
Юккъерчо: Иштта долу, иштта долу, иштта кIа тIедолу. (шозза олу) и дI.кх.
Массо а къаьмнийн фольклорехь ма-хиллара, нохчийн барта кхоллараллехь а ю аганан эшарш. Нанас, жима бер дижош, ага тахкош, меллаша узам беш хилла. Бер хьостуш, цунна марзо, аьхналла луш, паргIат дека эшаран аз:
Хьан нана йогIу хьуна
ГIарагIулийн боларахь,
Хьан дада вогIу хьуна
Сира сайн боларахь.
Кхузахь «сира сай» бохург халкъан барта произведенин шатайпа карчам бу, сира боху дош шолгIа дешдакъа дахдеш олуш хилла оцу эшар тIехь. Тайп-тайпана чулацам бу аганан эшарийн, амма уьш ерриге а цхьана Iалашонца кхоьллина ю.
Берийн эшарш, ловзарш ду барта кхоллараллехь. Каде, майра, гIуллакх дан хууш, гIиллакх-оьздангаллица, къинхетам болуш бераш кхиоран, исбаьхьаллин дош довзийтаран, ненан маттах марзо эцийтаран лехамаш хилла оцу эшарийн. Берашна гергара долу, царна девзаш, кхеташ долу суьрташ, васташ ду берашна леринчу барта произведенешкахь:
Цициг, цициг, табалахь,
Маса дахка лацалахь.
Дахка, дахка, бадалахь,
Цициган багара балалахь.
Цицигна диллина ду дахка лацар, цуьнан ижу ю дахка. ХIетте а дехке боху: “Дахка, дахка, бадалахь, цициган багара балалахь”. Къинхетаме ойла ю иза. Къинхетаме хилар кхайкхадо халкъо шен барта кхоллараллехь.
Коьрта долчу декъана, берашна лерина хилла чехкааларш. Чехкааларийн дакъош шайн маьIница вовшех дозаделла ца хуьлу я дукхахьолахь маьIна долуш а ца хуьлу. Кхузахь коьртаниг маьIна дац, ала хала долу дешнаш а, дешнийн цхьаьнакхетарш а чехкка дIаала Iамар ду:
Шога шаршу, шера ша,
Жоьран жоьлахь
жугIара жа,
Жанна жоьлахь шийла яц,
Шоврийн шаьлгахь
шолхашI яц.
Мотт цIена бийцийта, хIора дош къастош а, шерра а, нийса а ала Iаморан Iалашо хилла чехкааларийн.
Дешнаш т1ехь болх:
Куьйра – кхузахь: шена чохь налха боккхуш йолу кхаба.
Марта – хинан цIе.
Мажар – мокхаз биллина топ.
Шелиг – бочка.
Борзанан – кхузахь: йоьз (бронза) санна чIогIа.
Мокха – чудуьллу жимо урс.
Ижу – кхузахь: цицго лохуш йолу яахIума.
Шолх – воттана хьокхуш уьнах схьадолу чIеш, сирхат.
IV. Керла хаарш тIечIагIдаран мур.
1. ХIинца халкъан эшарш дешнийн цхьаьнакхетарна кластер хIоттор ю вай.
2. Хаарш – зер (Нийсаниг харжа)
3. Ловзаран кеп «Нийса хетарг билгалдаккха (х1аъ-х1ан-х1а)).
Йоза а, йозанан литература а кхиале хьалха кхоьллина ю барта произведенеш. (х1аъ)
Нохчийн къоман барта произведенийн автор билгалваьлла хуьлу. (х1ан-х1а)
Нохчийн туьйранаш къоман барта кхоллараллин дакъа дац. (х1ан-х1а)
Нохчийн шира дийцарш шайн чулацамехь инзаре-тамашийна х1уманаш долуш хуьлу, туьйранех тера ду. (х1аъ)
Нохчийн барта кхоллараллехь дукха ю тайп-тайпана эшарш. (х1аъ)
Чехкааларийн дакъош шайн маь1ница вовшех дозаделла хуьлу, маь1на долуш а хуьлу. (х1ан-х1а)
V. Урокан жам1 дар.
1. Нохчийн къоман эшарийн х1ун тайпанаш ду?
2. Дийца къинхьегаман эшарийн мехаллех.
3. Берийн эшарша стенна 1амаво?
4. Мича 1алашонца далош хуьлу чехкааларш?
VI. Рефлексин мур.
1. Со дика т1екхии …
2. Х1инца дуьйна …
3. Сан алсам къахьега деза …
4. Тахана дуьйна я кхид1а …
VII. Ц1ахь: хаам кечбе «Х1ун дакъа лоцу халкъан эшарша нохчийн яздархойн кхоллараллехь» темина; дийца, муьлха халкъан эшарш локху шун доьзалехь.
ИСАКОВА Бирлант