Menu


Исбаьхьаллин дуьненахь

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Оха кхидIа хьо 9-чу классина лерина йолу нохчийн литературин урокийн поурочни планаш йовзийтар (19-гIа урок).
Урокан цIе: Исбаьхьаллин литература.
Урокан Iалашо: 1. Назманех лаьцна дешархоша кечбина хаам талла.
2. Барта кхоллараллин а, исбаьхьаллин литературин а юккъера башхаллаш билгалъяха.
3. Исбаьхьаллин литература кхоллаяларехь барта произведенийн суртхIотторан гIирсех, васт кхолларан башхаллех, исбаьхьчу маттах яздархоша пайда эцаран маьIна дешархошна довзийта.
Урокана оьшу гIирс: урокан коьчална лерина презентаци, тептарш, дошмалгаш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамIдаран гIирс, керлачу дешнашна слайдаш.
Урокан тайпа: керла хаарш довзийтаран урок.
Урок дIаяхьар
I. Догдаийтаран мур.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализаци яран мур.
1. Назманаш дагалацар, чулацам къастор.
2. Дагахь Iамийна назманаш ешийтар.
3. Шерра ешар тIехь болх дIабахьар.
4. Мукъамехь назманашка ладогIар.
III. Керлачу хаамех дерг довзийтаран мур.
1. Барта кхоллараллина а, исбаьхьаллин литературана а юккъера башхаллаш къастор (презентаци гайтарца хьехархочун хаам).
ДIадаханчу бIешеран ткъолгIа шераш дуьйлалучу муьрехь Iедало алссам терго йина къаьмнийн культура а, литература а кхиоран.
Кхоллалуш йолу нохчийн исбаьхьаллин литература гIеххьа кхиамаш баха йолаелла. 1920-чу шарийн юьххьехь араевлла Дудаев Iабдин, Нажаев Ахьмадан стихаш, Сальмурзаев Мохьмадан дийцарш, иштта дIа кхечеран а поэтически произведенеш. Оццу хенахь язйина Шерипов Данилбека а, Эльдерханов Iисас а нохчийн литературехь дуьххьара йолу драматургически произведенеш. Иштта, 1918-чу шарахь Шерипов Асланбека кеч а йина, арахецна «Нохчийн иллеш» цIе йолу сборник. ЧIагIбелла боьдуш граждански тIом болчу хенахь йиш хиллера Шерипов Асланбекан халкъан барта кхоллараллин тидам бан.
Нохчийн йозанан литература дIайолаелла халкъан барта кхоллараллин буха тIехь. Исбаьхьаллин литература кхиарехь беркате хьоста хилла дIахIоьттина шен кIорггера чулацам болуш йолу вайнехан фольклор. Дуьххьарлерчу яздархоша кхоллараллица пайда эцна барта произведенийн суртхIотторан гIирсех, васт кхолларан башхаллех, исбаьхьчу маттах. Цуьнца цхьаьна яздархойн исбаьхьаллин корматалла кхиарна Iаламат мехала хилла оьрсийн а, кхечу къаьмнийн а литературех цара пайдаэцар. Лаккхара идейно-эстетически чулацам болчу оцу литератураша гIо дина нохчийн яздархошна исбаьхьаллин кепехь къоман дахар талларехь шайн корматалла лакхаяккха. Нохчийчохь хуьлучу социально-экономически хийцамашца цхьаьна, сиха кхуьуш схьаеара къоман литература. Литература а, культура а кхарехь доккха маьIна дара 20-чу шерийн юьххьехь арадала доладеллачу нохчийн газетан. «Советская Автономная Чечня» цIе а йолуш, 1923-чу шеран 23 апрелехь арахийцира газетан дуьххьарлера номер. 1925-чу шеран март баттахь дуьйна «Серло» бохучу цIарца арадолуш дара нохчийн маттахь долу и газета. Iаламат доккха гIуллакх дира цо къоман исбаьхьаллин литература кхиорехь. Дудаев Iабдин, Нажаев Ахьмадан, Сальмурзаев Мохьмадан, кхиболчу а вайн дуьххьарлерчу яздархойн произведенеш газетехула яьржина адамашна юкъа. ЦIеначу, шерачу маттахь, кхета аттачу кепехь язйина йолчу произведенеша газетан агIонашна тIера кхойкхура адамашка дахаро дохьуш долчу керлачух сихха пайдаэцаре.
1926-1927-чуй шерашкахь литератури юкъа баьхкира исбаьхьаллин дешан корматалла йолу кегийрхой – Бадуев СаьIид, Мамакаев Мохьмад, тIахьо – Айсханов Шамсуддин, Музаев Нурдин, кхиберш а. Ша кхиа йолаелла иттех шо далале, дуккха а жанрашкахь йолу литература хилла дIахIоьттира нохчийн исбаьхьаллин литература. Советски литературан къано волчу А.М.Горькийс шен къамелашкахь билгалдаьккхира къаьмнийн литератураш кхиаран къаьсттина тидам бан безаш хилар. А.М.Горькийн дIадолорца, оьрсийн яздархоша, леррина Нохчийчу а богIуш, гIо дора вайнехан яздархошна къоман литература кхиорехь. Шо шаре мел дели, шен теманашца, васташца, жанрашца шорлуш, исбаьхьаллин лакхенашка гIерташ схьаеана нохчийн исбаьхьаллин литература.
2. Нохчийн яздархой билгалбахар.
3. Литературин жанраш къастор.
IV. Керла хаарш тIечIагIдаран мур.
1. Iамийна литературин говзарш дагалацар, таллар.
2. Хаттаршца чулацам къастор.
а). Оьрсийн баккхийчу яздархоша а, Iилманчаша а муха лерина вайнехан фольклор?
аь). Дийца къоман йоза кхолладаларх лаций.
б). Исбаьхьаллин литература халкъан барта кхоллараллех муха йозуш ю?
в). Нохчийн литература кхиарехь «Серло» газетан хIун маьIна дара?
3. Кийсакаш йоьшуш произведенеш билгалъяхар.
V. Урокан жамI дар.
1. Муха кхетийра аша тахана урокехь къастийна керла коьчал?
2. ХIун тайпа маьIна дийр дара аша урокехь кхочушбинчу белхан?
3. ХIун тайпа ойланаш кхоллаелира шун?
4. Дешархоша бинчу белхан вовшашка мах хадабайтар.
VI. Рефлексин мур.
1. Урокехь суна дика хеттарг дара…
2. Суна дика цахеттарг…
3. Суна атта хеттарг…
4. Суна хала хеттарг…
VII. ЦIахь: урокан коьчална цIахь кечам бан, реферат кечъян.

ГАЙРБЕКОВА Марьям

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных