Menu


Гацаев Асламбекан СаьIид «Кавказ»

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

8-чу классина лерина йолу нохчийн литературин урокийн поурочни планаш йовзийтар
Iалашо: Гацаев СаьIидан дахаран а, кхоллараллин а некъах болу хаамаш кIаргбар; дешархошна стихотворенин идейх кхета гIодар, къастош еша а, анализ ян а хаар шардар. Даймахках, Iаламах йолу поэтан ойланаш йовзийтар, махке, къоман гIиллакхашка безам кхоллар.
Кхочушдан лору жамIаш: дешархошна хаа деза къастош еша, шаьш ешначух кхета; шайн белхан план хIотто, цу планан рогIаллехь болх бан, вовшашца а, хьехархочуьнца а къамеле бовла, къамел дIадахьа, Iама беза шен кхиамаш а, кхачамбацарш а довза, царех пайдаэца, у, интерактивни у.
Урокана эпиграф
«Буьйса хаза. Буьйса тийна.
Седа боду стиглахь раз.
Хьо со воцуш муха Iийна
Ши бIаьрг хаза сан Кавказ?»
Урок дIаяхьар
I. Урокана кечамбар.
Маршалла хаттар, урокана оьшу гIирс кечбар, класса чохь вверг-воцург билгал а воккхуш, журнал тIехь болх бар.
II. Ойла тIеерзор.
Эпиграфна далийначу дешнийн маьIна дастийтарца йолайо урок.
Хьехархочун дош
– Муха кхета шу тахана вай урокана далийначу дешнех?
– Цуьнан маьIна хьан достур дара аш ?
– Муьлхачу исбаьхьаллин васташца гайтина поэта Даймахке болу безам? Даймахке безам, хазахетарш, халахетарш , деган йовханаш, деган Iийжамаш-и берриг синхьегамаш гайтар шатайпанчу исбаьхьаллица кхоьллинчу Iаламан суьрташца доьзна ду поэтан. ХIокху могIанашкахь тидамечу дешархочунна хаало халкъ цIерадаьккхинчу хенахь цуьнан махке хилла сатийсам.
Жимчохь дуьйна хийрачу махкахь кхойтта шо доккхуш ша сатийсинчу Даймахке йолу шовкъ ю поэтан стихашкахь лаккхарчу исбаьхьаллин чулацаме йирзина. Даймахках йолу поэтан стихаш, ерриге бохург санна, авторан дахарх йозаелла ю.
– Хьан эр дара аша, муьлха произведени Iамор ю вай тахана, хIун ю цуьнан цIе?
– ХIун болх дIахьур бу вай урокехь?
(Дешархоша йовзуьйту урокан цIе а, Iалашонаш а)
III. Дешархойн хаарш жигардахар. ЦIахь бина болх таллар.
Яздархочух лаьцна доцца дийцар.
– Мичахь дIаяхана Гацаев СаьIидан бералла, къона хан?
– Маца язйина поэта шен дуьххьарлера стихаш? (ша школехь доьшучу хенахь)
– ЦIераш яха С. Гацаевн гуларийн, уьш маца араевлла а дийца.
– Поэтан Даймахках а, Iаламах а лаьцна йолчу поэзин муха мах хадийна халкъан яздархочо Ахмадов Мусас?
– Гацаев СаьIидан муьлха произведенеш ешна аша?
– ДагайогIий шуна уьш?
(Дешархоша яздархочух лаьцна шаьш кечбина хаамаш бовзуьйту).
IV. Керлачу хаарийн дуьххьара дIалацар.
Гацаев СаьIидан « Кавказ», стихотворени къастош ешар.
Текст цкъа хьехархочо ша, цул тIаьхьа дешархошка йоьшуьйту.
V. Кхетарх дуьххьарлера таллам.
– ХIун башхалла ю стихотворенин куц-кепехь, муха гучуйолу и?
– Даймехкан тема схьайоьллуш говзаран коьрта дакъа хилла дIахIиттира меттан исбаьхьаллин гIирсаш.
– «Ши бIаьрг Iаьржа сан Кавказ» могIанехь эпитето хIун маьIна леладо?
– Текст тIера исбаьхьаллин гIирсаш схьалаха.
(Эпитеташ («хаза буьйса », «тийна буьйса», «ши бIаьрг Iаьржа Кавказ»,) метафорш («марзо мелла», «са хьоьца ду»), олицетворени («седа боду», «ахь хьистина»»).
– Муьлхачу исбаьхьаллин васташца гайтина поэто шен Даймахке болу безам?
- Билгалъяха стихотворенин рифмаш, дийца церан башхаллех лаций.
– «Кавказ» стихотворении 5-строфах лаьтташ ю, хIора строфа чохь биъ могIа болуш.
– Стихотворени шина дещдекъах а лаьтташ, хьалхарчу дешдекъа тIехь тохар долу хорейн гIулч ю. Ерригстихотворени 20 стихах лаьтта. Рифмовка жIарийн хьесапехь ю.
ЖIарийн рифма – могIа юккъе буьтуш, хьалхара стих кхоалгIачуьнца, шолгIа стих йоьалгIачуьнца рифмовка йолуш хуьлу:
Оцу стихийн рифмаш ю тийна-Iийна, раз-Кавказ.
Церан схема: (абаб).
– Даймахках ваьлла ша лайна халонаш муьлхачу васташца гойту поэто?
VI. ЖамIдаран хаттарш
- ХIун ойланаш кхоллайолуьйту стихотворенино? ХIун сурт хIутту шуна хьалха и ешча?
- «Кавказ» стиховоренехь Даймахкаца йолчу марзонах муха аьлла поэта шен стихотворенехь?
- Стихотворенин юьххьехь хIотточу Iаламан суьрто хIун маьIна леладо?
- Стенах дагавуьйлу лирикин турпалхо?
- Ша мел йо ойла Даймахке ерзо муха Iемина лирикин турпалхо?
- ХIинца синквейн йийр ю вай ДАЙМОХК.
- Цкъа хьалха карладоккхур ду вай, хIун ю синквейн.
Синквейн пхеа могIанах лаьтташ ю.
1-ра могIа – цIердош.
2-гIа могIа – ши билгалдош
3-гIа могIа–кхо хандош.
4-гIа могIа–предложени .
5-гIа могIа – цхьа дош- ассоциаци.
Синквейн Даймохк дашна. (кеп)
Даймохк; Хаза, хьоме; Беза, лору, Iалашбо; Адамийн дахарехь мехала хазна; Нана
VII.Рефлекси.
Суна хии…
Суна хазахийти…
Со ца кхийти…
VIII. Хаарийн мах хадор.
IX. ЦIахь кхочушдан дезарг (Дешархойн хааршка хьаьжжина тобанашкахь кхочушбойту болх)
1. Реферат язъе хIокху темина: « Даймехкан Iалам».
2. Гацаев СаьIидан «Кавказ» стихотворени дагахь Iамае.

АБУЕВА Товман,
Соьлжа-ГIалин №56 йолчу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных