Menu


«Лаьтта тIехь лаьмнаш а хIиттош»

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Оха кхидIа хьо 8-чу классана лерина йолу нохчийн литературин урокийн поурочни планаш
Урокан цIе: Ахмадов Мусан «Лаьтта тIехь лаьмнаш а хIиттош» повестах Iамийнарг тIечIагIдар (урок-ловзар)
Iалашо: дешархошна дийцаран чулацам муьлхачу барамехь хаьа хьажар; дийцаран проблематика йийцаре яр, башхаллаш къастор.
Ловзаран кеп: шина декъах лаьтта:
1) дешархошна хаттарш а, царна догIу жоьпаш а ло. Хаттарш а, жоьпаш а ловзар дIахьош волчо доьшу. Тобано нийса жоп харжа деза. Цхьана тобанан декъашхошна жоп дала ца хаахь, жоп вукху тобанан дала йиш ю, амма тIаккха царна цхьа кхаж тIеязбо;
2) гIиллакх-оьздангаллин хаттарш дийцаре дар.
ГIирс: хIора стоьла тIехь элпаш а, аь, б, в тIеяздина кехаташ; тобанийн цIераш тIеязйен кехаташ, ручканаш.
Урокан тайпа: урок-ловзар.
Урок дIаяхьар
I. Урокана кечамбар.
II. Ойла тIеерзор
Нохчо ву со, маршо къуьйсуш,
Даймахкаца тоба дина,
Цунна ямарт, осал хеттарг,
Къа ца хеташ, сайх хервина,
Сайн ден дакъа, цIе-кIур доцуш,
Ца дисийта юкъ йихкина,
Iазап хьоьгу лай хуьлучул,
Летта, вала резахилла.
Хьехархочун дош:
– Хьоме бераш, дIаешийша таханлерчу урокана вай йалийна байт. Муха кхета шу далийначу дешнех?
– Цуьнан маьIна хьан достур дара аша?
– Лирически турпалхочунна хIун ю шел сил а еза?
– Маршо! Вайн дай «маршо къуьйсуш, летта бала резахилла».
– Маса элп, маса аз, дешдакъа маса ду цу дешан? Дош цхьаъ делахь а, ма дукха хIума чулоцу цу дашо!
– Дийцийша, шун сина гергара муьлха агIонаш ю цу дашца йоьзна. Маршо аьлча хIун сурт дуьхьалхIутту шуна?
Шун кхетамехь хIун ю
маршо?
– Маршо – иза стага, цхьамма а ницкъ беш а воцуш, шен лаамехь оьздангаллин бехкамийн гурахь ша латтавар ду. Стаг диканиг дан паргIат хилар – иза ю маршонан билгало. Маршо – адамашна Дала хIаваъ, хи, малх санна, елла ю дуьненчу довллушехь, – шена Iамалъян, оьзда ваха, лаьтта тIехь Дика, Серло алсамъяккха.
– Цхьаьна синквейн хIоттае вай цу дашна:
Маршо
Адаман, хьоме
Йеза, Iалашйо, дIайоккху.
Стаг диканиг дан
паргIат хилар.
ПаргIато
III. Дешархойн хаарш жигардахар.
– ХIун болх бара шуна цIахь кхочушбан белларг?
– ХIун дог-ойла кхоллаелира шун Ахмадов Мусан «Лаьтта тIехь лаьмнаш а хIиттош» цIе йолу повесть ешча? Стенах лаьцна яра и?
IV. Керлачу хаарийн дуьххьара дIалацар.
Хьехархочун дош.
Тахана, Ахмадов Мусан «Лаьтта тIехь лаьмнаш а хIиттош» цIе йолчу повестах долу шун хаарш толлуш, Iамийнарг тIечIагIдеш, цхьа шатайпа, ловзаран кепехь йолу урок дIахьур ю вай. Болх тобанашкахь хир бу. ХIора тобанан шен-шен билгалъяьккхина цIе а, хаьржина тхьамда а хила веза.Тобанахь бечу белхан бакъонаш а ларъян еза.
Хьалхарчу декъехь чулацамца доьзна хаттарш ду шайца жоьпаш а долуш, нийсаниг аша схьакъасто деза. (Хаттарш хьехархочо, шен лааме хьаьжжина, я дерриге лур ду, я доькъур ду).
ШолгIачу декъехь гIил-лакх-оьздангаллин хьоькъехь барта къамел дийр ду.
Ловзар дIадахьар
1. Дешархой шина я кхаа тобане боькъу. ХIора тобанна хьалха кехаташ дохку, шайна тIехь тобанашка хьаьжжина декъна хаттарш а, царна догIу жоьпаш а долуш. Нийсаниг – харжа деза.
1. Автора шен повестехь дуьххьара хьенан васт довзийти вайна?
а) ИбрахIим-Хьаьжин; аь) Себилин; б) Айдин; в) Илланча Иэладин?
2. ГIойтIарчу бахархоша ИбрахIим-Хьаьжа шайн мила хила лаьа аьлла дIакхакхийнера?
а) векал; аь) Юьрта- къеда; б) Хехо; в) Юьрта-да.
3. «ГIиллакхаш, шайна цхьа хало тIе ма-хIоьтти дохош хиллехь, хир а дацара. ГIиллакхаш оьшучохь цIий а Iенош лардан деза», – ойла йора хьан?
а) Цанин-Шидас; аь) ИбраьхIим-Хьажас; б) Анус; в) Данас.
4. Ойланаш еш Iачу ИбрахIим-Хьаьжина хIун аьлла орца хезира?
а) ГIой хи тIедаьлла аьлла; аь) Юьртара кегий нах дIабигна аьлла; б) Саьнгарш мостагIаша дIалаьцна аьлла; в) Юьртахь ун даьржина аьлла.
5. Дуьхьало а ца еш, шайна тIебиссина цIен эскархой а, советан Iедалан гIо лаьцнарш а схьало аьлла, тIедахкарш хьан до нохчийн бахархошна?
а) И.Сталина; аь) Инарла Деникина; б) А.Ермоловс; в) Н.Хрущевс.
6. БухIан-юьртахь кхеташоне гулбеллачу Нохчийчоьнан дукхахболчу молланаша хIун сацам бинера?
а) Деникинца тIом бан; аь) Деникин дуьхьало йоцуш чекхвалийта, «балшекаш» дIалуш; б) Машар бан тIе нах бахийта; в) Сахиллалц доIанаш дан?
7. Керлачу Iедалан векалша халкъана хIун лур ю аьлла дIакхайкхинера?
а) Маршо а, латта; аь) Шортта ахча; б) Керла хIусамаш; в) Деши а, дети.
8. ГIойтIархоша муха тIелоцу шайна тIехIоьттина кхерам?
а) Деникин чекхволуьйту дуьхьало йоцуш; аь) ТIом бан тIелоцу, хьеший ларбеш; б) Керста дине берза сацам бо; в) Лам чу юхабовла барт бо.
9. МостагIашца машар бийца ша вахийтар хьан дийхира Данига?
а) ИбрахIим-Хьаьжас; аь) Цанин Шидас; б) Чодас; в) Иэладис.
I0. Илланча Иэлади бIарзваларан хIун бахьана дара?
а) Дитта тIера охьакхетта; аь) Дуьненчу волуш дуьйна бIаьрзе хилла; б) ТIом бан вахханчохь коьртана чов хилла; в) Казахстанехь коьртах шаьлта тоьхна.
11. Иэладина пхи бIе гергга илли хаьара. Царех ша кхоьллинарг маса дара?
а) Нийсса ах ша кхоьллина дара; аь) Цхьа а дацара; б) Уьш дерриге дара цо ша кхоьллина; в) Цхьа бIе гергга дара.
12. Шен пхийтта шо ма-кхеччи тIаме хIоьттина волчу ворхI вешех а, дех-ненах а, шен чкъурарчу нахах а къаьстинчул тIаьхьа мукъна а синтеме зама йогIур яц теша, бохуш, сатийсина волчу Данина кхин хIун бохам хилира?
а) Говр йийра; аь) Виъ кIант вийра тIам тIехь; б) ХIусамаш егира; в) ЧIир тIеюьйжира.
13. Кхо кIант а велла, уггар жиманиг узарш деш гича, хорамца дагахьбаллам стенна хилира Данин?
а) Уьш кегий болуш, ша цкъа а ца хьастарна; аь) Ненах ша уьш къасторна; б) Нуьцкъала тIам тIе хьажорна; в) Ша царех лечкъаш леларна.
14. Данина шен бIаьрса дIадаьллий муха хииира?
а) Еса деша воьлча; аь) Шена чов хилча; б) Шен веллачу кIентан бIаьргаш дIакъовла охьатаьIча, цуьнан юьхь ца гича; в) Ану йистхилча.
15. Шена хьалхха виъ кIант валаран бохамо ша бIарзвича, Данина эхь хIунда хеттера?
а) Наха тIе пIелгаш хьежорна кхоьрура; аь) Ша бIаьрзе ган ца лаьара цхьанне а; б) Лулахойх эхь хетара; в) Делан кхеле дIабирзинчу шен нийсархошна хьалха эхь хетара.
I6. Хьенан мохь хезча хиира Айдина дуьненчохь уггаре беза бохам цунна тIекхаьчнийла а, кху дуьненчохь цхьанхьа делахь, миччанхьара а цунна орца кхача дезийла а.
а) Данин; аь) Себилин; б) ИбрахIим-Хьаьжин; в) Иэладин.
17. Боьдуш тIом болуш, мохехь ловзу гIа-патар санна, хIун деш хьийзаш яра Себила?
а) ЧIепалгаш; аь) Хелхар; б) Ловзар; в) Белхар.
18. ТIом бечу къонахашна тIехьа мехкарий, зударий, баккхий нах хIунда лаьтташ хилла?
а) тIемалойн майралла а, каделла а алсам йаккха; аь) ЦIахь Iан ца баьхьаш; б) МостагIий кхеро; в) Юьртах бовла некъ боцуш.
19. ТIом марсабаьлла боьдуш болуш, гIойтIархошна шайн юрт хьалдолуш юй хаар стенца билгалделира?
а) Мехкадаьтта шорта хиларца; аь) Герз алсам хиларца; б) Юьртахой (божарий а, зударий а) орцахбовла кийча хиларца; в) Юьртахь газ, свет хиларца.
20. Данина а, Себилина а кхиэл йина эпсар ши ах еш хьенан туьро вожийра?
а) Iеламхин; аь) ИбрахIим-Хьаьжин; б) Совдатан; в) Айдин.
21. ГIойтIархойн де доьхначу дийнахь орцах муьлш бевлира?
а) Мартанхой, шелахой, чечанхой; аь) Гуьмсахой; б) НогIий, хIирий; в) Гуьржий.
22. «Лаьтта тIехь лаьмнаш а хIиттош» повеста бухе диллинарг муьлха шо ду?
а) 1819 шо; аь) 1918 шо; б) 1919 шо; в) 1944 шо.
23. Деникинан эскар герзашца тоьлла хиллехь а, толам гIойтIархоша баккхаран хIун бахьана дара?
а) Юьртахой а, кхечу ярташкара гIо дан кхаьчна орца а бахьана долуш; аь) ГIойтIа Соьлжа-гIалина гена цахиларна; б) ГIойтIара кегийнах тIахъаьлла хиларна; в) ГIойтIархойн шаьлтанаш ира хиларна.
24. «Сагатдеш ма хьийза шу, хIай юьртахойн мерза синош, хIокху арахь Iохкучу шайн догIмийн чархашна тIехула. Царна тIехIуьттуш леларг церан голаш яжа еъна меца борз яц шуна, царна го туьйсург церан шелделла бIаьргаш мийла еъна бос Iаьржа хьаргIа яц шуна»… Хьенан ду лакхахь далийна къамел?
1) Иэладин; 2) Совдатан; 3) Себилин; 4) Къеначу Анун.
25. Анун цIийнда муха дIакхелхина хиллера?
1) Талла ваханчохь, экханца тасадаларехь чевнаш хилла; 2) Говро текхийна; 3) Лен цамгар кхетта; 4) Iинах вахана.
26. Анун кIант Соьлжа-ГIала дечиг дохка вахханчохь хьай вийра?
1) Обаргаша; 2) Салташа; 3) Паччахьан пурстоьпо; 4) Къуйша.
27. Совдатан дахарца боьзна хIун сатийсам бара Анун?
1) Вехаш Iачу стаге маре яхана, хьоло иза юкъян лаьара; 2) Маре а яхана, керлачу адамийн хIу доладойла лаьара; 3) Цунах лор хила лаьара; 4) МостагIашна цо бекхам бойла лаьара.
28. ТIамехь эгна, кхечу динехь болу хьеший дIа мича бухку аьлла Сардала шега хаьттича, хIун жоп ло ИбрахIим-Хьаьжас?
1) Вайчарна жимма гено бохка; 2) Цхьаьна бохка, церан дин цхьаъ дара тахана; 3) Шайн-шайн махка декъий дIадахьийта; 4) Эвла йисте дIабохка.
2. Г1иллакх-оьздангаллин хаттарш барта дийцаре дар.
1-ра тоба
Деэшна, шайгара гIо лоьхуш, шайна тIевеана волу стаг, мичара, мила ву а ца хоьттуш, беза хьеший а бой, тIеоьцу нохчаша. Повестехь муха гайтина нохчийн деза гIиллакх-хьаша ларар, ларвар?
2-гIа тоба
Дийца, повестехь муха гайтина бохамехь нохчий вовшашна орцахбовларан гIиллакх?
3-гIа тоба
Ден, кIентан нохчийн хила еза юкъаметтигаш, бехкамаш муха гайтина Данин вастехь?
VI. Жам1аш дар.
Кхаьжнаш лору, тоьлларш совг1аташца билгалбо.
VII. Хаарийн мах хадор.
VIII.Ц1ахь кхочушдан дезарг.
Сочиненина кечам.

АБУЕВА Товман, Соьлжа-Гlалин «П.П.Балюкан цlарах йолчу №56 юккъерчу юкъардешаран школан» нохчийн меттан а, литературин а хьехархо

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных