Menu


«Ирсе бIаьрхиш»

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Урокан цIе: Саракаев Хьамзат кхолларалла. Дийцар «Ирсе бIаьрхиш».
Урокан Iалашо: Саракаев Хьамзатан дахаран а, кхоллараллин а некъах болу хаамаш кIаргбар; керланиг довзаран хьашто хилар. Саракаев Хьамзатан «Ирсе бIаьрхиш» дийцаран идейно-тематически чулацам бовзийтар. Дийцаран чулацамца нене болу безам совбаккхар.
Урокана оьшу гIирс: урокан керла коьчал йовзийта лерина презентаци, тептарш, лугIаташ, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамIдаран гIирс.
Урокан тайпа: керла хаарш довзийтаран урок.
Урок дIаяхьар
I. Догдаийтаран мур
«Лаьмнел лекха бу ден синхаам, хIордал кIорга бу ненан безам».
1. Муха кхета шу кицанан маьIнехь?
2. ХIунда дина аьлла хета шуна халкъо и тайпа дустар?
Дела цхьаъ винчул тIаьхьа, Делан Элча (I.с.в.) бакъвинчул тIаьхьа, шен дай, наний ларар тIехь ду Дала кхоьллинчу массо а адамна. Нохчийн къам бусалба динца догIуш долу, и Дела деза гIиллакхаш чIогIа лелочех цхьаъ ду. Вайн къоман даиман а сийлахь декхар хилла дай, наний ларар, церан сий дар. «Лаьмнел лекха бу ден синхаам» – да доьзалхочун лекха ву, веза ву, цуьнан сий де, ларам хила бохург ду. «ХIордал кIорга бу ненан безам» – ненан доьзалхочуьнга йолчу марзонан, къинхетаман барам бусталур боцуш хилар, нене кхочуш дуьненчохь цхьа а хIума цахилар чIагIдар ду.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализаци яран мур
Россин йаздархойн Союзан декъашхо, Россин журналистийн Союзан декъашхо, Нохчийн Республикин хакъволу журналист, йаздархо ву Саракаев Хьамзат.
Цуьнан да вара вевзаш волу нохчийн йаздархо, публицист а нохчийн фольклоран а, гIиллакхан а историк ИбраьхIим-Бек Саракаев.
Нана – йевзаш йолу журналистка Марьям Эльмурзаева, Абдул-Меджид (Тапа) Чермоевн йиши йоӀ. Иза нохчийн зударех хьалхарниг яра Соьлжа-ГӀалин зударийн гимнази чекхйаьккхинарг.
Хьамзат Саракаев вина 1927 шеран 31 декабрехь Веданахь. Иза хьалакхиош оьрсийн «няня» йара цуьнан девешин Азисан доьзалехь. Хьамзата дийшира Веданахь школа- интернатехь. 1944 шарахь массо а нохчий цӀерабехира. Цуьнан Ӏан дийзира Джамбулехь а, Чимкентехь а. 1951 шарахь комендантегара пурба а ца доккхуш (спецпереселенцаш хиларе терра, комендантан бакъо йоцуш, нохчийн цхьана йуьртара вукху йуьрта баха бакъо ца хилла) иза Казахстанера Туркмени вахара. Цигахь цо чекхйаьккхира Чарджоухь йолу хинан а, хӀордан а некъан техникум. Техникумехь цунна йелира лакхара лейтенантан цӀе. Цо капитанан гӀоьнчан болх бира. 1957-чу шарахь вокхахволчу вашас дехар дина иза цӀа вирзира.
Цо нохчийн матте даьхна Толстойн дийцарш: «Хаджи-Мурад», «Казаки», «Набег», «Рубка леса».
Саракаевс ша йазйина произведенийн гуларан цIераш – «Дуьххьарлера хьунар», «Ибрагим Бек», «Эдалхан некъаш», «Малхана тIаьхьа», «Толамах тешарца», иштта кхийерш а.
Саракаев Хьамзата белхаш бина Нохч-ГIалгIайн редакцехь воккхачу редакторан даржехь, «Низам», «Вайнах» журналашкахь, «Терк» газетехь.
III. Керлачу хаамех дерг довзийтаран мур
Тахана шуна довзуьйтур ду Саракаев Хьамзатан «Ирсе бIаьрхиш» цIе йолу дийцар. Вай жимма хьалха шуьца Iамийра Сайдуллаев Хьасанан «Ненан бIаьрхиш» цIе йолу поэма. «Ирсе бIаьрхиш» дийцаран жанрехь йазйина произведени ю, ткъа «Ненан бIаьрхиш» поэмин жанрехь йазйина ю.
Стенах олу поэма а, дийцар а?
Поэма – лиро-эпически произведенийн цхьа тайпа. Къоман дахарехь маьIне долу гIуллакхаш а къастош, хьуьнаречу турпалхойн васташ а кхуллуш йолу стихашца язйина лиро-эпически произведени йу.
Дийцар – стеган дахарера цхьаъ я масех гIуллакх гойтуш йолу жима эпически произведени йу.
«Ирсе бIаьрхиш» дийцар дIадолоран сурт иштта ду: Ахьъяд Iинах чувоьдуш, цхьа жима колл карайар бахьана долуш, цунах тасавелла Iожаллица къуьйсуш воллу. Иза ца теша шен дахаран тIаьххьара миноташ тIехIиттина бохучух, амма Iожаллах кIелхьарвала агIо лоьхучу цунна лерехь хезаш ду аз: «ДIахеца! Хьо кIелхьараваккха цхьа а вац, хьуна. Хьажал чунехьа. Бух гой хьуна хIокху Iинан? Бухахь догIуш буьрса Орга ду, хьуна. Цо керчо тIулгаш мел даккхий ду, хаьий хьуна! Хьажал, хьо ца тешахь!...»
КIентан берриг синкхетам хIокху бердах хьалаваларна тIеберзийна бу. Цундела цо ша-шега боху: «ХIан-хIа, сан иштта атта вала йиш яц. Бакъдац, со кIелхьаравер вац бохург!»
Мохь тоьхна, орца даккхар осала хеташ, йуха а басах хьалатасало иза.
«Кхунна генадоццуш охьахиира цхьа хаза бос болу хьоза. ДIа а, схьа а хьаьвзина, корта агIорбаьккхина адаме а хьаьжна, «чIир-чIир» элира цо, цкъа-шозза кхосса а луш. «Дависа, цхьана минотана хьан санна, ши тIам белара сан», - дагадеара дегIера тIаьххьара ницкъ кхачош воллучу кIантана».
И ойланаш йечу кхунна куьйга тIехула охьабеара беха, шуьйра, къорза бухка. Цкъа йуьхьанца и бухка бIарлагIа ю моьттуш, ша кхетамчуьра ваьлла теша аьлла хийтира. Амма ойла йеха йечохь дацара гIуллакх, цо, аьрру куьйга колл схьа а лаьцна, жимма хьала а кхоссалуш, бухканах катуьйхира. Мелла а хан йелира, колл дIахеца ца хIуттуш. Амма, эххар а, чехка колл дIа а хецна, катоьхна, вукху куьйга а схьалецира бухка.
Цу кепара чолхечу хьолехь воллучу кIантана гонахара Iалам исбаьхьа гойту яздархочо. Иза ша а тешна ву цу жимачу къонахчун дахаран генаш кхузахь хедарг цахиларх: «Гонаха самадолуш дара тIейогIучу бIаьстено дендина Iалам. ЧIенгаш а этIош, гучудевлла кегийра гIаш дара цхьаццадолчу дитташ тIехь гуш. Лакхахь хьоькхучу бIаьстенан мелачу механ тулгIе хьекхалора наггахь кIентан дегIах. Нанас дайн хьоькхучу куьйго санна, коьрта тIехула хьакхалуш тIехболура иза, кхуьнан коьртара месаш дIаса а яржош».
КIант синкхетам чу веача, кхийтира ша кIел-
хьараваьккхинарг хан яьлла зуда йуйла. И зуда йехачу йуьрта лор болх бан хьажийна хилла Ахьъяд. Некъаца цушиннан къамел тасало. Ахьъяда дуьйцу, ша да-нана доцуш, кхо-диъ шо кхаьчча дуьйна детдомехь кхиъна хилар. Цигара дIа институте деша вахана хилар.
Дуккха а хIуманаш дагадахкийтира цу зудчунна хIокху кIанта. Кхуьнан а вайнера кхо-диъ шо долу кIант. Лерехь декара: «Ткъа шо сов хан… Кхо-диъ шо кхаьччахьана дуьйна…», – боху дешнаш. КIанте ша йолчохь сацар дийхира цо. Йурт гучуйаьлча, соцунгIа хилира Ахьъяд. ЧIогIа хазачу меттехь яра йурт. «ХIара ю-кх Щвейцари а, Ницца а, дуьненан ялсамани а», - элира цо ша-шега, воккхаверца.
ХIара шиъ уьйтIа кхаьчча, кIантана гира девзиг хьаькхна цIанйина уьйтIе а, котамашна хIоъ туьйсуш лаьтта итт-цхьайтта шо кхаьчна йоI а. Цуьнан цIе Зулпаъ яра.
Йуьхь-куьг дила дагахь, арахь сецначу кIанта шена тIера пиджак дIайаьккхича, ненан бIаьрг кхийтира аьтту пхьаьрса тIера кхаа мингах. Са малделлачу ненера мохь белира: «Зулпаъ… Зулпаъ… хьан ваша Ахьъяд… Сан кIант, сан Докка ву, хьуна, иза!» Йовлакхан тIомо дIахьулйина хиллачу зудчун бесни тIехь аьрру лерга уллехь тIеда гира кIантана. Цунна дагабеара, бевзира, ша жима волуш куьг хьоькхуш, дIабаккха гIиртина пIелг биллал болу и Iаьржа тIадам…
Ахьъяда маракъоьвлира, дог а гIелделла, охьайужуш йоллу шен нана. Кхаа адаман бIаьргех охьаоьхура дуьра, амма ирсе бIаьрхиш.
IV. Керла хаарш тIечIагI-даран мур
1. ХIинца «Нана» дашна синквейн хIоттор ю вай.
Нана
Мерза, хьоме,
Хьоьсту, ларво, Iамаво
Ненан сий динарг
махко а лерина.
Даймохк.
2. Хаарш – зер (Нийсаниг харжа)
3. Ловзаран кеп «ДоттагIчуьнга хаттар».
4. Iамийнарг тIечIагIдеш, хаттаршца доьзна къамел
– Зулпаъ дика йоI а, гIуллакх дарна тIера хилара стен гойту?
– Ахьъяд шен кIант вуй муха хиира и кIелхьараваьккхинчу зудчунна?
– Нохчийн къоман амалшца догIу муьлха гIиллакх лецира зудчо Ахьъядаца?
– Ахьъядана шен нана йовзийтинарг хIун билгало яра?
– Дийцаран коьрта маьIна муха ду?
5. Дешнаш тIехь болх :
Бухка – 1) подпруга; 2)ремень; 3) ремень для поддержания клади, переносимой на спине.
БIарлагIа – призрак
Боьмаша (басахь) - коричневый
Легашка шад хIоьттира – кхузахь: перехватило дыхание.
V. Урокан жамI дар.
«Ирсе бIаьрхиш» дийцарехь автора сурт хIоттош гайтина ша и цIе хIунда тиллина. Дуьненахь адаме кхин дан дика дац шен вайна стаг схьакарорал. Жимчохь шех къаьстина кIант, оццул хан-зама яьллачул тIаьхьа схьакарийна нанна. Хийла цо шен вайначу кIантана сагатдеш ихна ненан бIаьрхиш, дагахь а доцуш, шен дагахь нехан кIантана гIо дан арайаьллачу зудчунна, Дала дика дина, кIант схьа а карийна, ирсечу бIаьрхишка дирзина.
VI. Рефлексин мур.
1. Со дика тIекхии …
2. ХIинца дуьйна …
3. Сан алсам къахьега деза …
4. Тахана дуьйна я кхидIа …
VII. ЦIахь: 1) Дийцаран коьрта хиламаш дага а лаций, план хIоттайай, цунах пайда а оьцуш, боцца схьабийца произведенин чулацам. 2) Сочинени язйе «Ненан васт» темина.

Исакова Бирлант,
Соьлжа-ГIалин № 5 йолчу гимназера нохчийн меттан а, литературин а хьехархо

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных