Menu


Нохчийн халкъан иллеш

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Урокан цIе: Халкъан илли «Сай»
Iалашонаш: иллин чулацам дешархошка дIакхачор, цуьнан идейно-исбаьхьаллин маьIна дастар; Iаламе безам кхиор.
Кхочушдан лору жамIаш: дешархошна хаа деза шаьш ешначух кхета, ешначух лаьцна шайна хетарг ала; шайн белхан план хIотто, цу планан рогIаллехь болх бан, вовшашца а, хьехархочуьнца а къамеле бовла, къамел дIадахьа, Iама беза шен кхиамаш а, кхачамбацарш а довза, царах пайдаэца.
Хьехаран некъаш: учебникца болх бар, дешархойн хаамаш, комментари ярца текст ешар.
Урокан тайпа: керла хаарш довзийтаран урок.
Урок дIаяхьар
I. Урокана кечамбар.
Маршалла хаттар, урокана оьшу гIирс кечбар, класса чохь верг-воцург билгал а воккхуш, журнал тIехь болх бар.
II. Ойла тIеерзор.
Бераш, хIун го вайна суьрта тIехь?
– Хьан эр дара аша, муьлха илли Iамор ду вай тахана? ХIун ю цуьнан цIе? ХIун болх дIахьур бу вай урокехь?
(Дешархоша йовзуьйту урокан цIе а, Iалашонаш а)
III. Дешархойн хаарш жигардахар.
ЦIахь бина болх таллар
1. Тутмакхан хIун сатийсамаш гойту «Нохчийн шира иллино»?
– Стенга сатуьйсу тутмакхо? Цуьнан сатийсам гойту дустарш схьалаха текст тIехь
– Муьлш бу цунна дагабаьхкинарш, хьанна сагатдо цо? Шуна муха хета, хIун ду коьрта кху илли тIехь: тутмакхан дакъазадаьлла дахар я цо ен ойланаш?
– Иллин коьрта маьIна муьлхачу дешнашкахь ду?
– Илли лирически ду я турпалаллин ду?
– Муха къаьста турпалаллин иллеш лирически иллех? (Турпалаллин иллеш тIехь турпала гIуллакхаш дуьйцу, ткъа лирически иллеш тIехь довзуьйту дахарера хьелаш, билгалйовлу адамийн ойланаш, сатийсамаш.)
2. Белхан тетрадь тIера тIедахкарш дешархоша муха кхочушдина хьажар.
IV. Керлачу хаарийн дуьххьара дIалацар.
– Тахана урокехь вай Iамор ду «Сай» цIе йолу халкъан илли.
Вайн халкъан барта кхоллараллехь дукха дац Iаламах. дийнатех, акхаройх лаьцна лирически иллеш. Амма царна юкъахь шен исбаьхьаллица, говза кхоьллина хиларца къаьсташ ду «Сай» илли.
Сен хазалла, цуьнан исбаьхьа куц гайтина илли тIехь.
1. «Сай» це йолу илли къастош дешар
Хьехархочо доьшу илли.
2. Дешнаш тIехь болх бар
Варш-хьуьнан йисте, юькъа коьллаш, дитташ долу меттиг;
зорх-дийнатан хьер;
муж-мела аттан малар;
иччархо-таллархо, нийса топ тухург; мокхаз-чIогIа тIулг (кремень); кур-сен маIаш; торгIал-къорза; гIала- стен сай; гIергIаш-кхайкхуш, Iиехаш.
3. Иллин идейно-эстетически маьIна къастор
– Илли дIадешча хIун сурт хIутту вайна хьалха?
– Иллин могIанаш дIадешча Iаламан исбаьхьалла хьалха хIутту.
– Дийца сен вастах лаций? Сен оьзда амалш, хаза куц – и дерриге а хаалуш санна, гуш долуш санна хетало. Стешха а, сема а бу сай, сатийна а бац иза, даим ладоьгIуш бу. Шена болчу кхерамах кIелхьарабала гIерташ, цхьана Iалашонна тIекхача гIерташ, цкъа а сацар доцуш, синтем боцуш гайтина сай. Ламанан шийла шовда мелла, маргIала сийна буц йиъна кийранна там ца беш, хьуьнан хотешкахь берзан йорт етташ лела сай. Иччархочун тоьпах ларлуш, сема ладоьгIу цо. Накъостех хаьдда, ша бисна иза. «Мокхазан ва бердах куьран га ва хьоькхуш. Цу попан орамах торгIал тIа ва детташ. Лергаш дуьхьал ва туьйсуш, кур аркъал сеттабеш», – гIелашка кхойкхуш лела сай».
– ХIун ду хIара илли кхечу лирически иллих къастош дерг? (Адамийн дахар сен дахарца дустуш далийна кху илли тIехь. И сай санна, халонаш ловш, адам баланехь дехаш хилар гайтина халкъо шен илли тIехь.)
– Сай синтем байна хьийзаран хIун бахьана ду?
– Сай хIунда къастийна халкъо адаман дахар довзийта, кхидолу дийнат а ца хоржуш?
– Сай оьзда хилар муьлхачу могIанашкахь билгалдолу?
– Гучуяккха халкъо сений, адамний юккъехь хIоттош йолу уьйр.
– Муьлхачу дешнашкахь билгалдолу иллин коьрта маьIна? («Вай бен дац, кIентий, бохуриг ца хуьлуш?» - оцу дешнашкахь ду иллин коьрта маьIна. Шайн Iалашонаш, сатийсамаш кхочуш ца хуьлуш, Iазапехь даьхна адам.
Сен халчу, кхерамечу дахаран суртхIотторца илли тIехь гайтина паччахьан заманахь халкъан дахарехь хилла йолу халонаш, даиманна а цхьана баланаша, гIайгIанаша адамашкахь сингаттам латтийна хилар.)
– Иштта хаза сен куц хIотто аьтто бинарг хIун ду кху илли тIехь?
4. Иллин исбаьхьаллин башхаллаш къастор.
– Муьлхачу суртхIотторан гIирсех пайдаэцна илли тIехь?
V. Тобанашкахь болх.
I-ра тоба. Схьалаха текст тIера эпитеташ (маргIала сийна буц, мела муж, торгIала тIа, мокхазан берд),
2-гIа тоба. Метафорш схьалаха (берзан йорт етташ; сема ла ва доьгIуш),
3-га тоба
Риторически тIедерзар а, хаттар а («Масане сай лела гIелашца ва боцуш, Вай бен дац кIенатий, бохуриг ца хуьлуш?»)
– Дийца, хIун маьIна ду иллехь долчу «ва» бохучу дакъалгийн. (Цара гIо до иллин ритм ларъярехь а, и шера дIадешарехь а.)
– Орфографически кеп талхош далийна иллехь «кIенатой, бохуриг» дешнаш. ХIун бахьана ду цуьнан? (Иллин ритм ца йохош, шера дIадешийтаран Iалашонца далош хилла халкъо и тайпа дешнаш.)
VI. Урокан жамIдар.
Кластер хIоттае «Илли» дашна.
VII.Рефлекси.
Суна хии…..
Суна хазахийти….
Со ца кхийти…..
VIII. Хаарийн мах хадор.
ЦIахь кхочушдан дезарг
1. Учебник-хрестомати тIехь долчу хаттаршна жоьпаш кечде.
2. Дагахь деша Iамаде «Сай» цIе йолу илли.
3. Белхан тетрадь, 1, 4-гIий тIедахкарш

ХIоттийнарг
Абуева Товман,
Соьлжа-Гlалин «П.П.Балюкан цlарах йолчу №56 юккъерчу юкъардешаран школан» нохчийн меттан а, литературин а хьехархо

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных