Menu


ЖовхIарийн кочар

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Урокан цIе: Халкъан барта кхолларалла.
Урокан Iалашо:
1. Халкъан иллеш, дийцарш, туьйранаш, церан чулацам, маьIна а. Халкъан барта кхоллараллина мехалла. Барта кхоллараллех болу кхетам кIаргбар.
2. Урокан керла коьчал йовзийтар тIехь болх дIабахьа.
Урокана оьшу гIирс: урокан керла коьчал йовзийта лерина презентаци, тептарш, лугIаташ, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамIдаран гIирс, керлачу дешнашна слайдаш.
Урокан тайпа: керла хаарш довзийтаран урок.
Урок дIаяхьар
I. Догдаийтаран мур.
«Ламанхойн шира хабарш а, иллеш а
Инзаре хаза поэтически хазна ю».
Л.Н.Толстой
- Муха кхета шу тахана урокана далийначу цитатех?
- Цуьнан маьIна хьан достур дара аша?
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализаци яран мур.
1. Фольклоран муьлха жанраш евза шуна?
2. Муха чулацам болуш ду нохчийн туьйранаш, дийцарш?
3. ХIун башхалла ю царна юккъехь?
4. Хьанах лаьцна дара уьш?
III. Керлачу хаамех дерг довзийтаран мур.
Ширачу заманахь, йоза а, йозанан литература а кхиале дуккха а хьалха, халкъо шен исбаьхьаллин произведенеш кхуллуш хилла: туьйранаш, тайп-тайпана дийцараш, эшарш, иллеш, кицанаш, хIетал-металш. Царех цхьаерш вайна евзира 5-чу классехь. Нохчийн барта кхолларалла тайп-тайпана жанрехь хуьлу.
Нохчийн иллеш йоккхачу поэтически говзаллица кхоьллина ду. Iаламат хаза исбаьхьа суьрташ а, васташ а кхуллу иллешкахь. Адамийн дахар, Даймохк безар,Iалашбар, кхечу къаьмнашца доттагIалла хилар билгалдолу иллешкахь.
Илли – турпалаллин тIаьхьа пондар а балош, дахарехь хилла гIуллакхаш а, хьуьнаре къонахий а буьйцу стихотворенин кепехь йолу лирически а, лиро-эпически а произведени.
Халкъо иллеш кхуллуш хилла паргIато лоьхуш болчу турпалхойн хьуьнарех а, сатийсамех а лаьцна. Цундела царех турпалхойн иллеш олу. Вай халкъо хиламаш а, къийсамаш а буьйцуш халкъо дуккха а иллеш кхоьллина. Шен турпалхойн хестабо халкъо иллешкахь, церан хьуьнарш, цара махкана а, халкъана а дина дика гIуллакхаш тIекхуьучарна довзийта, кегийрхой уьш санна хьуьнаре хилийта, царах масал эцийта. Къехойн ямартчу а, къизачу а элашкий, шовхалшкий болу цабезам гойту оцу иллешкахь.
Вай заманахь иллеш кхуллу керлачу дахарх а, тайп-тайпанчу хиламех а, гIарабевллачу нахах а лаьцна, амма литература кхиар бахьана долуш хьалха санна дукха ца кхуллу уьш. Ишттачарех ду «Эвтархойнн Ахьмадан илли». Цу илли тIехь коьрта тема доттагIалла ю. Эвтархойн Ахьмад – халкъана дукхавезаш волу турпалхо ву. Цуьнан къонахалла, оьздангалла гойту кху илли тIехь. Эвтархойн Ахьмад а, гIалгIазкхи а, цуьнан юкъаметиг а гойту вайна. Илли тIехь къаьмнашна юккъехь доттагIаллин уьйраш чIагIъяре кхойкху.
Дешнаш тIехь болх:
Чергазий-черкес (нация)
ГIумкий-кумык (нация)
Дийцар – стеган дахарера цхьаъ я масех гIуллакх гойтуш йолу жима эпически произведени. Нохчийн барта кхоллараллехь дукха ду тайп–тайпана дийцарш, забаре хабарш, ира аларш. Царах цхьадерш, инзаре тамашийна хIуманаш шайн чулацамехь долуш, туьйранех тера ду, важдерш халкъан дахарехь хила тарлуш долу хIуманаш дуьйцуш ду.
«Хьекъал долу зуда» цIе йолу шира дийцар тIехь кхидолчуьнца цхьаьна билгалдолу нохчий йукъараллехь ширчу заманахь дуьйна а зударшка боккха лерам болуш хилар.
Туьйранаш – инзаре а, тамашийна а хиламийн хьокъехь халкъо хаздина кхоьллина дийцарш ду. Туьйранийн чулацам хIораммо хуьйцуш, шен кхетамца тIетухуш, маьIна кIаргдеш хилла. Адамийн дахарх, гонахарчу Iаламах долу тайп-тайпана хIуманаш кхочуш хуьлу туьйранашкахь. Массо а туьйранашкахь халкъан сатийсамаш а, адамийн дахар а, кхоллам а, дикачух тешар а дуьйцу.
IV. Керла хаарш тIечIагIдаран мур.
I. ХIинца «Илли» дашна кластер хIоттор ю вай.
2. Хаарш – зер (Нийсаниг харжа)
3. Ловзаран кеп «Нийса хетарг билгалдаккха (ХIаъ-хIанхIа).
Йоза а, йозанан литература а кхиале хьалха кхоьллина ю барта произведенеш. (ХIаъ)
Нохчийн къоман барта произведенийн автор билгалваьлла хуьлу. (ХIан-хIа)
Нохчийн туьйранаш къоман барта кхоллараллин дакъа дац. (ХIан-хIа)
Нохчийн иллеш шайн чулацамехь кхаа тобане декъало: турпалаллин-эпически, турпалаллин–исторически, лиро-эпически. (ХIаъ)
Нохчийн барта кхоллараллехь дукха ду тайп-тайпана иллеш. (ХIаъ)
Къоман барта кхолларалла кIорггера йовзархьама, Iилманчаша дIа а язъеш, толлу барта произведенеш. Халкъан барта кхолларалла толлуш волчу Iилманчех фольклорист олу.
Нохчийн халкъан барта произведенеш дIаязъярца цхьаьна, церан лаккхара мах а хадийна хIетахь дуьйна а. XIинца а нохчийн халкъан барта произведенеш дIаязьяран, гулъяран, талларан болх дIахьош бу. Iилманчаша, яздархоша лаккхара мах хадабо нохчийн халкъан барта кхоллараллин.
Къоман дахарехь мехала хазна ю ненан мотт, барта кхолларалла, исбаьхьаллин литература, культура. БIешерашкахь адамашна юкъахь кхиъна гIиллакх-оьздангалла, беркате ламасташ, халкъан кхетам а, ойла а ю цаьрца.
V. Урокан жамI дар.
1. Халкъан барта кхолларалл бохург хIун ду?
2. ХIун башхаллаш ю иллешний, туьйранашний юкъахь?
3. Наьрт-аьрстхой муха нах хилла?
4. Вайн заманахь хIунда ца кхуллу халкъо наьрт-аьрстхойх лаьцна дийцарш?
VI. Рефлексин мур.
1. Со дика тIекхии …
2. ХIинца дуьйна …
3. Сан алсам къахьега деза…
4. Тахана дуьйна я кхидIа…
VII. ЦIахь: Проект. Вайн композиторшна дукха езара халкъан эшарш, уьш шайн произведенешна йукъайохуьйтура цара. Йаздархойн кхоллараллехь халкъан эшарша дIалоцу меттиг» темина хаам кечбе.

Исакова Бирлант, Соьлжа-ГIалин №5 йолчу гимназера нохчийн меттан а, литературин а хьехархо

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных