Menu


Даймехкан марзо

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Урокан цIе: Саидов Билалан «Вина юрт» стихотворени.
Iалашонаш: дешархошна стихотворенин идейх кхета гIoдар, къастош еша а, анализ ян а хаар шардар.
Кхочушдан лору жамIаш: дешархошна хаа деза шаьш ешначух кхета, хиндолчу гIуллакхан прогноз ян; шайн белхан план ХIОТТОН, цу планан рогIаллехь болх бан, вовшашца а, хьехархочуьнца а къамеле бовла, къамел дIадахьа, Iама беза шен кхиамаш, кхачамбацарш довза, царах пайда эца.
Хьехаран кепаш: къастош ешар, хаттарш хIитторца къамел дар, хьехархочун комментареш, текстана анализ яран кепаш.
Урокана эпиграф:
«…Беза хьо, Нана-мохк –
Дай баьхна латта.
Хьоьца ду сан ирс а,
Ас мел ен ойла.»
(Айдамиров А.)
Урок дIаяхьар
I. Урокана кечам бар.
Маршалла хаттар, урокана оьшу гIирс кечбар, урокехь верг-воцург билгал а воккхуш, журнала тIехь болх бар.
II. Ойла тIеерзор (мотиваци)
– Бераш, хьовсийша, корехула схьагуш ма хаза, къегина де ду! Шун самукъадолий ишттачу дийнахь? Со а хуьлу шуна иштта самукъане, шун самукъадаьлча. ХIинца, иштта лаккхарчу синхIоттамца, Iилманан кIоргене кхачаран Iалашонца вешан рогIера нохчийн литературин урок дIайолаяй вай?
– Муха кхета шу тахана вай урокана далийначу дешнех?
– Цуьнан маьIна хьан достур дара аш?
– Муьлхачу исбаьхьаллин васташца гайтина А.Айдамирова Даймахке болу безам?
Саидов Билалан муьлха произведени Iамор ю вай тахана, хIун ю цуьнан цIе?
– ХIун болх дIахьур бу вай урокехь?
(Дешархоша йовзуьйту урокан цIе а, Iалашонаш а)
III. Дешархойн хаарш жигардахар. ЦIахь бина болх таллар.
1. Стенах лаьцна дийцира вай дIаяханчу урокехь?
2. Гадаев М. «Ирча суьрташ» дийцар тIехь юьйцург хIун зама ю?
3. Муьлш бу дийцаран турпалхой?
4. ХIун хабарш дара нахана юкъахь даьржинарш?
5. ХIунда хета Эдина ша цIсра ваккха бахьана дац аьлла?
6. Дийцаран дIахIоттам муха бу? ХIун ду цуьнан дIахIоттамехь шатайпа дерг?
7. ХIун маьIна ду, шуна хетарехь, хIокху дийцаран? ХIун ала гIерта шен произведеница автор?
IV. Керлачу хаарийн дуьххьара дIалацар.
– Саидов Билалах лаьцна хIун хаам кечбина аша? (Хьехархочо толлу дешархойн кхоллараллин белхаш, билгалбоху кхиамаш а, кха-чамбацарш а.)
Хьехархочун дош.
– Нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис яздина Саидов Билалех лаьцна: «Б. Саидовн поэзин коьрта тематика яра Даймохк, къонахалла, доттагIалла, безам. Цунна дика хаьара шен Даймахках къастар хIун ду. Сталинан репрессийн муьрехь цо ша лайнера ша винчу махках къастаро, цуьнга генара сатийсаро яхьаш йолу, шех иштта олуш йолу хала цамгар – ностальгия. Билал шен мехкан а, шен къоман а бакъволу кIант вара: гIиллакхе, оьзда, догцIена, дуьненан а, адамийн а хазалла евзаш а, езаш а».
– Саидов Билалан “Вина юрт” цIе йолчу шен стихотворени тIехь еххачу хенахь Даймахках къаьстина леллачу лирически турпалхочун дог-ойла гойту.
– Вина мохк, вина юрт хьоме ю хIора стагана а. Шен махках, шен халкъах, дайн ламастех дIахаьддарг ирсе хила йиш яц бохург чIагIдо поэта.
– ХIинца «Вина юрт» стихотворени дIайоьшур ю вай.
Дешнаш тIехь болх бар.
ГIулч - 1. когийн цхьа ша. 2. дечкан барам.
Къоркхокха - кхокхан тайпа (горлица)
Гуьнахь доцу - 1. бехкбоцу цIена; 2. хьуьнар доцу, де доцу.
Кхетарх дуьххьарлера таллам.
Хаттаршца доьзна къамел дар.
– Стенах лаьцна дуьйцу стихотворенехь? (Поэто стихотворенехь дуьйцу винчу юьртах МахкатIех, хьомечу юьрте болчу безамах.сатийсамех лаьцна…)
– Муха ду хIокху стихотворенехь лирически турпалхочун васт?
(Лирически турпалхочун бовхачу безамца ша винчу махке, цуьнан Iаламе, цуьнан халкъе кхевдина ду, цо шен ойланца чIагIдо вайна «Вина мохк мазал а мерза бу» боху кица).
– Кхин муьлха кицанаш девза шуна и бакъдерг тIечIагIдеш? («Шен цIа-цIен цIа»,«Дикачу пхьидо шен Iам хестабо», «Винчу мехкан хIаваъ а ду чоме», «Нехан ялсаманел,шен жоьжагIате а тоьла» . «Нехан махкахь эла хуьлучул,шен махкахь лай хилар тоьла.)
– Стенца дусту поэто ненан сурт? Схьалаха текст тIехь и могIанаш.
(Ненан сурт Даймахкаца дусту поэто. Нана санна хьоме, беза бу Даймохк хIоранна.)
– Со жимчохь къаьстира
Езначу ненах.
Хьох херавелира,
Дог хьоьца дуьтуш.
Ненан сурт хьайчуьнца
Хьалха а хIуьттуш,
Зама ас кхийхьира,
Тахане лоьхуш.
– Поэтана хетарехь юрт къонъеш, цIинъешдерг хIун ду?
(Поэтана хетарехь юрт къонъеш, цIинъешдерг хьанала къахьоьгуш долу халкъ ду. Хьанала къахьоьгуш верг даима а сийлахь хилла.)
Хьо къонъеш, цIинъеш дерг
Къахьоьгу халкъ ду,
Хьанал къахьоьгуш вверг
Даима сийлахь ву.
– ДIадеша могIанаш, схьалаха антитезаш.
Тамашен ю зама
Шен новкъа йоьдуш:
Со жима бер долуш
Хьо къена яра,
ХIинца, со къанвелча,
Хьо къонлуш лаьтта (жима-къена, къанвелча-къонлуш.)
Слайд:
Антитеза-исбаьхьаллин кеп ю, хIума а, хилам а я персонаж дуьхь-дуьхьал хIоттош йолу.
Тобанашкахь болх.
– Муьлхачу исбаьхьаллин суртхIотторан гIирсех пайда эцна автор шен стихотворенехь Iаламан сурт хIоттош? Схьалаха уьш.
1-ра тоба: Эпитеташ: (хаза урамаш, бай сийна майданаш, дашо малх, майра аз…)
2-гIа тоба: Метафораш: (балано таIийна, дахаро Iехийна, хьо къена яра, цамгаро гIелдина…)
3-гIа тоба: Олицетворенеш: (шовданаш дека, яхалахь, кхиалахь, вовшашка кхаъ боккху, къонлуш, бода дIаэккхабеш, дог хьоьца дуьтуш…)
V. ЖамIдаран хаттарш.
– ХIун ойланаш кхоллайолуьйту стихотворенино? ХIун сурт хIутту шуна хьалха и ешча?
– Стенах лаьцна дийци вай тахана урокехь?
– Мила ву «Вина юрт» стихотворенин автор?
– Стихотворенин коьрта маьIна хIун ду аьлла, хета шуна? ХIун ду Саидов Билалан хьоме юьрт дагахь лоттуьйтург? Муьлха синхаамаш хаало вайна кху стихотворенехь? Муха билгалйолу вайна хIара стихотворени?
VI. Рефлекси
– Дийца шайн кхиамех лаций.
Суна Iеми...
Суна хии...
Суна хазахити...
Со ца кхийти...
VII. Хаарийн мах хадор
VIII. ЦIахь кхочушдан дезарг.
1. «Вина юрт» къаетош еша хаар. Учебник-хрестомати тIехь долчу хаттаршна жоьпаш кечдар.
2. Шаьш дехачу яртех лаьцна докладаш кечъян.
3. Стихотворенина иллюстрацеш кечъе. Царах лаьцна дийца кечамбе.
Жималлехь левзина
Хаза урамаш…

Абуева Товман, Соьлжа-гIаларчу №56 йолчу юккъерчу школан нохчийн меттан а, литературин а хьехархо

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных