Menu


Муталибов Зайндин дахар а, кхолларалла а

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Урокан цIе: Муталибов Зайндин «Дешархойн къийсадаларш» дийцар.
Урокан Iалашо: «Дешархойн къийсадаларш» дийцаран чулацамах кхетор;
Муталибов Зайндин дахар а, кхолларалла а, довзийтар; нийса а, кхеташ а дийцаран текст йеша Iамор, дийцаран йукъара коьрта маьIна каро Iамор; гIиллакхе-оьзда кхетош-кхиор.
Кхочушдан лерина жамIаш:
берашна хаьар ду нийса, дийцаран маьIна схьакаро а, соцангIа а йеш шайн дагахь а, хезаш а дийцаран текст йеша, хьехархочун хаттаршна нийса а, чулацаме а жоьпаш дала. Берашна хуур ду дийцаран йукъахь вониг довза цунах лардала, диканиг тIеэца цунах пайдаэца. ГIиллакхе а, оьзда а кхиа, тобанашкахь вовшашца дагадуьйлуш вовшех пайдаэца. Шайн белхан мах хадон.
Урок дIайахьар.
I.Догдаийтаран мур
II.ЦIера болх таллар.
Бераша схьайуьйцу Тамара Ахмадован «Нура» цIе йолу байт.
– Муха йоI йу Нура?
– Цуьнан муьлха амалш шайца хила луур дара шуна?
– ХIунда?
– Муьлхарш тIелоцур йацара аша?
III. Дешаре шовкъ кхоллар
Ваха Iама
Хьаша веъча, аравалий,
Ахь маршала хатталахь,
Кертахь, арахь сихха лахий,
Шайн дега кхаъ баккхалахь.
Дешнийн автор: Аболханов Хьаким.
– Муха кхета шу оцу байтах?
– Муха лара веза хьаша?
IV. Iалашо йовзийтар.
– Муьлха произведени йоьшур йу вай тахана?
– Суна девзар ду…
– Суна Iемар ду…
– Аса дийр ду…
– Суна хуур ду…
– Вай тахана доьшур ду Муталибов Зайндис йаздина «Дешархойн къийсадаларш» цIе йолу дийцар.
V. Керла тема хьехар.
1. Хьехархочун дош
Муталибов Зайндин дахар а, кхолларалла а довзийтар.
Муталибов Зайнди нохчийн йаздархо ву. Иза вина 1922-чу шерань товбецан 15-чу дийнахь Хоттанехь.
Жима волуш дуьйна болх бан дийзира Муталибов Зайндин. ВорхIалгIа класс чакхйаьккхинчул тIаьхьа цо болх бо йуьртарчу ишколехь пионервожатичун даржехь.
Муталибов Зандийн дуьххьарлера байт арайолу зорбанехь 1937 шарахь «Ленинан некъ» газетан агIонашкахь.
1941-чу шарахь Муталибов Зайнди 255-чу полка йукъахь тIам тIе воьду. Цо тIом бо Южни, Сталинградски, Юго-Западни тIемашкахь. Цу тIам тIехь цунах хилира штабан куьйгалхо.
ТIеман хенахь Муталибов Зайндис йазйина дукха байташ. Очеркаш, дийцарш. Царна тIехь цо дуьйцура салтичун майраллех, Даймохк дукхабезарх лаьцна.
1946-1957 шерашкахь цо болх бо киргизийн ишколашкахь хьехархочун даржехь. Амма нохчий цIабирзинчул тIаьхьа цо болх бо журналистан даржехь, директор книжни издательствехь.
Цуьнан дукхахйолчу гуларш тема- тIемах лаьцна йу. Йаздархо – тIемлочо йух-йуха а йаздо халкъо тIом болуш гайтинчу майраллех лаьцна. Цуьнан гуларшкахь дерг дерриге а бакъдерг ду, тIетоьхна хIума а доцуш.
2. Хьехархочо дIадоьшу Муталибов Зайндис йаздина «Дешархойн къийсадаларш» цIе йолу дийцар.
(АгIо 32-34).
3.Чулацамах къамел дар.
-ХIун элира классни собранехь Лайла Абдуллаевнас?
– Бераш ХьавагIаьрга хIунда дахара?
– Цара хIун дан сацам бира?
– Шайш класс толийтархьама, муха хийцабелира леларехь цхьаболу дешархой?
– Муха бераш хета шуна уьш?
– Аша цаьрца доттагIалла лелор дарий?
– Аша дIахьой и тайпа къовсамаш?
Дийцал цунах лаций.
VI. СадаIаран миноташ.
ХьалагIовтта, бераш, бераш,
Куьйгаш ойуш лакха хьала.
Когаш тухуш, латта дегош,
КIаддалар дIаэккхош гена.
(Зайтемиров Сайдик)
VII. Iамийнарг тIечIагIдар.
1. Бераша шаьш дIадоьшу Муталибов Зайндис яздина «Дешархойн къийсадаларш» цIе йолу дийцар.
(АгIо 32-34).
2. Суьрташ тIехь болх бар.
(АгIо 33. )
– ХIун го шуна суьрта тIехь?
– ХIун деш бу уьш?
– Аша дой шайн классерчу дешархошна гIо?
– Суьрта тIехь муьлха цIера дийнат го шуна?
– Аш муха Iалашдо уьш?
VIII. Рефлекси.
– ХIун дан ницкъ кхечи шун?
– ХIун диси ца далуш?
– Суна йевзи…
– Суна Iеми..
– Ас дIайиши..
IX. ЖамI дар.
– Муьлха дийцар дийшира вай?
– Мила ву цуьнан автор?
– ХIун хьоьху вайна цо?
– Хьан йаздина и дийцар?
– Муха бераш хета шуна уьш?
X. ЦIахь бан болх балар.
Шера дIадеша Муталибов Зайндис йаздина «Дешархойн къийсадаларш» цIе йолу дийцар. ТIейогIучу урокехь дийцар схьадийца кечамбе.

ХIоттийнарг Зайтемиров Сайдик

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных