- Категория: Чеченский язык
- Просмотров: 115
Нохчийн мотт хьехаран некъаш
Кху тайпа урок дIайахьаро дешархошна таро ло дешаран коьчал тайп-тайпанчу хааршца тIейуза а, шайн хаарш кIаргдан а, шаьш бинчу белхан жамI дан а. ХIокху урокан коьрта Iалашо йу Iамийна тема, шайн хаарех пайда а оьцуш, карлайаккхар, тIечIагIйар.
Тема: «Билгалдош»
Iалашо: - билгалдашах долу хаарш карладахар, тIечIагIдар;
- хийцалучу паранашкахь болх баран хаарш карадерзор;
- вовшашка болу ларам кхиор.
Дешархойн дешар-довзаран гIуллакх вовшахтохаран кеп: хийцалучу паранашкахь болх
ГIирс: карточкаш
Урок дIаяхьар
1.Вовшахтохаран мур.
Хьехархо: Тахана вайн билгалдашах Iамийнарг тIечIагIдеш болх бийр бу. Вай дIахьур йу хIара урок хийцалучу паранашца. Цундела вайн Iалашо оцу къамелан декъах лаьцнарг, цуьнан бакъонаш карлайаьхна ца Iаш, кхин дIа а вовшашца паранашкахь хийцалуш болх бан Iамар йу. Дагайохкуьйтур вай оцу балхана вайна оьшу коьрта бакъонаш:
Уьн тIехь язйина: - Къамел меллаша де!
- Вовшашца гIиллакхе хила!
- ДIа-схьа меллаша ховша!
Урокан девиз: «Хьо Iеминий – кхиверг Iамаве, кхиверг Iамош – хьо-хьуо а Iема»
2.Карточкашца болх.
(Балхана кечдина 20 карточка ду – классехь болчу дешархошка хьаьжжина, хIора а карточки тIехь шишша тIедиллар ду: теорин а, практикин а (Йуххедиллар №1).
Белхан алгоритм
1.ХIора дешархочунна дIало карточка, леррина доьшу тIедиллар, тIаккха кхочушдо.
Цул тIаьхьа хьехархочо карточка-догIа ло дешархочунна, цо ша бина болх толлу, ша нийса йиний а хьожуш. Нагахь санна гIалат даьккхинехь, гIалаташ тIехь болх бо.
2.Цул тIаьхьа, паранашкахь хевшина Iаш болчара карточкаш хуьйцу, вовше карточкаш тIехь болх бо (оцу хеначохь карточка-догIа парти йистехь бертал Iуьллуш ду). Цул тIаьхьа вовше бина болх толлу, оьшучу хенахь карточка-догIан тIе а хьожуш. ГIалаташ делахь, нисдо. Нагахь санна гIалаташ дацахь, мах хадабо хьалхарчу тIедилларан, критерех пайда а оьцуш, шолгIачу тIедилларна буха йазйо: «Теллина Вашаевас», вовшашна баркалла олу, керла пара лоху.
3.Керлачу парехь дIаболабо болх. (Урок дIайолалуш дешархочунна делла карточка, урок чекхйаллалц цуьнгахь дуьсу).
Нагахь санна дешархочунна болх бан цкъачунна мукъа пара ца караяхь, цо «Мукъа минот?» болх бо.
Мукъа минот?
(уьн тIехь)
ТIедиллар: Нийса схьаязде чолхе билгалдешнаш.
Дог цIена, гIо накъосталла, син гаттаме, цхьайтта шеран, кIарула Iаьржа, йуьрт бахаман, де ненан, Дай мехкан, бIе шеран, ша тайпа, унах цIена, жим жима, дог дика, можа цIен.
3.Урокан жамI.
Дешархоша шайн белхаш талла схьало.
Бакъонаш йийцаран,
мах хадоран критереш
«5» - дешархочунна бакъо хаьа, нийсса, хьалха-тIаьхьалла гал а ца йоккхуш схьайуьйцу, гIалат ца волуш я соцунгIа а ца еш.
«4» - дешархочунна бакъо хаьа, делахь схьайийцаран хьалха-тIаьххьалла галйаьккхина, соцунгIаш а йина.
«3» - дешархочунна бакъо кхоччуш ца хаьа, схьайийцаран хьалха-тIаьххьалла галйаьккхина,
1-2 фактически гIалат даьккхина.
«2» - дешархочунна бакъо ца хаьа, схьайийцарехь шиннал сов фактически гIалат даьккхина.
«Мукъа минот?» тIедилларан мах хадоран критереш:
3 б. - дешархочо цхьа а гIалат ца даьккхина тIедилларехь.
2 б. - дешархочо 1-2 гIалат даьккхина тIедилларехь.
1б. - дешархочо 3-нал сов гIалат даьккхина тIедилларехь.
Говдаханова Iаламат, нохчийн меттан институтан белхахо
Йуххедиллар №1
Карточка №1 Билгалдош стенах олу? Дийца цуьнан грамматически а, морфологически а, синтаксически а билгалонех лаций.
ЧIогIа хаза еара оцу дийнан Iуьйре. Май беттан байчу, мелачу мохо хьоьстура юьхь а, корта а. Нускалан духар дуьйхича санна лаьттара, дайн гIаш а дегош, гуш долу стоьмийн дитташ. Мел чуийзарх цIенчу хIаваах ца Iебара кийра. |
Карточка-догIа №1 ХIуманан билгало а гойтуш, муха? муьлха? хьенан? стенан? мацалера? мичара? бохучу хаттаршна жоп луш долчу къамелан декъах билгалдош олу. Билгалдешан цIердашца уьйр хуьлу. Билгалдешнаш терахьашца а, дожаршца хийцало. Билгалдош предложенехь къастам хуьлий лела. (стенан?) дийнан Iуьйре, (муьлхачу?) мелачу мохо, (хьенан?) нускалан духар, (муха?) дайн гIаш, (стенан?) стоьмийн дитташ, (муьлхачу?) цIеначу хIаваах. |
Карточка№2
Шера аре, сийна хьаьжкIаш, цIен зезаг, дашо церг, жима кIант, шийла латта, дадин пес. Теллина ____________ мах хадор ____________ |
Карточка-догIа №2
1. Бос: сийна хьаьжкIаш, цIен зезаг, мухалла: шера аре, шийла латта барам: жима кIант.
|
Картчока №3
К..ушарлера буц, м…ста хьач, л…лара юрт, э...лара йоI, цI…н коч, да…аран некъ, ле…а стигал, та…анлера де, юь…тара стаг, шийла … уьйре, …хийра кхаба, …аннийн цIенош. Теллина ____________ мах хадор ____________ |
Карточка-догIа №3
Кхушарлера буц, лулара юрт, эвлара йоI, таханлера де, дахаран некъ, юьртара стаг, кхийра кхаба, ханнийн цIенош |
Картчока№4
БIаьстенан дуьххьарчех долу де хаза декхна дара. Колхозан беше хьажа араваьллера Хьасан. БIаьстенан хIуо, дегI дайдеш цIена дара. Мела малх нисса букъа тIе хьоьжура. Хьасанан евзара гIамарпхьагалан лараш, оьпарчийн оьрнаш, хиндехкан тоьла. Теллина ____________ мах хадор ____________ |
Карточка-догIа №4
|
Картчока №5
легарх а лаций.
Сиха говр, тишаниг, лекха лам, къораниг.
Теллина ____________ мах хадор ____________ |
Карточка-догIа №5
ЦI. сиха говр, къораниг |
Карточка №6
Генара, лекха, хаза, мерза, сийна, шуьйра, къена, лоха, цIена, шийла.
Теллина ____________ мах хадор ____________ |
Карточка-догIа №6
ХIуманан мухалла кхечу хIуманан мухаллица ца юстучух юьхьанцара дарж олу. ХIуманан мухалла кхечу хIуманан мухаллица юстучух дустаран дарж олу. И дарж кхоллало -о- бохучу суффиксан гIоьнца (хазо). ТIехдаларан дарж кхоллалуш билгалдашна хьалха хIуьтту сов, тIех, вуно, Iаламат, уггаре, инзаре, дукха боху дешнаш. 1.Генаруо, лекхуо, хазуо, мерзуо, сийнуо, шуьйруо, къенуо, лохуо, цIенуо, шийлуо. ТIех генара, инзаре лекха, вуно мерза, Iаламат хаза, тIех сийна, дукха шуьйра, тIех къена, уггаре лоха, Iаламат цIена, тIех шийла.
|
Карточка №7
Бовха хьокхам, сиха говр, боккха некъ, шийла шовда, самукъане Iуьйре, готта урам, кIайн коч, тиша рагIу, къинхетаме куьг, ломара хьаша.
Теллина ____________ мах хадор ____________ |
Карточка-догIа №7
1.Бовханиг, сиханиг, боккханиг, шийланиг, самукъанениг, готтаниг, кIайниг, тишаниг, къинхетамениг, ломараниг. ЦI. къинхетамениг, кIайниг
|
Карточка №8
Дуткъа аз, йоккха хIусам, жима кIорни, стомма дечиг, сиха стаг.
Теллина ____________ мах хадор ____________ |
Карточка-догIа №8 Билгалдешнийн терахьашца хийцадалар лаамаза а, лааме а хиларе хьаьжжина ду. Йоккхаллий, жималлий, барамий гойтуш долу лаамаза мухаллин билгалдешнаш терахьашца хийцало. Лааме билгалдешнаш дерриге а терахьашца хийцалуш ду. 1. Дуткъаниг - дуткъийнаш; |
Карточка №9
БIаьстенан дуьххьарчех долу де декхна дара. Нанас боккхачу яй чохь, цIен бос а болуш, мерза чорпа йира. ТIаьххьара цхьана хи йисте кхечира воккха стаг.
Теллина ____________ мах хадор ____________ |
Карточка-догIа №9
БIаьстенан дуьххьарчех долу де (кх. хI.кл.) декхна дара. Нанас боккхачу яй (кх. хI.кл.) чохь, цIен бос а болуш, мерза чорпа йира. ТIаьххьара цхьана хи йисте кхечира воккха стаг(б.кл.). |
Карточка №I0
Спортивн… къийсадаларш, экономическ… дахар, электрическ… лампа, информацион… хаам, промышлен… гIала, юбилейн… даздарш, математическ… ишкол. Теллина ____________ мах хадор ____________ |
Карточка-догIа №I0 ТIеэцна лаамаза билгалдешнаш дожаршца хийцалуш дац, цаьрца уьйр йолу цIердешнаш хийцало. ТIеэцна лааме билгалдешнаш дожаршца хийцало. Шайн чаккхенгахь - ый(ий, - ая(яя), -ое(ее), -ие долу тIеэцна билгалдешнаш нохчийн маттахь чаккхенгахь -и- долуш яздо. Спортивни къийсадаларш, экономически дахар, электрически лампа, информационни хаам, промышленни гIала, юбилейни даздарш, математически ишкол.
|