Menu


ЖовхIарийн хазна

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Урокан Iалашо: Меттан маьIнах а, билгалонех а, меттан Iилманан дакъойх а кхетам балар. Дешан дозалла довзийтар. Нохчийн матте а, литературе а болу безам чIагIбар.
Урокана оьшу гIирс: урокан керла коьчал йовзийта лерина презентаци, тептарш, дошмалгаш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамIдаран гIирс, керлачу дешнашна слайдаш.
Урокан тайпа: керла хаарш довзийтаран урок.
Урок дIаяхьар
I. Догдаийтаран мур.
Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой! Делан пурбанца вай дIайолор ю ненан маттах долу хаарш Iаморан, довзаран урок. Дала хIораннан сих, ойланах кхетайойла нохчийн меттан хазалла, исбаьхьалла.
Слайд
«Аганан иллица со
вижош, нана
Вайн матте сан марзо
кхиийра ахь.
ТIаьхьарчу тIаьхьено
хестабеш кхана,
Хьомсара нохчийн мотт,
хьо бахалахь!»
(Юсупов Iаьзим)
– Лаьар-кха, Юсупов Iаьзима аьллачунна тIе а доьзна, тIаьхьарчу тIаьхьено хестабеш тахана а, кхана а хьомсара вайн нохчийн мотт, даим бехийла!»
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализаци яран мур.
Вайн мотт – вайн хазна (5 кл.)
Вайн мотт – вайн бахам (6 кл.)
Нохчийн маттах дош (7 кл.)
Нохчийн мотт – дахаран хазна (8-9 кл.)
Мотт, цуьнан билгалонаш а, маьIнаш а. (10-11 кл)
– Мичахь дешна аша хIара дешнаш?
– Муха достур дара аша хIокху дешнийн маьIна?
– Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана?
– Вайн урокан цIе ю: Мотт а, цуьнан коьрта билгалонаш а, маьIна а.
Тахана вай дуьйцур ду адамийн дахарехь а, юкъараллехь а мел доккха маьIна ду буьйцучу меттан а, вайна йовза езачу нохчийн литературни меттан норманех лаьцна а.
III. Керлачу хаамех дерг довзийтаран мур.
– Юкъараллин дахарехь меттан маьIна кхаа кепара ду.
– Хьалхарчу маьIница аьлча, мотт адамийн уьйран гIирс бу, хIунда аьлча адамаша вовшашца гIиллакхе, къинхетаме, тарлуш, вовшашца бертахь даха декхарийлахь ду, вовшашца шайн дагара нийсонца а дуьйцуш.
ШолгIачу маьIница аьлча, мотт кхиаран гIирс бу, хIунда аьлча тахана цахиънарг кхана Iамош, кхана цахиънарг лама Iамош, адамаш кхеташ, кхуьуш хила дезаш ду. Адаман дахар а, техника а, говзалла а, производство а, Iилма а кхиаре хьаьжжина, мотт а кхуьуш бу.
КхоалгIачу маьIница аьлча, мотт къийсаман гIирс бу, хIунда аьлча зуламаш деш, адамашна бохамаш, цатемаш, вонаш деш лелаш зуламхой а хуьлу. Зуламхошна, вочу хIуманашна дуьхьал къийсам латто безаш хуьлу.
И дерриг маьIнаш юкъалоцуш аьлча, мотт – иза адамийн уьйран а, кхиаран а, къийсаман а гIирс бу.
ТIедиллар: Тидам бе хIокху ялийначу кийсакийн.
1. «Теркаца хьала-охьа вехаш хиллачу эла Мусостан, Адин Сурхон илли».
Коьртара ва куйнаш шаьш кара ва эцна,
Гор-бертал ма ийгира и юьртан тхьамданаш.
Ша араелир, тов, Сурхо вина ва нана.
– Шу марша догIийла, хIай юьртан тхьамданаш!
Шу лаа леларий, шу тара леларий?
– Тхо лаа ма лела, тхо тара ма лела.
Хьоьга веха ма даьхкина хьан жима и Сурхо,
Вехча ло ахь тхуна хьайн жима и Сурхо, –
Олуш, лен бевли, тов, и юьртан тхьамданаш.
– Доллучу дуьнен тIехь сирла бIаьрг ва тоьхча,
Сема ла ва доьгIча, Сурхол сов амал дац,
ХIай юьртан тхьамданаш, Сурхо винчу со бабин,
Вехча ца вала вина вац сан жима ва Сурхо,
Вехча вала вина ву сан жима и Сурхо, –
Олуш, чуяхар, тов, Сурхо вина и нана.
– Адин Сурхо баккхийчу наха вехар хIун бахьана дара? (Адин Сурхо баккхийчу наха вехар бахьана дара тIехь йоцу ясакх йоьхучу Мусостан олалла дожадан лаар.)
2. Халидов Айса Идрисович «Нохчийн меттаIилманан терминийн лугIат». Статья «Дешхьалхе а, кхетараш а».
ХIара болх беш Iаламат пайдехь хилира суна берриге а нохчийн маттах лаьцна хIара хан тIекхаччалц арахецна хилла болу белхаш – Iилманан белхаш а, дешархошна леринарш а. Коьртачу декъана пайдаэцнарш хIара дешаран а, Iилманан а киншкаш ю: Тимаев В.Д. «ХIинцалера нохчийн мотт. Лексикологи. Фонетика. Морфологи». Пединститутан 3-чу курсан студенташна учебник. Грозный 1971 (хьалхара арахецар), Соьлжа-гIала 2007 (шолгIа арахецар); Арсаханов И.Г. «ХIинцалера нохчийн мотт. Лексикологи, фонетика., морфологи». Джамалханов 3.Д., Мачигов М.Ю. Нохчийн мотт. 1-ра дакъа. «Лексикологи, фонетика, морфологи». Нохч-
ГIалгIайн АССР-н-педучилищан 1-2 курсийн и дI кх а.
3. «Теркаца хьала-охьа вехаш хиллачу эла Мусостан, Адин Сурхон илли».
Адин Сурхо эла Мусоста волчу воьду ясакх ма еха ала. КIор-
шаме тассало цушиннан къамел:
– Хьо елла яла хьо, хIай Адин ва кIилло!
И ала еара хьо, хIорш тIаьхьахIиттийна,
Хьо сиха ерзалахь, ва Адин ва кIилло!
Ас хир ду аьллариг ва хилла ма даьлла,
Ас хир дац аьллариг ца хилла ма даьлла,
Аш сиха гулъелаш тIехь йоцу ва ясакх,
Аш сиха схьалолаш тIехь йоцу ва ясакх! –
Олуш, лен ва ваьлча и эла ва Мусост,
ТIаккха лен велира и Адин ва Сурхо:
– Хьо елла йолийла, хIай эла ва Мусост!
Дада лай хиллий-ца хьан, баба вир хиллий-ца хьан,
Хьо а лай веца хьо, хIай эла ва Мусост!
Ахь хир ду аьллариг ца хилла ма даьлла,
Ахь кIилло ву боху со Адин ва Сурхо
Хьан ворххIе а дена цу Москох
Паччахьа совгIатна ва елла,
Цу бацах таелла, зезаго хазйина
Хьан дола йирзина и охьара ва раьгIнаш,
Хьалха ор ва доккхуш, тIехьа муш ва бустуш,
Караекъа гIур ву со кханалерчу ва дийнахь,
Хьо цига ва воьллахь, ва эла Мусост,
Цигахь хуур ду вайна, кIилло верг мила ву.
Нийса жоп иштта хир ду:
Хьалхара текст – адамийн уьйран гIирс. Вайн оьзда декхар ду, вовшашца гIиллакхе, тешаме, къинхетаме, оьшучохь, йиш йолчохь, вовшашна гIо-накъосталла деш хилар.
ШолгIа кийсак – мотт кхиаран гIирс. Де-дийне мел дели мотт кхуьуш схьабогIу. Цу тIехь болх бо вайн Iилманан векалша.
КхоалгIа кийсак – къийсаман гIирс бу. Харцонна дуьхьала латто безаш хуьлу къийсам. Кху тIе доьгIна эр ду «шен меттахь ца аьлла дош-дош дац». Шен дешан да хилар – къонахчун амал ю.
– Буьйцучу меттан ойланца а, кхетамца а, хьекъалца а, Iилманца а, говзаллица а, дерриге дахарца а чIогIа уьйр ю.
– Вайна хIуманан тидам бан хааре хьаьжжина бен, цуьнан ойла йар хир дац, ойла йаре хьаьжжина бен, цунах кхетар а, цунах долу хьекъал а хир дац. Цундела
боккхачу тидамца а, ладугIуш а Iамо беза нохчийн мотт.
Мотт ойланан дегI ду, хIунда аьлча вай вешан ойла хезаш дIааьлча я йозанца дIайазйича, мотт, меттан дешнаш вайн ойла билгалйеш, гойтуш, цуьнан дегI хуьлий дIахIутту.
Ойла меттан а, кхетаман а сурт ду, хIунда аьлча вайн коьрте йеанчу ойлано вайна хIуманан сурт хIоттадо.
– Моттий, ойлий чIогIа вовшех дозуш ду.
– Цхьа ойла хилча бен, цхьа хIума дагадеъча бен, вай хIумма а ца олу.
– Ойла а, дагахь дерг а вай маттаца дIадуьйцу.
– Стеган коьрте йогIу муьлхха а ойла дешнашца а, предложенешкахь дешнийн цхьанакхетарца а билгалйолу.
– Дагалаьцначун сурт хIутту, йуьхь-сибат а, аз а девза.
Кхетам – иза хIума хааран а, довзаран а, цунах кхетаран а ойла ю, хIунда аьлча хIума йевзаш а, цунах кхеташ а йолу ойла ца хилча, цуьнан кхетам ца хуьлу.
Хьекъал – адамийн дахарх а, къахьегарх а, Iаламах а болчу кхетамах олу, хIунда аьлча хьекъал адамийн дахарх а, къинхьегамах а, Iаламах а лаьцна болу кхетам бу, доцца аьлча хьекъал хIуманах вайн болу кхетам бу.
Iилманчаша дерриг а дуьнен чохь йалх эзар гергга къаьмнийн меттанаш лерина.
– Царна юкъарчу хIора мет-
тан а шен башхаллаш ю, кхечарех къаьсташ йолу меттан гIилла-
кхийн шатайпанара башхалла.
Нохчийн мотт нохчийн къоман халкъан мотт бу. Нохчийн къоман матта йукъахь ши дакъа къасто йиш хуьлу:
1) нохчийн халкъан мотт а, цу йукъахь диалекташ а (Шуьйта районехь, хIинца ца олуш, хIунца олу, аьккхаша, кIудал ца олуш, тарха олу, чIебарлоша, даьIахк ца олуш, тIехк олу);
2) литературни мотт а.
Литературни мотт – иза халкъан мотт бу, амма иза говзанчаша – яздархоша, Iилманчаша, литераторша, критикаша, хьехархоша, журналисташа, артисташа – шарбеш, нисбеш, тобеш, хазбеш, норманашка берзош, кхочушбина исбаьхьаллин а, Iилманан а мотт бу.
Тидам бе:

Литературин мотт
Пурба
Ч1ода
Чорда
Алсам
Пелаг
Итумкхаь ллахойн диалект
Пурма
К1ода
Корда
Алцам
Пхьелаг

Дешнаш тIехь болх:
Пурба – разрешение; ЧIода – ножницы для стрижки овец; Чода – грубый (о ткани), необработанный; Алсам – вдоволь, вполне; Пелаг – перо.
Нохчийн литературни меттан шен законаш а, норманаш а ю, Iамо а, хаа а, йовза а, ларйан а йезаш йолу.
Масала:
1) фонетически норманаш (къамелан аьзнаш нийса алар хила дезаш);
2) морфологически норманаш (дешнийн морфологически норманаш а, кепаш а ларйан хаа дезаш);
3) синтаксически (предложенеш хила ма – йеззара нийса хIитто йезаш);
4) орфоэпически (дешнаш нийса ала дезаш);
5) орфографически (дешнаш йозанехь нийса йаздан хаа дезаш);
6) пунктуационни (йозанехь сацаран хьаьркаш нийса хIитто хаа дезаш);
7) стилистически (литературни меттан хатI, стиль нийса ларйар ца хилча ца торуш, предложенешкахь ойланаш йуьззина нийса а, хаза а, дика а билгалйаха хаа дезаш).
IV. Керла хаарш тIечIа-
гIдаран мур.
Шайна евзачу поэтийн стихаш дIайеша. Дийца, «Уггаре мерза а, къаьхьа хIун ю?»
V. Урокан жамI дар.
Мотт ойлаяран а, кхетаман а, хьекъалан а, дахаран а уггаре а йоккха хазна ю, хIунда аьлча адамийн дахарехь а, юкъараллехь а буьйцучу матто дакъа ца лоцуш цхьа а хIума дац. Юкъараллин дахар а, къахьегар а бахьанехь кхоллабелла а, кхуьуш а схьабеана бу мотт. Адамийн дахар а, говзалла а, Iилма а, культура а адамашна а, юкъараллина а оьшуш дерг – дерриг а кхио гIодинарг а мотт бу.
Тахана вай дийцира нохчий меттан коьртачу билгалонех а, маьIнех а, лаьцна.
VI. Рефлексин мур.
1. Со дика тIекхии…
2. ХIинца дуьйна…
3. Сан алсам къахьега деза…
4. Тахана дуьйна я кхидIа…

ИСАКОВА Бирлант

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных