Menu


«Мукъаза аьзнаш – тI, хI, гI, кI»

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Нохчийн меттан урок – 2 класс
Урокан цIе: «Мукъаза аьзнаш – тI, хI, гI, кI».
Урокан Iалашо: нохчийн метан шатайпана мукъаза аьзнаш берашна довзийтар, уьш йозанехь шалхачу элпашца билгалдахийтар хаийтар; йоза шардар; Iамийнарг карладаккхар; гIиллакхе-оьзданга кхетош-кхиор.
Урокана оьшу гIирс: Мукъазчу аьзнех тI, хI, гI, кI лаьцна кечйина презентаци, тептарш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамI даран гIирс.
Йукъара дешаран ардам (УУД)
Предметни: дешархошна Iемар ду дешнашкахь шалха мукъаза элпаш къасто, церан меттиг дашехь йовза а. Дешархошна Iемар ду учебникаца а, тобанашкахь а болх бан, оьшург лаха, цунах пайдаэца, Iамийнарг карладаккха,
гIиллакх оьздангалла Iама.
Регулитивни: хьехархочун гIоьнца урокан коьрта Iалашонаш, тIедехкарш билгалдаха; уьш кхочушдарехь нийса некъаш каро; хуур ду шайн белхан план хIотто.
Коммуникативни: Iемар ду хьехархочун хаттаршна нийса жоьпаш дала; шайн хаарш масалшца тIечIагIдан; Iемар ду шайн оьшург хатта, вовшашца къамеле бовла.
ХIума довзаран: Iемар ду учебникаца болх бан, оьшу гIирс (материал) каро, цуьнах пайдаэца; ойлайар, тидам бар кхуьур ду.
Личностни: нохчийн меттан башхаллаш йевзаш, нохчийн мотт дика Iамо лаам кхуьур бу дешархойн.
Урок дIайахьар.
1. Догдаийтаран мур.
- Де дика хуьлда шун! Охьаховша бераш, хIинца вай нохчийн меттан йиллина урок ю. Вайна урокехь оьшу гIирс схьаоьцуш кечамбе урокана.
2. ЦIера болх таллар.
- Муьлха шардар дара шуна цIахь кхочушдан делларг?
- Тхуна деллера шардар 144, агIо 64.
- Муха кхочушдира аш и шардар?
Шардар 144, агIо 64.
3. ЦIена йаздаран минот
ДIайеша байт:
Хьаша веъча аравалий,
Ахь маршала хатталахь,
Кертахь, арахь сихха лахий,
Шайн дега кхаъ баккхалахь.
- Хьаша бохучу дашна хьалха муьлха элп хеза вайна?
- Ткъа тахана вайга хьошалгIа муьлха элп деана?
- «Хь» «хь» деана.
- Мукъа ду и йа мукъаза ду?
- Мукъаза ду.
- ХIунда ду и мукъаза?
- Багахула олучу хенахь хIаваана новкъарло хуьлу, хецна дIа ца алало и.
- Маса меженах лаьтта «Хь» элп?
- Кхаа меженах лаьтта.
(Хьехархочо йздаран бакъонаш карлайохуш дIайаздеш уьн тIехь гойту. Дешархоша тептарш тIе дIайаздо)
4. Урокан Iалашо йовзийтар.
ХIетал-металш
ЦIен ленаш долу кIайн говраш. (ГIезаш).
- ХIара хIун йу? (ГIезаш йу).
- Муьлха аз ду дашна хьалха? (ГI) .
Аз (ГI) муьлхачу элпаца билгалдо? (ГI).
- Маса хьаьрк ду цуьнан? (Шиъ)
- Муьлха ши хьаьрк ду уьш? (Г, I).
- Кхин муха ду иза? (Шалха).
- ХIунда ду иза шалха? (Г, I лаьтташ долу дела).
- И ши хьаьрк вовшахтоьхча хIун аз кхоллало цунах? (ГI).
Воккхачу дадин дуткъа доьхка. (ТIай).
- ХIара хIун йу? (ТIай ду).
- Муьлха аз ду дашна хьалха? (ТI).
- Аз (ТI) муьлхачу элпаца билгалдо? (ТI).
- Маса хьаьрк ду цуьнан? (Шиъ).
- Муьлха ши хьаьрк ду уьш?(Т, I).
- Кхин муха ду иза? (Шалха).
- ХIунда ду иза шалха? (Т,I лаьтташ долу дела).
- И ши хьаьрк вовшахтоьхча хIун аз кхоллала цунах? (ТI).
- Алал массара «ТI».
Некъаца а ца доьду, шена тIаьхьа лар а ца йуьту. (ХIордакема).
- ХIара хIун йу? (ХIордакема ду).
- Муьлха аз ду дашна хьалха? (ХI).
Аз (ХI) муьлхачу элпаца билгалдо? (ХI).
- Маса хьаьрк ду цуьнан? (Шиъ).
- Муьлха ши хьаьрк ду уьш? (Х, I).
- Кхин муха ду иза? (Шалха).
- ХIунда ду иза шалха? (Х, I лаьтташ долу дела).
- И ши хьаьрк вовшахтоьхча хIун аз кхоллала цунах? (ХI).
- Алал массара «ХI».
Йоьдуш - йеса, йогIуш - йуьзна. (КIудал).
- ХIара хIун йу? (КIудал йу).
- Муьлха аз ду дашна хьалха? (КI).
Аз (КI) муьлхачу элпаца билгалдо? ( КI).
- Маса хьаьрк ду цуьнан? (Шиъ).
- Муьлха ши хьаьрк ду уьш? (К, I).
- Кхин муха ду иза? (Шалха).
- ХIунда ду иза шалха? (К, I лаьтташ долу дела).
- И ши хьаьрк вовшахтоьхча хIун аз кхоллало цунах? (КI).
- Алал массара «КI».
- Ткъа, бераш, тахана вайн урокан тема хIун йу аьлла хета шуна?
- Тахана вай урокан тема «Мукъаза аьзнаш тI, хI, гI, кI» йу аьлла хета.
- Бераш, аша нийса боху, тахана вайн урокан тема йу «Мукъаза аьзнаш тI, хI, гI, кI»
5. Керла тема хьехар.
а) Бакъо таллар.
12. Шардарехь къасторан хьаьркийн тидам бар.
- ДIадеша 146 шардаран тIедиллар.
- Муха кхочушдан деза вай и шардар?
- ТI, хI, гI, кI элпашна кIел сиз хьокхуш дIайаздан дезаш ду.
- Муьлха мукъаза шалха элпаш ду могIанашкахь?
- Муьлха аз ду «ГIоза» боху дашна хьалха? (ГI).
- Алал массара «ГI».
(Уьн тIехь кхочушдо. Цул тIаьхьа дешархоша шайн тептарша тIе дIайаздо. Иштта кхин дисинарш толлу).
Vl. СадаIаран минот.
Маьлхан серло йаржале -
Цхьаъ - шиъ - кхоъ,
Пенаш лахка, човхаде -
Цхьаъ, шиъ - кхоъ.
Йиша, ваша гIаттаде
- Цхьаъ - шиъ - кхоъ.
Физзарядка йолайе
- Цхьаъ - шиъ -кхоъ.
(Цугаев Салман)
Vll. Iамийнарг тIечIагIдар.
1. Тобанашкахь болх.
Мила ву говза.
- Бераш, вай хIинца тобанашкахь болх бийр бу. ТIадамийн метта дайна элпаш, дIаязде шайн тобанера дешнашкахь.
1-ра тоба:
…уш (хIуш), ...ала (гIала), ...аз (гIаз), ...аг (кIаг), …ажа (кIажа), …о (тIо), …илдиг (тIилдиг), …аваъ (хIаваъ).
2-гIа тоба:
…оз (хIоз), ...ара (кIара), ...ум (гIум), ...айдарг (кIайдарг), …ай (тIай), …улгаш (тIулгаш), …абакх (гIабакх), …усам (хIусам).
3-гIа тоба:
…уьрцIаьлдиг (хIуьрцIаьлдиг), ...ант (гIант), ...ац (кIац),, ...орни (кIорни, …утакх (гIутакх), …ам ( тIам), …аргIа ( тIаргIа), …оа (хIоа).
4-гIа тоба:
…орд (хIорд), ...архаш (кIархаш), ...ан (гIан), ...ант (кIант), …адам (тIадам), …аьрсиг (тIаьрсиг), …ад (гIад), …ордакема (хIордакема).
ХIора тхьамдано шаьш девлча шайн тобано йаздина дешнаш схьадуьйцу.
- Муьлха шалха мукъаза элпаш дихкина аш?
аь) Шаьш бен болх.
- ДIадеша шардар 145, агIо 65.
- Муха кхочуш дан деза иза?
- Мукъаза элпашна кIел сиз хьокхуш кхочушдан деза и шардар.
- Мукъаза шалха элпаш дуй кицанашкахь? (Ду).
- Муьлханаш ду уьш? (ХI ду)
- Нийса боху, хIинца шайн тептарш тIе дIайазде и шардар.
Vlll. Рефлекси.
- ХIун керланиг девзи шуна тахана урокехь?
- ХIун хазахийти шуна тахана урокехь?
- Вай хIоттийна Iалашо кхочушхилла аьлла хетий шуна?
- ТIейогIу урок муха хила лаара шуна?
Суна атта хеттарг…
Суна хала хеттарг…
Сунна хиира…
- Шайна урок хазахеттехь – самукъане смайлик хьалаайба, шайна урок хаза ца хеттехь – гIайгIане смайлик хьалаайба.
lХ. Урокан жамI дар.
-Муьлха шалха мукъаза элпаш шайца долу дешнаш девзи шуна тахана урокехь?
-Муха кхолладелла шалха мукъаза азнаш?
Х. ЦIахь бен болх.
Шардар I48, агIо 66.
- ТIера схьайазде шардар, шалха мукъаза элпашна кIел сиз хьакха. Iамае 62-чу агIонера бакъо.

Зайтамиров Сайдик

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных