Menu


Й элпан маьIна

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Урокан цIе: Й элпан маьIна.
Iалашонаш:
Iаморан: Хаа деза, нохчийн маттахь элп й масех маьIнехь лелар а, цуьнан нийсаяздаран бакъонаш а.
Кхиаран: 1. Дешархойн дагалацам а, ойла а кхиор.
2. Шайн маттахь долу керла дешнаш довза хьашт хилар чIагIдар;
Кхетош-кхиоран: 1. Нохчийн меттан хазалла, цуьнан марзо йовзийтар, берийн нохчийн матте безам кхиор.
2. Шен мехкан Iаламе безам кхиор.
Урокан тайпа – хаарш шордаран, кхиоран, тIечIагIдаран урок;

Урок дIаяхьар
I. IАМИЙНАРГ КАРЛАДАККХАР А, ТIЕЧIАГIДАР А.
Карладаккхарна хаттарш:
1. Стенах олу фонетика?
2. Нохчийн абатехь маса элп ду?
3. Шала элп стенах олу? Масалш даладе.
4. Нохчийн меттан шалха элпаш девзий шуна?Маса ду уьш?
5. Мукъаза шалха ши элп юх-юххехь нисделча нийсаяздаран бакъо хьан юьйцу аша?
Тесташца болх бо.
Тесташ (хаарш-зиэраш)
1) Иччархо бохучу дашехь
а) аьзнаш, элпаш цхьатерра ду;
аь) элпаш аьзнел дукха ду
б) аьзнаш элпел дукха ду.
2) Балл бохучу дашехь
а) 4 аз ду;
аь) 3 аз ду;
б) I аз ду.
3) Таллархо дашехь
а) 4 зевне, 1 къора мукъаза аз ду;
б) 2 зевне, 3 къора мукъаза аз ду;
в) 2 зевне, 2 къора мукъаза аз ду;
4) Хьехархо дашехь
а) 7 элп, 7 аз ду;
аь) 7 элп, 9 аз ду;
б) 7 элп, 8 аз ду.
Жоп: 1-а, 2-аь, 3-в, 4-аь – Иччархуо, бал, таллархуо, хьиэхархуо.
II. КЕРЛА КОЬЧАЛ ЙОВЗИЙТАР.
Стенах тера ду элп
Шина уьнна тIехула
Пурх тIетоьхна кхоалгIа.
Цу тIехула полла хьаьвзи,
Хьажал хьайна и элп девзий.
Хьехархочун дош:
– Бераш, вай шуьца хIинца дIахьур ю ловзаран кепехь йолу дешнийн диктант. Ас шуна цхьацца тIедахкарш, хIетал-металш кечдина. Ткъа аша ас деллачу хаттаршна нийса жоьпаш луш, и дешнаш шайн белхан тептарш тIе дIаяздан деза.
ДогIу дош ала:
Чохь ша бина дохарх шиша,
Хьо ма елха, жима …

Бабин куча тIехь ю гома
КIадийнан латийна ...

То мел йи ас говран нуьйр,
ЧIагIлуш ю тхойшиннан…

Хууш ву со шело юй,
Лелабо ас бовха….

Буьйса еъна, бода боьлча, стиглахь лепа…

ХIума йиъна, дуьзча гай
тIемолуш ду мерза …

Iаламца ю даим суьйре
Дашо духар долу…

Бедарш бехъеш бо цо гIурт
Юуш елахь ша …
Дешнаш тIехь болх бар а, тIечIагIдар а.

Учебник тIерачу кхетаман дошам тIера уьна а, тетрадаш тIе а схьаязде й бохучу элпаца дIадолалуш долу дешнаш, цу тIехь ма-дарра дийца й элпан маьIна.
1. И дешнаш юкъадалош хIиттае предложенеш.
2. Й элп юкъадогIучу шина дашна бе фонетически къастам.
ШоллагIа й элп – деха мукъачу озехь озоран хьаьрк хилла лела.
III. IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР
Дешархошка йоьшуьйту 31-гIа §. Царна хала хир дац аьлла хета, нохчийн маттахь й элп массо а маьIнехь леларх кхета.
1. ХIора й элп долчу маьIнина даладо масалш, тетрадаш а, уьна тIе а дIаяздеш:
а) йол, йогу, йовза:
б) тIай, гай, сай;
в) кийча, сийца, вогIийца;
г) Iежашший, кхорашший, баьллашший (Iежаш а, кхораш а, баьллаш а);
д) хьехархо – хьехархой, таллархо – таллархой, оьрси – оьрсий.
2. Асланбек а, ПетIамат а, Хьасан а цхьана классехь доьшуш бу.
- ДIаязъе хIара предложени тетрадаш тIе.
- Бе цунна синтаксически къастам.
- Маса подлежащи ду кхузахь? ХIун олу и санна йолчу предложенин меженех?
- Муьлха сацаран хьаьркаш ехкина цаьрца? Интонаци муха ю цхьанатайпана подлежащеш олуш?
- Предложенина юкъара подлежащеш хийца, чаккхенгахь дозаран хуттурган маьIна леладеш долу й элп тIе а тохий. ДIаязъе иза. Интонацица еша. Й элпана буха сиз хьакха.
IV. ДЕШАРХОША ШАЬШ БОЛХ БАР.
1. Кхочушдо 150-гIа шардар.
2. Й элпах туьйра.
V. ФИЗМИНОТ.
Оха язди, дукха язди,
Йозано тхан пIелгаш кIадди.
ПIелгаш, Iадда ма Iелаш,
Хьалхий-тIаьхьий идалаш.
Кхийса-кхийса-кхийсалуш,
Ида, ида, кIад ца луш…
VI. ТИДАМЕ ДУЙ ТЕ ШУ? (Шимма цхьаьна бен болх)
Дешнаш даладе й элп хьалха, юккъехь,чаккхенгахь долуш.
Фонетически къастам бе муьлххачу а кхаа дашна.
III. ЦIАХЬ БАН БОЛХ
I. Iамае 31-гIа §.
2. Кхочушде I51-гIа шардар.
Хьехархо МОМУЕВА
Хеди Даутовна

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных