- Категория: Чеченский язык
- Просмотров: 1682
«Чкъоьрдиган леламаш»
21-гIа урок
Урокан цIе: Гацаев С. Туьйра «Чкъоьрдиг». КIант кхоьру.
Iалашо:
1. Исбаьхьаллин гIирсех яздархочо пайдаэцар билгалдаккха Iамо.
2. Туьйранан чулацаман жамI даран кепехь дакъошца маьIна дарца дешархой кхетош-кхиор тIехь болх дIабахьа.
3. Дешархой произведени къастош, яххьашца шерра еша Iамор тIе къасттина тидам бахийта.
Урокана оьшу гIирс: яздархочун портрет, урокан коьчална кечйина презентаци, керлачу дешнийн маьIна гойтуш кечйина слайдаш, тептарш, дошмалгаш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамIдаран гIирс.
Урокан тайпа: керла хаарш довзийтаран урок.
Урок дIаяхьар.
I. Догдаийтаран мур.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализаци яран мур.
1. «ЦIен маьхьси» туьйранан чулацам текстана герггарчу хьесапехь шайн дешнашца карлабаккхар.
2. Дешархоша чулацам тIехь дехкина суьрташ къастош болх дIабахьар.
3. Хьехархочо хIиттинчу хаттаршна жоьпаш далар, къастош меттигаш ешар.
4. Чулацаман коьрта маьIна билгалдаккхар.
5. МаьIна цхьаьнадогIуш долу туьйра дагалацар.
III. Урокан керла коьчал йовзийтар.
1. Гацаев СаьIидан дахарх а, кхоллараллех а боцца хьехархочо хаам бар презентаци гайтарца.
Гацаев СаьIид вина Ведана районан Дишни-Веданахь ахархочун доьзалехь 1938-чу шарахь 2-чу декабрехь. Атта ца хилла цуьнан дахаран некъ. Нохчийн халкъ махках доккхучу хенахь ялх шо кхачаза волу жима СаьIид винчу махках къастийна. Генарчу махкахь, Казахстанехь, дIаяхана цуьнан бераллин хан. Жима волуш дуьйна, халкъан барта кхолларалле а, школехь доьшуш исбаьхьаллин литературе а баханчу безамо вайн махкахь вевзаш волу поэт хила таро хилийтира СаьIидан. Школехь дешначул тIаьхьа цо дийшира Нохч-ГIалгIайн хьехархойн институтехь. Школехь берашна хьоьхуш бинчу балхо цунна доккха гIо дира берийн гIиллакхаш, амалш дика йовза. Цуьнан дуьххьарлера стихаш зорбатоьхна 50-гIа шераш чекхдовлуш. ХIетахь дуьйна цо язйина масех поэтически книга. Гацаев СаьIидан дукхахйолу стихаш уггаре а вайна дукхабезачу Даймахках а, Iаламах а лаьцна ю. Стихаш язйина ца Iаш, пьесаш а язйина цо. Царех цхьаерш хIиттийна вайн къоман театрехь. Берийн дахар а, церан амалш а дика евзаш волчу поэта царна лерина арахецна «Мекара цициг» цIе йолу книга. Цу юкъа дахана «Чкъоьрдиг» цIе йолу туьйра а. Майра а, хьекъал долуш а волчу жимачу кIантах Чкъоьрдигах лаьцна ду иза.
2. «Чкъоьрдиг» туьйранан чулацам хьехархочо текст ешарца бовзийтар (I00-I06-гIий агIонаш).
3. Керлачу дешнийн маьIна къастор, дошмалгаш тIе дIа а яздеш (аьтто болчохь сурт а гойтуш):
Дол – куьйган голи тIера пIелгийн буьхьигашка кхаччалц йолу йохалла.
4. Дешархошка шайга ешийтар.
IV. Iамийнарг тIечIагIдар.
1. Дешархошца шерра ешар тIехь тобанашца къовсадаларца болх дIабахьар.
2. Хаттаршца чулацам къастор.
а) Стенах лаьцна дуьйцу туьйранна тIехь?
аь) Мила ву туьйранан коьрта турпалхо?
б) Юьхьанца муха кIант хилла Чкъоьрдиг?
в) Вайна девзаш долчу туьйранан муьлхачу турпалхочух тера ву и цу хенахь?
г) Чкъоьрдиган хийцаваларан бахьана хIун дара?
3. Дешархошка къастош меттигаш ешийтар.
а) Мила ву Чкъоьрдиг яхье ваьккхинарг? (схьа а лахий, дIадеша могIанаш).
аь) Iаламан сурт гойту меттиг билгалъяккха.
б) Бераш хьуьнхахь тиладалар гойту могIанаш деша .
4. Туьйранан текст яххьашца ешийтар дешархошка.
V. Урокан жамI дар.
1. Реза хиларий шу кIантана дуьххьара вевзаш?
2. ХIун дара шуна цатайнарг?
3. Хийцам хилирий Чкъоьрдиган амалехь?
4. Дешархойн хаарийн мах хадор.
VI. Рефлексин мур.
1. Урокехь суна дика хеттарг дара…
2. Суна дика цахеттарг…
3. Суна атта хеттарг…
4. Суна хала хеттарг…
5. Iалашоне кхачийнарг…
VII. ЦIахь: еша а, чулацам хаа а I00-I06-гIий агIонаш; суьрташ дахка чулацамна.
ГАЙРБЕКОВА Марьям