- Категория: Чеченский язык
- Просмотров: 3238
«Чкъоьрдиг»
22-гIа урок
Урокан цIе: Гацаев С. Туьйра «Чкъоьрдиг». Чкъоьрдиган толамаш.
Iалашо:
1. Туьйранашкахь диканиг, сийлахьниг чIагIдеш, вочунна, зуламечунна дуьхьал къийсам латтор билгалдаккха.
2. Туьйранан чулацаман жамI даран кепехь дакъошца маьIна дарца дешархой кхетош-кхиор тIехь болх дIабахьа.
3. Дешархой произведени къастош, яххьашца шерра еша Iамор тIе къасттина тидам бахийта.
Урокана оьшу гIирс: яздархочун портрет, урокан коьчална кечйина презентаци, керлачу дешнийн маьIна гойтуш кечйина слайдаш, тептарш, дошмалгаш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамIдаран гIирс.
Урокан тайпа: хаарш талларан урок.
Урок дIаяхьар.
I. Догдаийтаран мур.
ЛадогIал леррина, Чкъоьрдигах муха кIант хилира, майра волуш, кхерам дIатоттуш кIант хилирий техьа цунах? И шуна хаа лаахь, вай кхин дIа а доьшур ду туьйра.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализаци яран мур.
1. Гацаев СаьIидан дахарх, кхоллараллех боцца хаам.
2. «Чкъоьрдиг» туьйранан чулацам шайн дешнашца схьабийцийтар.
3. Дешархоша чулацам тIехь дехкина суьрташ къастош болх дIабахьар.
4. Хьехархочо хIиттинчу хаттаршна жоьпаш далар, къастош меттигаш ешар.
5. Туьйранан чулацам тIехь синквейн хIоттор.
Чкъоьрдиг, хаза, кхоьру, воду,
Хаза, жима Чкъоьдиг кхоьруш, ведда вахна чохь дIалечкьи. КIилло.
III. Урокан керла коьчал йовзийтар.
1. Дешархошна, «Чкъоьрдиган толамаш» цIе йолу туьйранан дакъа довзийтар, хьехархочо текст ешарца (107-118-гIий агIонаш).
2. Керлачу дешнийн маьIна къастор, дошмалгаш тIе дIа а яздеш (аьтто болчохь сурт а гойтуш):
Пхьаьрчий – жIаьлеш (сурт гойту).
Бирнал – мера тIехь маIа йолу нал (сурт гойту).
IаI – доккха гIа долу орамат (сурт гойту).
IV. Iамийнарг тIечIагIдар.
1. Дешархошца шерра ешар тIехь тобанашца къовсадаларца болх дIабахьар.
2. Хаттаршца чулацам къастор.
а) Ешап долчу муха кхочу бераш?
аь) Тила а делла, ша долчу кхаьчча, бераш муха тIеийцира ешапо?
б) ХIун бахьана ду цуьнан?
в) Ешапца дIахьочу къийсамехь хIун тайпа хIилланаш леладо Чкъоьрдига?
г) Ешапца болчу къийсамехь Чкъоьрдиг хIилланца толар а, цо иза Iехор а муха гайтина?
3. Чулацамца цхьаьнадогIу туьйра дагалацар.
а) Шен амалшца хьанах тера хета шуна туьйранан турпалхо Чкъоьрдиг?
аь) ХIун ду церан цхьатера догIуш, хIун ду къаьсташ?
4. Туьйранан текст яххьашца ешийтар дешархошка.
V. Урокан жамI дар.
1. Муьлха меттиг билгалъелира шуна хазахетарца?
2. Хийцам хилар Чкъоьрдиган амалшкахь муха тайра шуна?
3. ХIун ойла кхоллаелира шун туьйра доьшуш?
4. Дешархойн хаарийн мах хадор.
VI. Рефлексин мур.
1. Урокехь суна дика хеттарг дара…
2. Суна дика цахеттарг…
3. Суна атта хеттарг…
4. Суна хала хеттарг…
5. Iалашоне кхачийнарг…
VII. ЦIахь: еша а, чулацам хаа а 107-118-гIий агIонаш; суьрташ дахка чулацамна. Хазахетта кийсак дагахь Iамае.
ГАЙРБЕКОВА Марьям