- Категория: Чеченский язык
- Просмотров: 2501
«Бирдолаг»
Оха кхид1а хьо нохчийн меттан урокаш йовзийтар
23-гIа урок
Урокан ц1е: Исмаилов А. Туьйра «Бирдолаг».
1алашо: 1. Исбаьхьаллин г1ирсех яздархочо пайдаэцар билгалдаккха 1амо.
2. Туьйранан чулацаман жам1 даран кепехь дакъошца маь1на дарца дешархой кхетош-кхиор т1ехь болх д1абахьа.
3. Дешархой произведени къастош, яххьашца шерра еша 1амор т1ехь къасттина тидам т1ебахийта.
Урокана оьшу г1ирс: яздархочун портрет, урокан коьчална кечйина презентаци, керлачу дешнийн маь1на гойтуш кечйина слайдаш, тептарш, дошмалгаш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жам1даран г1ирс.
Урокан тайпа: керла хаарш довзийтаран урок.
Урок д1аяхьар
I. Догдаийтаран мур.
Туьйранашца гергарло кхин а д1адахьа лаам буй шун? Тахана шуна девза долу туьйра 1аламат инзаре чулацам болуш ду. Ладог1а лаьий шуна?
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализаци яран мур.
1. Дешархошца шерра ешар т1ехь тобанашца къовсадаларца болх д1абахьар.
2. Хаттаршца чулацам къастор.
а) Ешап долчу муха кхочу бераш?
аь) Тила а делла, ша долчу кхаьчча, бераш муха т1еийцира ешапо?
б) Х1ун бахьана ду цуьнан?
в) Ешапца д1ахьочу къийсамехь х1ун тайпа х1илланаш леладо Чкъоьрдига?
г) Ешапца болчу къийсамехь Чкъоьрдиг х1илланца толар а, цо иза 1ехор а муха гайтина?
3. Туьйранан чулацамна дехкинчу суьрташца болх д1абахьар.
III. Урокан керла коьчал йовзийтар.
1. Яздархочух, Исмаилов Абух лаьцна хьехархочун боцца хаам.
Исмаилов Абу вина 1949-чу шеран 11-чу августехь Казахстанерчу Чимкентски областан Сас-Тюбе олучу меттехь. Шо кхаьчначу хенахь да а велла, ненананас Тоитас кхиийна и исс шо кхаччалц. Цул т1аьхьа ненавешица 1ийна иза Мартанчохь. Школа чекхъяьккхинчул т1аьхьа дешна Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетехь.
Стихаш язъян волавелла 1963-чу шарахь дуьйна.
Дуьххьара зорбанехь араевлла уьш «Ленинан некъ» газетехь а, «Орга» альманахехь а.
Масех юкъарчу гуларийн аг1онаш т1ехь зорбане евлла цуьнан стихаш, поэмаш, дийцарш.
1985-чу шарахь Нохч-Г1алг1айн книжни издательствехь араделира цуьнан берашна лерина «Бирдолаг» ц1е йолу туьйра. Масех драма а, трагеди а язйина Исмаилов Абус.
Цуьнан стихаш т1ехь даьхна цхьамог1а иллеш ду.
Карарчу хенахь поэзехь а, прозехь а, драматургехь а къахьоьгуш ву Абу.
2. Дешархошна, «Бирдолаг» ц1е йолу туьйранан «Бух1анан дийцар», «Лоьман пачхьалкх», «Кура сай» дакъош довзийтар, хьехархочо текст ешарца (120-126-г1ий аг1онаш).
3. Керлачу дешнийн маь1на къастор, дошмалгаш т1е д1а а яздеш (аьтто болчохь сурт а гойтуш):
Бора – сира-можа бос.
IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
1. Дешархошца шерра ешар т1ехь тобанашца къовсадаларца болх д1абахьар, инсерт кепехь таллам а беш текстана (къоламца кхето хала мог1анаш, дешнаш; хазахетта меттигаш билгалйохуш).
2. Билгалдахаршна т1ехь къастам беш болх д1абахьар.
3. Хаттаршца чулацам къастор.
а) Г1айри т1ехь кхоьллина йолу Лоьман пачхьалкх муха пачхьалкх хилла?
аь) Сеша шайн тхьамда Кура Сай харжаран х1ун бахьана ду?
б) Курачу Сен куц-кепах лаций дийца.
в) Кура Сай аьлла ц1е х1унда тиллинера цунна?
г) Лом-паччахьо шен пачхьалкхехь д1ах1оттийна къепе муха хилла?
г1) Муьлш хилла цуьнан хьадалчаш?
д) Лоьман олалла дожо дагахь х1ун сацам бира ирзу т1ехь гулъеллачу акхароша?
4. Дешархошка къастош меттигаш ешийтар.
а) Туьйранна т1ера Лоьмой, Курачу Сеной дина къамел схьалаха.
аь) Муха го вайна Лом а, Кура Сай а? (барта сурт х1оттаде)
б) Цаьршиннан муьлха амалш билгалйовлу дечу къамелехь?
5. Туьйранан текст яххьашца ешийтар дешархошка.
V. Урокан жам1 дар.
1. Муха хийтира шуна туьйранан чулацам?
2. Х1ун 1амадо х1окху туьйрано дахарехь масал хила мегар долу?
3. Х1ун ойла кхоллаелира шун туьйра доьшуш?
4. Дешархойн хаарийн мах хадор.
VI. Рефлексин мур.
1. Урокехь суна дика хеттарг дара…
2. Суна дика цахеттарг…
3. Суна атта хеттарг…
4. Суна хала хеттарг…
5. 1алашоне кхачийнарг…
VII. Ц1ахь: еша а, чулацам хаа а 120-126-г1ий аг1онаш; суьрташ дахка чулацамна. Хазахетта кийсак билгалъяккха.
ГАЙРБЕКОВА Марьям