- Категория: Чеченский язык
- Просмотров: 535
Туьйранан махкахь
Оха кхид1а хьо нохчийн меттан урокаш йовзийтар
24-гIа урок
Урокан цIе: Исмаилов А. Туьйра «Бирдолаг». Туьйранан «Толам» цIе йолу дакъа.
Iалашо: 1. Туьйранехь Iаламан сурт гойтуш, цуьнан исбаьхьалла йовзуьйтуш авторо далийна дустарш, корматаллин башхаллаш билгалъяха.
2. Халкъан барта кхоллараллин тайпанаш юкъалацаран хьесап, Iалашонан таронаш юзуш, чулацаман идейни маьIна къасто.
3. Дешархой произведени къастош, яххьашца шерра еша Iамор тIе къасттина тидам бахийта.
Урокана оьшу гIирс: яздархочун портрет, урокан коьчална кечйина презентаци, керлачу дешнийн маьIна гойтуш кечйина слайдаш, тептарш, дошмалгаш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамIдаран гIирс.
Урокан тайпа: хаарш тIечIагIдаран урок.
Урок дIаяхьар.
I. Догдаийтаран мур.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализаци яран мур.
1. Дешархошца шерра ешар тIехь тобанашца къовсадаларца болх дIабахьар.
2. Хаттаршца чулацам къастор.
а) ГIайри тIехь кхоьллина йолу Лоьман пачхьалкх муха пачхьалкх хилла?
аь) Сеша шайн тхьамда Кура Сай харжаран хIун бахьана ду?
б) Курачу Сен куц-кепах лаций дийца.
в) Кура Сай аьлла цIе хIунда тиллинера цунна?
г) Лом-паччахьо шен пачхьалкхехь дIахIоттийна къепе муха хилла?
гI) Муьлш хилла цуьнан хьадалчаш?
д) Лоьман олалла дожо дагахь хIун сацам бира ирзу тIехь гулъеллачу акхароша?
3. Туьйранан чулацамна дехкинчу суьрташца болх дIабахьар.
III. Урокан керла коьчал йовзийтар.
1. Дешархошна, «Бирдолаг» цIе йолу туьйранан «Толам» цIе йолу дакъа довзийтар, хьехархочо текст ешарца (I26-I30-гIий агIонаш).
2. Коьрта маьIна билгалдаккхарна къаьсттина тидам тIебахийтар.
3. Керлачу дешнийн маьIна къастор, дошмалгаш тIе дIа а яздеш (аьтто болчохь сурт а гойтуш):
Хьех – ЧагIалкхаш- Арданг – Зовкх.
IV. Iамийнарг тIечIагIдар.
1. Дешархошца шерра ешар тIехь тобанашца къовсадаларца болх дIабахьар, инсерт кепехь таллам а беш текстана (къоламца кхето хала могIанаш, дешнаш; хазахетта меттигаш билгалйохуш).
2. Билгалдахаршна тIехь къастам беш болх дIабахьар.
3. Хаттаршца чулацам къастор.
а). Кура Сай дIахеца хIунда дагадеара цхьогална? аь). ХIун Iалашо йолуш дира цо иза?
б). ХIун маьIна ду хIокху туьйранан?
в) Акхаройн дахарехь адамийн дахарца цхьаьна догIуш дерг хIун ду?
г) ХIун башхалла ю хIокху туьйранан?
гI) ХIун ду хIара туьйра кхечу туьйранех къастош дерг?
4. Дешархошка къастош меттигаш ешийтар.
а) ГIаьттинчу бIоно Лоьман олалла дожорах лаьцна дуьйцу меттиг схьа а лахий, дIаеша.
аь) Билгалдаккха оццул нуьцкъала пачхьалкх йохоран бахьана.
5. Туьйранан чулацамна кластер хIоттор.
V. Урокан жамI дар.
1. Муьлха керла коьчал евзира шуна урокехь?
2. Къаьсттина туьйранан чулацамехь билгалдаьлларг хIун дара?
3. Дешархойн хаарийн мах хадор.
VI. Рефлексин мур.
1. Урокехь суна дика хеттарг дара…
2.Суна дика цахеттарг…
3.Суна атта хеттарг…
4.Суна хала хеттарг…
5. Iалашоне кхачийнарг…
VII. ЦIахь: еша а, чулацам хаа а 126-130-гIий агIонаш; суьрташ дахка чулацамна. Текст яххьашца еша кечам бан.
ГАЙРБЕКОВА Марьям