- Категория: Чеченский язык
- Просмотров: 2515
Тема дIаерзош сочинени язъяр
Лараме хьехархой, оха юха д1айолайо «Нохчийн меттан урокаш» ц1е йолу рубрика. Теша лаьа, шайн балхахь дуккха а пайдениг кху урокашкахь шуна карор ду бохучух.
29-ГIА УРОК
Урокан цIе: Сочинени «ХIунда лаьа суна Зайндих тера хила?»
Урокан Iалашо:
1. «Зайнди» дийцаран чулацаман жамI даран кепехь дешархошка корматаллин белхаш кхочушбайта.
2. Грамматически бакъонаш карлайохуш, нийсаяздаран низам лардан Iамо.
3. Барта а, йозанца а къамел кхиор тIехь болх дIабахьа.
Урокана оьшу гIирс: дошамаш, тептарш, къастийна байташ, кицанаш, дешархоша чулацамна дехкина суьрташ.
Урокан тайпа: дозуш долу къамел кхиоран урок.
Урок дIаяхьар
I. Догдаийтаран мур.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализаци яран мур.
1. «Зайнди» цIе йолу дийцаран чулацам карлабаккхар.
2. Дийцаран коьрта маьIна билгалдаккхар.
3. Дийцаран чулацам хаттаршца таллар тIехь болх дIабахьар.
а) Мила ву хIокху дийцаран коьрта турпалхо?
аь) ХIун тайпа хийцамаш хилира цуьнан дахарехь нана кхелхинчул тIаьхьа? б) ХIунда ца везавелира Арухина Зайнди?
в) Ша санна долчу берех Зайнди хьоьгуш хиларан бахьана дийца. Стенга сатесна хилла и?
г) Зайнди Михайловске деша вахар муха нисделира?
гI) Зайндин доттагI Iал-
болат муха кIант хета шуна?
д) ХIун бахьана ду кIентан сатийсамаш кхочушхиларан?
е). Ша цIа даийтинчу кехат тIехь хIун яздинера Зайндис?
III. Урокан коьчал тIехь болх.
1. Зайндин васт гойтуш ялийна меттигаш тидаме эцар.
2. Дестечуьнца йолу юкъаметтиг билгалъяккхар.
3. Дешархойн чулацамна дехкина суьрташ тIехь болх дIабахьар.
4. Къастош меттигаш текстан тIехь ешийтар.
5. Язъечу сочиненина эпиграф къастор, йийцаре яр.
Толо гIерташ хьайна
хетарг,
Ма делахь ахь, тарлахь,
дов.
Къовсаме берш вовшех
кхетахь,
Хир яц цхьаннаъ дагна
чов.
Адамехь товш бу
къинхетам,
Адамехь товш ю
камаршо.
Уьш эрна дешнаш
ма хета,
Хьажа уьш дуьненчохь
даржо.
6. Йозанца белхаш кхочушбар.
IV. Урок тIечIагIъяр.
1. Дешархошка йозанца белхаш кхочушбайтар тептарш тIехь.
2. Оьшучохь хьехархочо гIо лацар.
V. Урокан жамI дар.
1. Муьлхачу коьчал тIехь белхаш бира вай урокехь?
2. Къаьсттина муьлха болх бо шун даго къобал, кхачам боллуш хеттарг?
3. Дешархоша йозанца кхочушбан болийначу белхийн жамI дар.
VI. Рефлексин мур.
1. Урокехь суна дика хеттарг дара…
2. Суна дика цахеттарг…
3. Суна атта хеттарг…
4. Суна хала хеттарг…
5. Iалашоне кхачийнарг…
VII. ЦIахь: сочиненин белхаш чекхбаха а, Iамийна произведенеш карлаяха а.
ГАЙРБЕКОВА Марьям