Menu


Туьйранийн дуьненахь

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Оха кхид1а хьо нохчийн меттан урокаш йовзийтар
30-гIа урок
Урокан цIе: Классал арахьара дешар. Туьйра «Хьасанний, Ахьмаддий».
Iалашо: 1. Классал арахьара дешарна лерина «Хьасанний, Ахьмаддий» цIе йолу туьйра дешархошна довзийта, чулацаман маьIна дан Iамо.
2. Туьйранаша адамийн юкъаметтигийн, Iер-дахарехь кхоллалучу гIул-
лакхийн ойлаяйтар; хьайбанаш, акхарой, олхазарш адамийн амалшца гайтар билгалдаккха Iамо.
3. Къастош меттигаш еша; инзаре-тамашийна, хила йиш йоцуш долу хIуманаш бакъдолуш санна далор къасто.
Урокана оьшу гIирс: урокан коьчална кечйина презентаци, керлачу дешнийн маьIна гойтуш кечйина слайдаш, тептарш, дошамалгаш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамIдаран гIирс.
Урокан тайпа: керла хаарш довзийтаран урок.
Урок дIаяхьар.
I. Догдаийтаран мур.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализаци яран мур.
1. Дешархошца шерра ешар тIехь тобанашца къовсадаларца болх дIабахьар.
2. Хаттаршца «Зайнди» дийцаран чулацам къастор.
а). Мила ву хIокху дийцаран коьрта турпалхо?
аь) ХIунда ца везавелира Арухина Зайнди?
б) Бехк боцуш, Зайнди ша хьийзаварна Аруха дохкояларан хIун бахьана ду?
в) Арухас а, Бисолтас а Зайнди хьийзавар юьртахоша тIе муха лецира ?
г) Муха кIант хета шуна Зайнди? Цо динарг аша къобалдой? ХIунда?
гI) ХIун маьIна ду хIокху дийцаран?
3. Дийцаран чулацамна дехкинчу суьрташца болх дIабахьар.
III. Урокан керла коьчал йовзийтар.
1. Дешархошна, «Хьасанний, Ахьмаддий» цIе йолу туьйранан чулацам хьехархочо текст ешарца бовзийтар (366-370-гIий агIонаш).
2. Коьрта маьIна билгалдаккхарна къаьсттана тидам тIебахийтар.
3. Керлачу дешнийн маьIна инсерт кепехь къастор, дошмалгаш тIе дIа а яздеш (аьтто болчохь сурт а гойтуш).
Бехкам бар-муьлхха а цхьаъ дехкар, цамагадар.
ТаIзар ди-бохам бина.
Къиза-дог ца лозуш, къа ца хеташ.
Шеквер вац – дагадогIур дац, хаалур дац.
IV. Iамийнарг тIечIагIдар.
1. Дешархошца шерра ешар тIехь тобанашца къовсадаларца болх дIабахьар.
2. Хаттаршца чулацам къастор.
а) Хьанах лаьцна ду Джамалханов Зайндин туьйра?
аь) ХIун гергарло дара шина кIантана юккъехь?
б) Муха хета шуна Iаьржачу Элан амал?
в) Iаьржа Эла къиза хилар муха гойту авторо?
г) Хьасана шен ваша муха ваьккхира ор чуьра хьала?
гI) ХIун сацам хилира церан?
3. Дешархошка яххьашца туьйра дешийтар.
4. «Дагалаца» ловзаран кеп дIаяхьар (туьйранашкахь йийцина хIуманаш, суьрташ гойтуш церан цIераш билгалъяхар).
V. Урокан жамI дар.
1. Муха хийтира шуна «Хьасанний, Ахьмаддий» цIе йолу туьйра?
2. Туьйра доьшуш хIун ойла кхоллаелира шун?
4. Дешархойн хаарийн мах хадор.
VI. Рефлексин мур.
1. Урокехь суна дика хеттарг дара…
2. Суна дика цахеттарг…
3. Суна атта хеттарг…
4. Суна хала хеттарг…
5. Iалашоне кхачийнарг…
VII. ЦIахь: еша а, чулацам хаа а 366-370-гIий агIонаш; суьрташ дахка чулацамна. Текст яххьашца еша кечам бан.

ГАЙРБЕКОВА Марьям

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных