Menu


Изложени язъяр а, йийцаре яр а

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

32-гIа урок
Урокан цIе: Изложени йийцаре яр. ГIалаташ тIехь болх бар.
Iалашо: 1. Чулацам кхачам боллуш йозанца схьабелларца а, грамматически бакъонаш ларъярца а даьхна гIалаташ билгалдаха.
2. Барта а, йозанца а къамел кхиор тIехь дешархоша даьхна гIалаташ нисдан.
3. Изложени йийцаре ярца хаарш тIечIагIдан а, кхачамбацарш талларца нисбан а, грамматически бакъонаш карлаяха а.
Урокана оьшу гIирс: урокан коьчална кечйина презентаци, гIалаташ гойтуш кечйина слайдаш, тептарш, дошмалгаш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамIдаран гIирс.
Урокан тайпа: дешархойн хаарш талларан урок.
Урок дIаяхьар.
I. Догдаийтаран мур.
II. Дешархойн корматаллин белхан таллам бар.
1. Дешархойн изложени язъеш кхочушбина белхаш таллар.
2. Текстан чулацам гергарчу кепехь гайтарца даьхна гIалаташ билгалдахар.
3. Йозанца корматаллин белхаш кхочушбеш даьхна грамматически гIалаташ къастор.
4. Чулацам буьззина схьабеллар, коьрта маьIна билгалдаккхар кхачам болуш цахилар бахьана къастор.
5. Белхаш кхочушбеш ойла ца яр, тидаме цахилар къастор.
6. Ледара кхочушбина белхаш билгалбахар.
III. ГIалаташ тIехь болх дIабахьар.
1. Грамматически бакъонаш карлаяхар.
2. Коьрта маьIна билгалдаккхарна къаьсттана тидам тIебахийтар.
3. Дешархошка шаьш къастийначу коьчална жима сочинени язъяйтар.
4. Белхаш толлуш, кхачамбацарш билгалбахар.
IV. Iамийнарг тIечIагIдар.
1. Тобанашца къовсадалар дIадахьар (карточкашца болх бар).
2. Слайдашца болх кхочушбар.
3. Тестировани яр (слайдашца гойтучу хаттаршна йозанца жоьпаш далар).
4. «Дагалаца» ловзаран кеп дIаяхьар (кийсак ешарца произведенин цIе а, автор а билгалваккхар).
V. Урокан жамI дар.
1. Муха хийтира шуна гIалаташ тIехь дIабаьхьна болх?
2. Къаьсттина чIогIа тидаме эца деза гIалаташ муьлхарш дара?
3. Дешархойн хаарийн мах хадор.
VI. Рефлексин мур.
1. Урокехь суна дика хеттарг дара…
2. Суна дика цахеттарг…
3. Суна атта хеттарг…
4. Суна хала хеттарг…
5. Iалашоне кхачийнарг…
VII. ЦIахь: Iамийна произведенеш карлаяха, кхоллараллин белхаш язбан Iамо.

ГАЙРБЕКОВА Марьям

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных