Menu


Баьпкан чкъуьйриг

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Оха кхид1а хьо нохчийн меттан урокаш йовзийтар
33-гIа урок
Урокан цIе: Саракаев Хьамзат «Баьпкан чкъуьйриг».
Урокан Iалашо:
1. Саракаев Хьамзатан кхолларалла къасторан, произведени талларан, цуьнан чулацам, маьIна, исбаьхьаллин башхаллаш дешархошка дIакхачоран болх дIабахьар.
2. Дийцаран тема билгалъяккха, цу темица йогIуш йолу кхин произведенеш дагалаца, царна юкъара башхаллаш къасто.
3. Текст яххьашца а, къастош ешарца а боьзна болу болх дIабахьа.
Урокана оьшу гIирс: Саракаев Хьамзатан дахарх, кхоллараллах лаьцна кечйина презентаци, чулацамца нисдина суьрташ, тептарш, дошмалгаш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамIдаран гIирс, керлачу дешнашна слайдаш.
Урокан тайпа: керла коьчал йовзийтаран урок.
Урок дIаяхьар
I. Догдаийтаран мур.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализаци яран мур.
1. ДIаяханчу урокехь Iамийна произведенин чулацам схьабийцар.
2. Чулацам хаттаршца къастор.
а) Мила ву Iаьржа Хожа?
аь) ХIун хабар дара цунна хезнарг?
б) ХIун сацам бира Iаьржачу Хожас?
в) Стенга вахара Iаьржа Хожа?
г) Муха кхета шу кIоршаме бохучу дашах? (оьгIазе, дера)
гI) Хьем ца беш? (сихха, эрна хан ца йойъуш).
д) Муха лелавора эло ша валийна ши кIант?
е) Дукха муьлханиг везара элана?
ё) ХIун ма де аьлла дIавахара эла шина кIанте?
ж) ХIун бахьана дара Ахьмад гIу чу кхоссар?
з) Цунах тера догIуш муьлха дийцар Iамийна аша? (Зайнди)
3. Тестировани ярца хаарш таллар.
1). Муьлхачу туьйранна тIера ду хIара дешнаш?
– ГIайгIа ма елахь, сан хьоме да. Дукха зама ялале могуш-маьрша а долуш, со юха кхочур ду хьуна….
А) «Кхо ваша»
Б) «Тамашийна олхазар»
В) «Доьшуш хилла кIант»
2) Хьан язйина «ЦIен маьхьси»?
А) Гацаев СаьIид;
Б) Мусаев Мохьмад;
В) Бадуев СаьIид.
3) Мила ву «Зайнди» дийцар тIехь коьрта турпалхо?
А) Iалболат;
Б) Аруха;
В) Бисолта;
Г) Зайнди.
4) Хьан яздина «Зайнди» дийцар?
А) Исмаилов Абу;
Б) Саракаев Хьамзат;
В) Бадуев СаьIид.
5). Маца вина Саидов Билал?
а) I9I4
б) I930
в) I929
6). «Майра кIант Сулима» цIе йолу туьйра хьан яздина:
А) Мусаев Мохьмад;
Б) Саидов Билал;
В)Бадуев СаьIид.
7). Муьлхачу туьйранна тIера ду хIара дешнаш?
Иштта сагатдора
КIентан дас, нанас а:
Дацара церан а
Цул дезаш кхин хIума.
А) «Кхо ваша»
Б) «Майра кIант Сулима»
В) «Доьшуш хилла кIант»
III. Урокан керла коьчал йовзийтар.
I. Саракаев Хьамзатан кхолларалла йовзуьйту хьехархочо презентаци гайтарца:
Саракаев Хьамзат вина I927-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь. Бехк боцуш нохчийн халкъ шен махках даьккхинчу хенахь цо дешна Чимкентехь юккъерчу ишколехь, цул тIаьхьа Чарджоухь хIордан а, хинан а некъбаран техникумехь. Вайнах шайн махка цIабирзинчул тIаьхьа чекхъяьккхина хьехархойн институт.
Исбаьхьаллин литературехь гIулчаш яха волавелла шен шийтта шо долуш, цуьнан дуьххьарлера стихотворени зорбатоьхна I939-чу шарахь.
Саракаев Хьамзатана исбаьхьаллин литература езаялийтинарш бу нохчийн гIарабевлла яздархой М.Мамакав, Х.Ошаев, Н.Музаев. Цуьнан говзалла кхиарехь боккха тIеIаткъам бина оцу яздархойн кхолларалло. Саракаев Хьамзатана дика девза берийн дахар а, церан амалш а.
Цуьнан ерриге а бохург санна произведенеш берашна лерина ю. Цо язйина: «Дуьххьарлера хьуьнар», «Шира гIап», «Эдалхан некъаш», «Эдалханан доттагIий», «Малхана тIаьхьа», «Толамах тешарца» цIераш йолу произведенеш. Дукхахйолу произведенеш: дийцарш, повесташ – коьртачу турпалхочун Эдалхан дагалецамаш бу. И тайпа бераш 40-чу шерашкахь дукха хилла яздархочун бералла дIаяханчу Веданахь. Оцу берийн амалш а, гIиллакхаш а ду яздархочо Эдалханан вастехь гайтинарш. Яздархочо шен турпалхой кхиарехь, оьздангаллин керл-керлачу анайисташка бийларехь гойту.
Хьомечу махке безам кхолларан а, цу чохь дехачу къаьмнашна юккъехь доттагIалла чIагIдаран а ойланаш ю Саракаев Хь. шен произведенешкахь кхайкхош ерш.
Цара Iамаво уггаре а халчу, амма дуьнен тIехь уггаре а оьшучу говзаллина – адам хиларна. Яздархочо боху: нагахь хьо адамашца догцIена, царна орцахвала гуттар а кийча хилахь, хьо цкъа а вуьсур вац цхьаллехь.
2. Хьехархочо текст ешарца «Баьпкан чкъуьйриг» цIе йолу дийцаран чулацам бовзийтар.
3. Керлачу дешнийн маьIна довзийтар, дошаман болх дIабахьар.
Берчаш-болх дукха барна, чкъор стамлуш, куьйгаш тIехь хIуьттуш долу моьнаш.
Пусар-сийдар, ларар.
IV. Iамийнарг тIечIагIдар.
1. Дешархошка шайга произведени ешийтар
2. Чулацам хаттаршца къастор.
а) Стенах самукъадаьлла ловзуш хилла Адам учи тIехь?
аь) Когаца дIаса а кхуьйсуш, буьрканан метта ловзош ерг хIун яра цо?
б) Ойла еш хиллий цо ша лелочун?
в) Дас муха тIеийцира кIанта лелош дерг?
г) ХIун дара цунна цатайнарг?
гI) Да оьгIазвахарх Адам цакхетаран хIун бахьана ду?
д) Муха дара ден куьйгаш? ХIунда хилла царна тIехь берчаш?
е) Шена динчу хьехарх нийса кхеттий Адам? Кхин дийр дуй Адама и саннарг? Шу теший цунах? ХIунда?
3. Дешархошка шаьш баьпкан пусар дарх лаьцна дийцийтар.
4. Дийцаран чулацаман маьIница догIу кицанаш далор (тобанашца къовсадалар дIадахьар).
Воккхачо бохург динарг дохковаьлла вац.
Дика кIант-ден дог, вон кIант-дена бала.
Доьзал дика – беркат дукха.
Дика кIант-гIала, вон кIант-бала.
V. Урокан жамI дар.
1. Муьлха дийцар девзира вайна тахна?
2. Мила ву цуьнан автор?
3. ХIун ду чулацаман маьIна?
4. Дешархойн хаарийн мах хадор.
VI. Рефлексин мур.
1. Урокехь суна дика хеттарг дара…
2. Суна дика цахеттарг…
3. Суна атта хеттарг…
4. Суна хала хеттарг…
5. Iалашоне кхачийнарг…
VII. ЦIахь: еша, чулацам схьабийца. «ХIунда дан деза баьпкан сий» цIе йолу жима дийцар яздан.

ГАЙРБЕКОВА Марьям

 

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных