Menu

Чеченский язык

Халкъан хьекъал

Оха кхидIа хьо 9-чу классина лерина йолу нохчийн литературин урокийн поурочни йовзийтар (8-гIа урок).
Урокан цIе: Кицанаш, хIетал-металш
Урокан Iалашо: 1. Халкъан барта кхоллараллин произведенешца, церан чулацаман кIорггера маьIна дарца дешархой кхетош-кхиор тIехь болх дIабахьа.
2. Урокан керла коьчална лерина «Кицанаш, хIетал-металш» цIе йолу презентаци гайтарца керла хаарш довзийта.
3. Бечу балхана вовшашна таллам бан а, жамI даран кепехь мах хадо Iамо а, халкъан барта кхоллараллин бух тIехь девзинчу хаарех дахарехь пайда эца Iамо а.
Урокана оьшу гIирс: Урокан коьчална лерина презентаци, тептарш, дошмалгаш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамIдаран гIирс, керлачу дешнашна слайдаш.
Урокан тайпа: керла хаарш довзийтаран урок.
Урок дIаяхьар
I. Догдаийтаран мур
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализаци яран мур
1. Дешархоша цIахь бина кечам таллар.
2. Баккхийчаьргара дIаяздина шира дийцарш, хабарш, аларш къастор.
3. Хьалхарчу урокашкахь Iамийначу ширачу дийцарийн чулацамца догIуш дехкина суьрташна таллам бар.
III. Керлачу хаамех дерг довзийтаран мур.
1. Нохчийн халкъан барта кхоллараллин хIун тайпа произведенеш евзира вайна хьалхарчу урокашкахь?
2. Барта кхоллараллин тайпанаш муьлхарш ду?
3. Дешархошка кластер тIехь урокан керла коьчал шайга билгалъяккхийтар.
Презентаци гайтарца хьехархочо урокан керла коьчал йовзийтар.
Iаламат мехала хазна ю халкъан кицанаш. Дукха хенахь дуьйна дахарехь зеделларг, адамо шен хьокъехь ойла йинарг, тидаме эцнарг ду кицанашка дерзийна. Доцца аьллачу, шайгахь къеггина маьIна долчу дешнех лаьтташ ду уьш. Шайн чулацаме хьаьжжина, тайп-тайпана ду кицанаш.
Халкъан юкъараллин дахарехь зеделлачух лаьцна кицанаш: «Ойла йоцуш динарг гIайгIа йоцуш дирзина дац»; «Хьайца схьалело цалуудерг нахаца дIа а ма леладе»; «Яхь йолчу дагехь хьагI хир яц»; «Майрачул майраниг а хир ву, хазачул хазаниг а хир ву»; «Дас хестинчу эро цхьогал ца лаьцна». Дешарх, хьекъалх лаьцна кицанаш: «Жимчохь Iамийна хIума тIулга тIе яздина йоза ду»; «Йоза доцу стаг шура йоцу аттах тера ву»; «Коьртехь хьекъал ца хилча, когаша къахьоьгу»; «Кхоччуш хьекъал долчун къамел доца хир ду».
ДоттагIаллех лаьцна кицанаш: «Эзар доттагI верг ваьлла, эзар сту берг вайна»; «Генара доттагI – йоьгIна гIала»; «Ваша ваша вац, и хьан доттагI а вацахь»; «ДоттагI элана а, мискачунна а оьшуш ву».
Къинхьегамах лаьцна кицанаш: «Аьхка – мало, Iай – хало»; «Тахана дан мегадерг кханенга ма тетта»; «Хьалххе гIаьттинчу Iуьнан жий шала бехкина»; «Болх бар – цхьа къинхьегам, цабар – ши къинхьегам».
ТIамах, девнах лаьцна кицанаш: «ТIамо воI ца вина, тIамо воI вийна»; «Зулам лехнарг зен вайна»; «Ирачу туьрана а оьшу дика да»; «Дов шар-худар дац»; «Стешхачу жIаьло тIехьашха катуху».
Халкъо кицанашкахь кхетам ло, диканиг хьоьху, вочух ларво. «Кхетаме доцу дош кица дац», - олуш ду. Къамелехь далийнчу кицано дуьйцург хаздо, тодо, цуьнан маьIна кIарг а деш, ладугIуш волчунна цунах кхета гIо до. Шен къамелехь догIуш долчохь кица дало хаар къамелана говза хилар, шен ойла кIеггина схьагайта хаар ду. Халкъан кицанаш хаа а деза, царах пайда эца а беза.
Халкъан барта кхоллараллин шатайпана жанр ю хIетал-металш. Цара цхьа хIума кхечу хIуманехула, шен аматашца къайлах йолчуьнца йогIучу хIуманца билгалйоккху. ХIетал-металша адамийн эс кхиадо, цхьа хIума кхечуьнгахула йовза Iамаво. Тайп-тайпана ду хIетал-металш: ХIетал-метал хаийла хьуна: вайн цIечу гIожа тIехь Iан кIайн котамаш? (Цергаш). ХIетал-метал хаийла хьуна: дуьненан архаш? (Некъаш). ХIетал-метал хаийла хьуна: дуьнен чохь доцу кхо хIума? (ХIордана тиллина тIай а дац, лаьттана тухуш догIа а дац, стигална хIоттийна лами а бац). ХIетал-метал хаийла хьуна: хуьл-хуьлуш - хингал, хилла даьлча - чIепалг? (Бутт). ХIетал-метал хаийла хьуна: къеначу стеган говр? (Iаса).
Дехха далош хIетал-металш а хуьлу, царех чолхе хIетал-металш олу. Масала: «ХIорд ловза а баьлла, хIордан кема доьхна. Цу тIера цхьа стаг хIордо цхьана гIайре тIе юьстахкхоьссина. Оцу гIайре тIехь шаберш зударий хилла, шайна юккъехь цхьа а боьрша стаг а воцуш. И зударий чIогIа хаза хилла, цхьа а, ирча ю аьлла, билгалъяккха зуда йоцуш. Зударша сацам бина, и стаг шайна зуламе вала тарло, цундела иза ирхъолла веза аьлла. Цу стага зударшка цхьа хIума аьлла. Зударша цул тIаьхьа, ца вуьйш, витина и стаг. ХIетал-метал хаийла хьуна: цу стага зударшка хIун аьлла?
(Стага зударшка аьлла, массарал ирча йолчо оллахьара ша хьала).
IV. Керла хаарш тIечIагIдаран мур.
1. Дешархошца учебник тIехь болх бар.
2. Хаттаршца урокан коьчалх болу хаам тIечIагIбар.
3. Дешархошка шайга кицанаш, хIетал-металш дагалацийтар.
4. Тобанашца кластер хIоттаяйтар.
I-ра тоба (кицанийн тайпанаш)
2-гIа тоба (хIетал-металийн тайпанаш).
V. Урокан жамI дар
1. Муха хийтира шуна тахана урокехь къастийна коьчал?
2. ХIун мехалла ю къоман кицанийн, хIетал-металийн?
3. ХIун маьIна ду церан чулацаман?
4. Дешархошка вовшашка бинчу белхан мах хадабайтар.
VI. Рефлексин мур
1. Урокехь со Iалашоне кхачийнарг…
2. Суна хаа лиънарг…
3. Мехала хеттарг…
4. Кхето хала хеттарг…
VII. ЦIахь: Кицанийн, хIетал-металийн тайпанаш хаа, шаьш дагалаца, тептарш тIе дIаяздан.

ГАЙРБЕКОВА Марьям

Фольклоран жовхIарш

Оха кхидIа хьо 9-чу классина лерина йолу нохчийн литературин урокийн поурочни йовзийтар (6-гIа урок)
Урокан цIе: «ГаланчIожарчу Iомах», «Наьрт-аьрстхой», «Молла Несартан хабарш».
Урокан Iалашо: 1. Нохчийн барта кхоллараллехь долу тайпанаш: дийцарш, забаре хабарш, ира аларш дешархошна довзийта, церан маьIна къастон Iамор.
2. Дахарехь халкъан барта кхоллараллин произведенех пайда эца а, шира зама дагалацарца билгалдаьхначу тайпанех дешархой кхетор а.
3. Урокан керла коьчал йовзийтар тIехь болх дIабахьар, Iамийнарг карладаккхар тIехь тобанашца бечу белхан хьесап нисдар.
Урокана оьшу гIирс: урокан коьчална лерина презентаци, «Ненан бIаьрхиш» цIе йолчу дийцаран чулацамца дехкина суьрташ, тептарш, дошмалгаш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамIдаран гIирс, керлачу дешнашна слайдаш.
Урокан тайпа: керла хаарш довзийтаран урок.
Урок дIаяхьар:
I. Догдаийтаран мур.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализаци яран мур
1. «Ненан бIаьрхиш» цIе йолу дийцаран чулацам дешархошка шайн дешнашца герггарчу хьесапехь схьабийцийтар.
2. Дийцаран чулацамца догIу суьрташ дахкаран кечам таллар.
3. Хаттаршца чулацам карлабаккхар.
а) Хьанах лаьцна дуьйцу дийцар тIехь, муьлш бу цуьнан турпалхой?
аь) Муха кхиавора дас-нанас шайн цхьаъ бен воцу кIант?
б) КIант шен дений-нанний муьтIахь хилар, церан лаам ларбеш хилар муха го вайна дийцаран чулацамехь?
в) Церан лаам тIера кIант валар муха нисделира, хIун дара цуьнан бахьана?
г) Нене кIант тIамехь валар муха хаийтира тIемалоша дIа?
гI) «Ненан бIаьхиш» аьлла дийцарна цIе тилларан хIун бахьана дара?
4. Дийцар тIера къастош меттигаш ешийтар.
а) Меттан кIорггерчу говзаллица Iаламан исбаьхьалла гойту меттиг лахий, дIаеша.
аь) КIанта мостагIий хIаллакбеш сурт гойту меттиг къастае.
б) Нене кIант валар хаийта шийла кхаъ бохьуш тIемалой кIант-турпал ваьхначу юьрта, нана ехачу кетIа бахкар гойту могIанаш билгалдахий, яххьашца деша.
III. Керлачу хаамех дерг довзийтаран мур.
1. Урокан керла коьчал йовзийтар презентаци гайтарца (шира дийцарш: «ГаланчIожарчу Iомах», «Наьрт-аьрстхой», «Молла Несартан хабарш»).
Ширачу дийцаршна юккъехь исторически хиллачийн бух тIехь кхоьллинарш а ду. Царах ду «АстагIа Тимар» цIе йолу дийцар. Шайн къеггина башхаллаш ю билгалйолчу меттигех: лаьмнех, бIаьвнех, хих, Iаьмнех лаьцна долчу ширачу дийцарийн.
Масала, ГаланчIожарчу Iомах долу дийцар (хьалххе кечам бинчу дешархочо дуьйцу).
Шайн чулацамца а, исбаьхьаллин башхаллашца а Iаламат мехала ду наьрт-аьрстхойх долу дийцарш а. Наьрт-аьрстхой даккхий догIмаш а долуш, нуьцкъала адамаш хилла бохуш, дуьйцу царах лаьцначу дийцаршкахь. Дукхахьолахь, вовшашца а, ткъа иштта адамашца а луьра къийсамаш хилла церан. Адамашца болу церан къийсамаш, гуттар а бохург санна, наьрт-аьрстхой эшош дIа а боьрзу. Наьрт-аьрстхойх лаьцна долу нохчийн дийцарш дукха хьолахь билггалчу географически меттигех дозаделла ду. Царна тIера хиламаш кхочушхуьлу билгалйолчу ярташкахь я евзаш йолчу кхечу меттигашкахь. Иштта ду Соскин Солсех долу дийцарш а (дешархочо довзуьйту царах цхьаъ).
Iаламат даьржина ду Молла_Несартан хабарш. Доца а долуш, забаре, беламе хуьлу уьш. Адамийн сакхташ забарца Iорадоху царна тIехь (дешархочо дуьйцу).
2. Дийцарийн башхаллаш билгалъяхар.
IV. Керла хаарш тIечIагIдаран мур.
1. Дешархошна билгалъяьлла меттигаш къастор дийцаршна тIехь.
2. Хаттаршца чулацам тобанашца болх барца къастор.
3. Дешархошка шайна чулацамах зеделларг дийцийтар.
4. Тобанашца синквейн хIоттор.
V. Урокан жамI дар.
1. ХIун тайпа Iалашо билгалйолу вайна шира дийцаршкахь?
2. Муха дан мегар ду дийцарийн чулацаман маьIна?
3. Меттан говзалла, цуьнан исбаьхьалла муьлхачу гIирсашца гучуйолу?
4. Дешархоша бинчу белхан мах хадор.
VI. Рефлексин мур.
1. Урокехь суна дика хеттарг дара…
2. Со Iалашоне кхачийнарг…
3. Суна атта хеттарг…
4. Суна хала хеттарг…
VII. ЦIахь: дийцарийн чулацам хаа, цIахь баккхийчаьргара шира дийцарш тептарш тIе дIаяздан.

ГАЙРБЕКОВА Марьям

Фольклоран хазна

Оха кхидIа хьо 9-чу классана лерина йолу нохчийн литературин урокийн поурочни планаш йовзийтар (4-г1а урок).
Урокан цIе: Нохчийн халкъан шира дийцарш, хабарш, аларш. «КIирдан бIаьвнаш», «Хьекъал долу зуда».
Урокан Iалашо: 1. Нохчийн барта кхоллараллехь долу тайпанаш: дийцарш, забаре хабарш, ира аларш дешархошна довзийта, церан маьIна къасто Iамо.
2. Дахарехь халкъан барта кхоллараллин произведенех пайда эца а, шира зама дагалацарца билгалдаьхначу тайпанех дешархой кхето а.
Урокана оьшу гIирс: урокан коьчална лерина презентаци, «ЧингIаз» цIе йолу туьйранан чулацамца дехкина суьрташ, тептарш, дошмалгаш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамIдаран гIирс, керлачу дешнашна слайдаш.
Урокан тайпа: керла хаарш довзийтаран урок.
Урок дIаяхьар
I. Догдаийтаран мур.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализаци яран мур.
1. Туьйранех лаьцна кечбина дешархойн хаам.
2. Тептарш тIе дIаяздина туьйранаш таллар.
3. «ЧингIаз» туьйранан чулацам герггарчу хьесапехь схьабийцар.
4. Туьйранан чулацамна дехкина дешархойн суьрташ тIехь болх дIабахьар.
5. Чулацам хаттаршца къастор.
а) ХIун бахьана дара кIантана ЧингIаз езаяларан?
аь) Езаелла йоI лаха араваьллачу кIантана муха карийра иза?
б) ХIун тайпа халонаш лан йийзира цуьнан новкъахь?
в) ГIам-зудчо бина тешнабехк муха гучуболу кIантана?
г) ЧингIаз тIаьххьара дIайоьдуш дитина дешнийн муха маьIна дина кIанта?
6. Къастош дешархошка меттиг ешийтар (кIанта маьIна деш гайтина меттиг схьа а лахий, дIаеша).
КIанта, самаволлушехь хаьттина шен накъосте:
– ЧингIаз еарий кхуза? Ша дIайоьдуш хIумма а элирий цо? – аьлла.
Накъосто жоп делла:
– Ян а еара, хьалха санна, хьо самавериг а ца хилла дIа а яха. Цо дIайоьдуш: «Ножан а нажжаз, элан а эладита, туьран а туьрадитт, кIант, ша стаг велахь кхочур ву суна тIаьхьа, бохура ала», – элира.
III. Керлачу хаамех дерг довзийтаран мур.
1. Дешархошна керла урокан коьчал йовзийтар, шайга билгал а йоккхуьйтуш.
2. Хьехархочун хаам презентаци гайтарца.
Нохчийн барта кхоллараллехь дукха ду тайп-тайпана дийцарш, забаре хабарш, ира аларш. Царах цхьадерш, инзаре тамашийна хIуманаш шайн чулацамехь долуш, туьйранех тера ду. Шира дийцарш. Ширачу дийцарша довзуьйту генна хьалхалера хIуманаш, хьалха баьхначу нехан дахарх, церан гIуллакхех, гIиллакхех лаьцна хаамаш бу цара гойтуш.
3. Дешархоша шаьш кечам барца дийцаран чулацам бовзуьйту.
4. «Хьекъал долу зуда» цIе йолу шира дийцар хьехархочо довзийтар.
IV. Керла хаарш тIечIагIдаран мур.
1. Хаттаршца шина дийцаран чулацам къастор (тобанашца болх дIабахьар). «КIирдан бIаьвнаш»:
а) Хьалха заманчохь мича меттехь хилла пхи бIов?
аь) И бIаьвнаш тIерлойн элийн хилар стенах хаьа?
б) ТIерлой хьалха заманчохь керстанан динехь хилар муха билгалдолу?
в) Iер-дахар муха хилла «ТIерлойн бIаьвнийн», «КIирдан бIаьвнийн» бахархойн?
г) ГIала йоттаран мах а, хьал а муха хилла церан?
2. «Хьекъал долу зуда».
а) Дас несарий дIаэхийтаран бахьана хIун дара?
аь) Нисъеларий мардена ша резаволу нус?
б) ЦIахь хьекъал долу зуда эшар муха билгалдолу?
в) Мардай, майрий бохамах хьалхаваккхар муха нисло несан?
г) Хьекъал долчу зудчо нийса хьесап дирий мардас даийтанчу хабаран?
3. Дешархошка шина дийцар тIера къастош меттигаш ешийтар.
4. Тобанашца шина дийцарна синквейн хIоттор.
V. Урокан жамI дар.
1. Муха хийтира шуна тахана урокехь къастийна шира дийцарш?
2. ХIун ойла кхоллаелира шун церан чулацам къастош?
3. ХIун маьIна ду ширачу дийцарийн?
4. Дешархоша бинчу белхан вовшашка мах хадабайтар.
VI. Рефлексин мур.
I. Урокехь суна дика хеттарг дара…
2. Суна дика цахеттарг…
3. Суна атта хеттарг…
4. Суна хала хеттарг…
VII. ЦIахь: чулацам хаа, кхин долу шира дийцарш талла, хаам тептарш тIехь кечбан.

ГАЙРБЕКОВА Марьям

Ненан бIаьрхиш

Оха кхидIа хьо 9-чу классина лерина йолу нохчийн литературин урокийн поурочни йовзийтар (5-гIа урок)
Урокан цIе: «Ненан бIаьрхиш».
Урокан Iалашо: 1. Дешархоша цIахь бина кечам талла, йозанца тептарш тIехь хIоттийна шира дийцарш, церан чулацаман маьIна деш кечбина хаам талла.
2. Лаккхарчу исбаьхьаллица, меттан йоккхачу говзаллица, Даймахкана муьтIахь хилар гойту «Ненан бIаьрхиш» цIе йолу шира дийцар дешархошна довзийта.
3. Дийцаран чулацаман маьIна дарца шерра къастош дешар тIехь болх дIабахьа.
Урокана оьшу гIирс: «Ненан бIаьрхиш» дийцар тIехь хIоттийна экранизованни кийсак, чулацамца нисдина суьрташ, тептарш, дошмалгаш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамIдаран гIирс, керлачу дешнашна слайдаш.
Урокан тайпа: керла коьчал йовзийтаран урок.
Урок дIаяхьар
I. Догдаийтаран мур.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализаци яран мур.
1. ЦIахь кечам бан делла шина дийцаран «КIирдан бIаьвнаш», «Хьекъал долу зуда» чулацам шайн дешнашца дешархошка схьабийцийтар.
2. Дийцарийн чулацаман коьрта маьIна билгалдаккхар.
3. Хаттаршца чулацам карлабаккхар. «КIирдан бIаьвнаш».
а) Хьалха заманчохь мича меттехь хилла пхи бIов?
аь) И бIаьвнаш тIерлойн элийн хилар стенах хаьа?
б) ТIерлой хьалха заманчохь керстанан динехь хилар муха билгалдолу?
в) Iер-дахар муха хилла «ТIерлойн бIаьвнийн», «КIирдан бIаьвнийн» бахархойн?
г) ГIала йоттаран мах а, хьал а муха хилла церан?
«Хьекъал долу зуда».
а) Дас несарий дIаэхийтаран бахьана хIун дара?
аь) Нисъеларий мардена ша резаволу нус?
б) ЦIахь хьекъал долу зуда эшар муха билгалдолу?
в) Мардай, майрий бохамах хьалхаваккхар муха нисло несан?
г) Хьекъал долчу зудчо нийса хьесап дирий мардас даийтанчу хабаран?
4. Тобанашца къастош меттигаш йоьшуьйтуш болх дIабахьар.
III. Керлачу хаамех дерг довзийтаран мур.
1. Урокан керла коьчал йовзийтаран Iалашонца хьехархочо хаам бар (ненан, доьзалан юкъаметтигах, ненан доза доцу къинхетамах, безамах, марзонах лаьцна къамел).
2. Ненах лаьцна кицанаш дагалацар.
3. 8-чу классехь Iамийна Сулейманов Ахьмадан «Дахаран генаш» цIе йолу поэмин ненах лаьцна дуьйцу кийсак дагалацар.
- Хьо я хьайн бер? Муьлхарг ло ахь?
– Шега хаттахь дарц-мохо,
Ойла ца еш, нанас эр ду:
– Сан бер дитий, со дIахьо! –
4. «Ненан бIаьрхиш» цIе йолу дийцар тIехь хIоттийна экранизованни кийсак гайтарца чулацам бовзийтар.
5. Хьехархочо дийцаран текст ешар.
6. Керлачу дешнийн маьIна дар:
а) хьех – кхузахь: ламанан бож;
аь) гIагI – тIемалошна аьчкан чIагарех еш хилла бедар;
б) гоьмукъ – беха цамза, хьалхалера тIеман герз;
в) турс – кхузахь: тIамехь тур ца кхетийта лоцуш хилла аьчкан дуьхьало.
IV. Керла хаарш тIечIагIдаран мур.
1. Дешархошка дийцаран текст яххьашца ешийтар.
2. Хаттаршца чулацам къастор (тобанашца болх дIабахьар).
а) Хьанах лаьцна дуьйцу дийцар тIехь, муьлш бу цуьнан турпалхой?
аь) Муха кхиавора дас-нанас шайн цхьаъ бен воцу кIант?
б) КIант шен дений-нанний муьтIахь хилар, церан лаам ларбеш хилар муха го вайна дийцаран чулацамехь?
в) Церан лаам тIера кIант валар муха нисделира, хIун дара цуьнан бахьана?
г) Нене кIант тIамехь валар муха хаийтира тIемалоша дIа?
гI) «Ненан бIаьрхиш» аьлла дийцарна цIе тилларан хIун бахьана дара?
3. Дешархошка шайна чулацамах зеделларг дийцийтар.
4. Дийцар тIера къастош меттигаш ешийтар.
а) Меттан кIорггерчу говзаллица Iаламан исбаьхьалла гойту меттиг лахий, дIаеша.
аь) КIанта мостагIий хIаллакбеш сурт гойту меттиг къастае.
б) Нене кIант валар хаийта шийла кхаъ бохьуш тIемалой керта бахкар гойту могIанаш билгалдахий, яххьашца деша.
V. Урокан жамI дар.
1. Муха хийтира шуна тахана урокехь къастийна дийцаран чулацам?
2. ХIун ойла кхоллаелира шун и доьшуш?
3. ХIун маьIна ду цуьнан чулацаман?
4. Дешархошка шаьш урокехь бинчу белхан вовшашка мах хадабайтар.
VI. Рефлексин мур.
1. Урокехь суна дика хеттарг дара…
2. Суна дика цахеттарг…
3. Суна атта хеттарг…
4. Суна хала хеттарг…
VII. ЦIахь: дийцаран чулацам хаа, цуьнца догIу суьрташ дахка.

ГАЙРБЕКОВА Марьям

Туьйранаш

Оха кхидIа хьо 9-чу классана лерина йолу нохчийн литературин урокийн поурочни планаш йовзийтар
3-гIа урок
Урокан цIе: Туьйранаш. Инзаре-тамашийначу хIуманех лаьцна туьйранаш.
Урокан Iалашо: 1. Хьалхарчу классашкахь нохчийн барта произведенеш Iамош дешархойн кхолладелла хаарш карла а дохуш, кIарг а деш, кхин керла хаарш довзийта.
2. Нохчийн фольклоран дерриге а тайпанаш къастош, «туьйранаш» тайпанах кхоччуш кхетам бала.
3. Исбаьхьаллин литературиний, барта кхоллараллиний юккъера къастамаш бовзийта, къоман барта кхоллараллин мехаллех дешархой кхетон.
Урокана оьшу гIирс: халкъан барта кхоллараллина лерина презентаци, чулацамца нисдина суьрташ, тептарш, дошмалгаш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамIдаран гIирс, керлачу дешнашна слайдаш.
Урокан тайпа: керла хаарш довзийтаран урок.
Урок дIаяхьар
I. Догдаийтаран мур.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализаци яран мур.
1. Халкъан барта кхолларалла а, цуьнан маьIна а билгалдаккхар.
2. Тайпанаш къастош кластерца болх дIабахьар.
3. Хьалхарчу классашкахь Iа-
мийна халкъан барта произведенеш дагалацар, чулацам хаттаршца къастор.
4. ХIора тайпанан маьIна, халкъо барта гайта лерина ойланаш талларца чулацам къастор.
5. Дешархошка туьйра дагалацийтар, дийцаре дар.
III. Керлачу хаамех дерг довзийтаран мур.
1. «Туьйранаш» тайпанах лаьцна хьехархочун хаам.
Шуьйра чулацам а болуш, тайп-тайпана ю вайнехан барта произведенеш. Коьрта долчу декъана хIорш ду нохчийн халкъан барта кхоллараллин тайпанаш: туьйранаш, иллеш, эшарш, тайп-тайпана дийцарш, аларш, тийжамаш, наьрт-аьрстхойх дийцарш, сардамаш, узамаш, кицанаш, хIетал-металш, тидамаш и дI.кх. царех хIора тайпа а къоман дахарехь кIорггера орамаш долуш, шайн чулацаман а, исбаьхьаллин а билггалчу башхаллашца къаьсташ ду.
- Царах тахана къасто лерина муьлха тайпа ду аьлла хета шуна? (туьйранаш).
Нийса боху. Туьйранаш барта кхоллараллин уггаре а даьржинчу тайпанех цхьаъ ду. Йоккха меттиг дIалоцу цара нохчийн къоман барта кхоллараллехь. Адамийн дахарх, гонахарчу Iаламах лаьцна долу тайп-тайпана хIуманаш шатайпанчу кепехь схьагойту туьйранашкахь. Акхаройх, хьайбанех, олхазарех лаьцна а хуьлу туьйранаш. Дуьйцург мухха делахь а, шайн маьIница адамийн дахаран ойла йойтуш ду уьш.
Диканиг, сийлахьниг, адамна пайдениг чIагIдо туьйранашкахь, вочунна, зуламечунна дуьхьал къийсам латтабо. Халкъо даима а толадо шен туьйранашкахь вонал дика, харцонал бакъо, сийсазчул сийлахьниг. Муьлххачу а къоман туьйранашкахь а вонал дика толош ду. Халкъан кхетамехь цкъа а тола ца еза харцо. Бакъоно эшош хила еза иза. Туьйранан турпалхой дукха хьолахь къинхьегаман нах хуьлу, цара гуттара а гIийлачун, мискачун гIо лоцу, харцонна дуьхьалбовлу, бакъонехьа къийсам латтабо, нийсо ларъеш, харцо эшайо. Иштта дара лахарчу классашкахь аш Iамийна туьйранаш: «Кхо ваша», «Барзо Iахарца мохк къовсар», «Тамашийна олхазар», кхидерш а.
Шайн чулацаме хьаьжжина туьйранаш хуьлу инзаре-тамашийначу хIуманех дуьйцуш, дийнатех лаьцна, Iер-дахаран хьокъехь дерш. Дукха хьолахь туьйранашкахь гойтуш хуьлу борз, ча, лом, цхьогал, пхьагал, зу, нал, сай, ткъа иштта говр, сту, уьстагI, газа, жIаьла, цициг; олхазарш: аьрзу, котам, маккхал, куьйра, бухIа, чIегIардиг, кхидерш а.
Инзаре тамашийна, бакъ хила йиш йоцу хIуманаш а бакъдолуш санна хаздеш, ладогIа дог доуьйтуш дуьйцу туьйранашкахь. Гойтуш дерг хIуъу делахь а, цара ойла йойту адамийн юкъаметтигийн, Iер-дахарехь нислучу гIуллакхийн. Адамийн ойланаш, дегайовхо го туьйранашкахь, билгалйовлу къоман амалш, гIиллакхаш, оьздангалла. Мел яккхий халонаш тIехIиттича а, адамо диканах дог цадиллар, паргIато, маршо тIекхочург хиларх тешар го туьйранашкахь.
Туьйранаш дукха хьолахь чолхе чулацам болуш хуьлу. Турпалхочунна дукха халонаш тIеIиттало. Нийсо ян, харцо эшо араволу туьйранийн турпалхо. Яккхий дуьхьалонаш эшош, ондда хьуьнарш гойтуш, шен Iалашоне кхочу иза. Туьйранин сюжет тайп-тайпанчу хиламех лаьтташ а, сиха кхуьуш а хуьлу. ЛадогIа дог доуьйтуш, кхидIа хIун хуьлу техьа бохучу ойланехь латтаво цара ладугIуш верг. Хазачу маттаца кхоьллина, шайн къеггина исбаьхьалла йолуш ду уьш.
Нохчийн туьйранаш къоман барта кхоллараллин мехала цхьа дакъа ду.
2. «ЧингIаз» цIе йолу туьйранан чулацам бовзийтар (агIонаш 4-30-гIий).
3. Туьйранан чулацам тобанашца карлабаккхар.
4. Къастош меттигаш ешар тIехь болх дIабахьар.
VI. Керла хаарш тIечIагIдаран мур.
1. Туьйранех лаьцна дийцинарг хаттаршца таллар.
а) Халкъан барта кхоллараллин муьлха тайпанаш билгалдевлира вайна урокехь?
аь) Туьйранийн хIун тайпа башхаллаш евзира вайна?
б) Туьйранашкахь муха гайтина халкъо турпалхой?
в) Церан амалш, гIиллакх-оьздангалла гайтаран кеп муха ю?
2. «ЧингIаз» туьйра шайга дешийтарца яххьашца дешарна кечам бар.
3. Туьйранан чулацамца йоьзна синквейн хIоттаяр (тобанашца болх дIабахьар).
V. Урокан жамI дар.
1. Муха хийтира шуна тахана урокехь къастийна коьчал?
2. ХIун ойла кхоллаелира шун «ЧингIаз» туьйра доьшуш?
3. ХIун маьIна ду цуьнан чулацаман?
4. Дешархошка шайга шаьш бинчу белхан мах хадабайтар.
VI. Рефлексин мур.
1. Урокехь суна дика хеттарг дара…
2. Суна дика цахеттарг…
3. Суна атта хеттарг…
4. Суна хала хеттарг…
VII. ЦIахь: туьйранан чулацамна сурт дилла, кластер хIотто, къаьсттина хазахетта кийсак тептарш тIе дIаязъян.

ГАЙРБЕКОВА Марьям

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных