Menu

Чеченский язык

«Гоч»

(Нохчийн литературин классал арахьара дешаран интегрированни урок)
• Урокан ц1е: классал арахьара дешаран урок «Гоч».
• 1АЛАШОНАШ:
• Предметни (1аморан): «Гоч» бохучу дешан маь1на дастар; нохчийн, оьрсийн гоьбевллачу яздархойн кхоллараллин некъаш довзийтар, церан байташ т1ехь болх барца исбаьхьаллин маттах кхетор.
• Метопредметни (кхиоран): Дешархойн ойла а, кхетам а кхиор.
• Личностни (кхетош-кхиоран): Дешархошца кхетош-кхиоран болх д1абахьар - Даймахке, шайн мехкан 1аламе, ненан матте болу безам ч1аг1бар, к1аргбар.
• Урокан тайпа: интегрированни, 1аморан, 1аламе, Даймахке, ненан матте безам кхиоран.
• Урокан кеп: тобанашкахь болх, кхоллараллин болх.
• Урокан г1ирс: учебник, кехаташ, ручканаш, суьрташ, компьютер, слайдаш.
• УМК: Эдилов Салавди Элимирзаевич
УРОКАН Д1АХ1ОТТАМ
1. Маршалла хаттар.
2. Дешаре шовкъ кхоллар.
Хьехархочун дош: Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой! Тахана классал арахьара дешаран урок ю вайн.
Урок йолош, оьрсийн г1араваьллачу яздархочун Л.Н.Толстойн нохчийн маттах лаьцна дешнаш дало лаьа суна: «Нохчийн мотт уггаре а хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь». Иза иштта хилар вешан урокехь т1еч1аг1дан хьовсур ду вай.
3. Ц1ера болх таллар.
Хьехархо: Ц1ахь кхочушбан белла болх бара шуна. Стенах лаьцна дуьйцур ду аьллера вай?
Хьан эр дара аша х1ун еллера шуна ц1ахь?
Дешархо: Тхуна ц1ахь тобанашкахь а, шимма цхьаьна а кхочушбан болх беллера. Нохчийн а, оьрсийн а яздархойн кхоллараллина синквейнаш кечъян, шина а маттахь байташ еша.
Хьехархо: Хьалхара тоба, «Талламхой» (исследователи) бовзийта шаьш кечбина болх.
Шолг1а тоба, «Хьекъалчаш» (умники и умницы)дийца вайна шайна х1ун карийна а, х1ун болх бина а.
«Хаархой» (знатоки) аьлла ц1е йолчу III-чу тобано х1ун болх кечбина хьовса вай?! (Дешархоша д1айоьшу шаьш ц1ахь кечйина синквейнаш а, байташ а).
4. Урокан ц1е йовзийтар.
Хьехархочун дош: Л.Н.Толстойс ма-аллара, вайн мотт уггаре а хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ хилар довзуьйтуш, кхечу къаьмнийн произведенеш вайн матте гочьяран маь1на дуьйцур ду вай.
Гочдар – иза ч1ог1а мехала г1уллакх ду. Дуьненан къаьмнийн уггаре а бевзаш болчу яздархойн произведенеш нохчийн матте йохучарна, церан беркате т1е1аткъам хуьлу, говзаллин къайленаш евза, цул сов, вайн меттан дешнийн барам шорло, дуккха а керла дешнаш кхолладаларий, т1еэцарий бахьана долуш.
Кхечу къаьмнийн яздархойн произведенеш вайн матте яхаран болх д1адаханчу б1ешеран 30-чу шерашкахь болийна. Оцу шерашкахь оьрсийн г1арабевллачу яздархойн дийнна книгаш арахецна нохчийн маттахь.
Д1адаханчу 20-чу б1ешеран 30-чу шерашкахь оьрсийн маттехула дозанал арахьарчу яздархойн произведенеш а яьхна нохчийн матте. Къаьсттина билгалдаккха деза оьрсийн г1араваьлла волчу классикан А.С.Пушкинан произведенеш шайн тидам т1ебохуьйтуш схьаяьхкина хилар.
Гочдаран белхаш дуккха а яздархоша бина. Царах цхьаберш х1орш бу: Н.Музаев, 1.Мамакаев, М.Исаева, М.-С.Гадаев, А.Сулейманов, М.Сулаев, Ш.Арсанукаев, Л.Абдулаев, Ш.Цуруев, А.-Хь.Хатуев иштта д1.кх. Ткъа тахана М.Ю. Лермонтовн, А.С.Пушкинан стихотворенешна т1ебахийтина бара вайн коьрта тидам.
5. Тобанашкахь болх д1абахьар.
6. Самукъане миноташ-ненан маттахь йиш локху.
7. Дешархошца кхинд1а а болх бар.
Д1адаханчу 20-чу б1ешеран 30-чу шерашкахь оьрсийн маттехула дозанал арахьарчу яздархойн произведенеш а яьхна нохчийн матте. Къаьсттина билгалдаккха деза оьрсийн г1араваьлла волчу классикан А.С.Пушкинан произведенеш шайн тидам т1ебохуьйтуш схьаяьхкина хилар.
Кхечу къаьмнийн произведенеш нохчийн матте яьхначех уггаре а тоьллачарех цхьаъ ю Курумова Бата. Иза вайн яздархочун Курумова Селимин йиша ю. Цо ч1ог1а дика гочйина А.С.Пушкинан стихотворенеш: «Няня», «Узник», «Зимний вечер»…
Иштта гочдаран белхаш кхечу яздархоша а бина.
8. Физминот.
9. 1амийнарг т1еч1аг1дар.(Шимма цхьаьна бен болх)
Хьехархочун дош: Хьоме дешархой! Х1инца, 1амийнарг т1еч1аг1деш, шун нохчийн меттан хаарш, ненан матте болу безам билгалбаккха хьовсур ду вай. Х1ара болх шимма цхьаьна, вовшех дага а довлуш, бан беза. Ас шуна кицанаш кечдина, аш уьш нохчийн я оьрсийн матте гочдан а, церан маь1на даста а деза.
Нохчийн матте гочде лахара кицанаш. Барта маь1на даста.
I-ра тоба «Талламхой» (исследователи)
1. Яблоко от яблони недалеко падает. (1аж 1ожана гена ца бужу: Дех – ненах тера хуьлу доьзал а.)
2. Ученье – свет, неученье-тьма. (Дешар – серло,цадешар–бода. Дешар – хьекъал ду, хьекъалечунна ваха атта хир ду.)
II-г1а тоба «Хьекъалчаш» (умники и умницы)
1.Дикачу к1анта шен ден дог деладо – Хороший сын радует сердце отца. (Дикачу к1антах дас дозалла до).
2.Мазал а мерза бу Даймохк. – Родина слаще меда.(Даймохк, хьан уггаре хьоме долу да-нана санна беза бу. Цуьнан сий дан а, иза ларбан а беза)
III-г1а тоба «Хаархой» (знатоки)
1. Если слово- не слово, то и клятва – не клятва. –Дош –дош дацахь, дуй а дуй бац.(Шен дешан да воцчух дан х1ума дац. Иза ледара стаг ву.)
2. Ненан оьг1азло ло санна ю: дуккха а дог1у, амма сиха деша. – Гнев матери похож на снег: много идет, но быстро тает. (Ненан оьг1азло даггара яц, ша довдеш елахь а, хьох дог лозу. )
10. Жам1 дар:
1. Стенах лаьцна дийци вай тахана?
2. Буй вайн мотт Л.Н.Толстойс ма-аллара исбаьхьа а, хьалдолуш а?
Хьоме бераш! Халахеташ делахь а, вайна юкъахь нисло нохчийн мотт 1амо хала бу, иза бийца хиъча тоам хеташ болу нах. Уьш кхетам к1езиг болу нах хета суна. 1амабе массо а мотт, амма ма 1амабе шайн мотт д1а а таттий. Х1ора мотт а Дала белла ма бу. Шайн мотт шуна ц1ена бийца а, язбан а хаахь, муьлхха а мотт атта 1емар бу шуна. Ненан маттехула кхечу меттан дешнийн маь1на аш дастахь, дика дагахь лаьттар ду шуна, 1амо атта а хир ду.
Дала вайн меттан хазалла йовза,цунах хаьдча, хьайн халкъах хедаш хиларх болу кхетам а, цуьнга даггара безам а, иза 1амо лаам а ч1аг1бойла шун ц1еначу дегнашкахь. Кху т1ехь вайн урок чекхйолу. Йовзийта х1окху уроках шайн кхоллаелла ойла.
11. Рефлекси.
Суна хии…
Суна хазахийти…
Со ца кхийти…
12. Хаарийн мах хадор.
13. Ц1ера болх: «Суна беза сайн ненан мотт!» темина жима сочинени язъян.

Хьехархо МОМУЕВА Хеди Даутовна

 

20-гIа урок: Цхьогало барзана бина бекхам»

Урокан цIе: «Цхьогало барзана бина бекхам»
Iалашо: 
1. Исбаьхьаллин гIирсех яздархочо пайдаэцар билгалдаккха Iамо. 

2. Тобанашца болх беш гIо лаца, накъосталлица чулацаман таллам баран низам къасто.
3. Дешархой произведени къастош, яххьашца шерра еша Iамор тIехь къасттина тидам тIебахийта, дозуш долу къамел кхиор тIехь болх дIабахьа.
Урокана оьшу гIирс: яздархочун портрет, керлачу дешнийн маьIна гойтуш кечйина слайдаш, тептарш, дошамалгаш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамIдаран гIирс.
Урокан тайпа: хаарш тIечIагIдаран урок.
Урок дIаяхьар:
I. Догдаийтаран мур.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализаци яран мур.
1. Туьйранан чулацам текстан герггарчу хьесапехь схьабийцийтар.
2. Яххьашца еша бина кечам таллар.
3. Дешархоша чулацамна дехкина суьрташ тIехь талламан белхаш кхочушбар.
4. Шерра ешар тIехь тобанашца къовсадалар дIадахьар.
5. Туьйранан чулацамехь адамийн амалш авторо акхаройн цIарца билгалъяхар.
6. Къастош меттигаш ешийтар.
III. Урокан коьчал тIехь болх.
1. Цхьогало барзана бина бекхам (94-98-гIий агIонаш).
2. Керлачу дешнийн маьIна къастор, дошамалгаш тIе дIа а яздеш (аьтто болчохь сурт а гойтуш):
Мимпес – кхузахь: хьайбанашна а дика хир ду. МуцIабоьлла – кхузахь: наб йина, мустбелла. Чидаме – тергаме, тидаме.
3. Дешархошца шерра ешар тIехь болх дIабахьар.
IV. Iамийнарг тIечIагIдар.
1. Къастош меттигаш ешийтар.
а) Барзо цхьогалца динчу къамелехь хIун гучудолу вайна? Схьа а лахий, дIаеша и меттиг.
– Лом, и Дала дIаэцарг, чIогIа корта лозуш, цомгуш ду, – долийра барзо, цхьогална и ца хаьа шена моьттучуха. – Шен хьалхара гIоьнча йолу дела, цу дакъадестаро, цхьадика, кхайкхина йигнера со, – дуьйцура барзо сихлелхаш. – Вайн ирсана, цхьаммо-м хастийначу хьан говзаллех чIогIа тешна иза. Шена дарбанаш лело хьоьга кхойкху. ХIинца гIуллакх хьан карахь ду. Ас бохург динчун ирс абдин-абделац довр дац. – Цо олучуьнга ладогIа сецира борз. – ТIаккха? – цуьнан дагара хиъча санна, ши лерг ирхдуьйгIира цхьогало. – Айхьа аьллачух теша кийчча Iен лом дIаьвше дарба а лелийна дехьа, ас, мацах ахь даьккхина цIога а дуьтуш, хьох сайн гIоьнча дийр ду. Ткъа, елла дIаяллалц гIоьнча хила аьлла доцу со лоьман меттана вайн паччахь хир ю! Вай хила ца мега хьаькамаш?! Вай хIун лоьман когашкара хедийна ду?!
аь) 96-гIа агIонна тIерачу суьртаца йогIу меттиг текста тIехь караяй, дIаеша.
– Дала мукъ лахь, лоьман когаметта хIутту йолу со шеца тарах ца тешаш, сан дикане сатуьйсучу кху Iовдало цунна дIовш даор ду. Ткъа кху буртакан кхел ас сайна муьтIахьчу чагIалкхе йойтур ю. Эла вац со? –цхьогалан метта дегала дIатаьIира гила-борз.
б) ТIаьххьара туьйра чекхдолуш цхьогало аьлла дешнаш карадай, маьIна де.
2. Чулацам хаттаршца къастор.
а) Корта лаза а баьлла, карзахдаьлла хьийзачу лоьмана хIун дарба хьийхира мекарчу цхьогало?
аь) «ЦIен маьхьси» аьлла цIе хIунда тиллина хIокху туьйранна? ХIун маьIна ду цуьнан?
б) Цхьогална тешнабехк бан леринчу барзана хилларг муха хета шуна?
3. Туьйранан чулацамца догIу кицанаш дагалацар.
4. Туьйра яххьашца дешийтар.
5. Кийсак йоьшуш, чулацамехь йийцина хIуманаш гойтуш, дешархоша дехкина суьрташ гойтуш, произведенеш билгалъяхарца ловзаран кеп дIаяхьар.
V. Урокан жамI дар.
1. Муьлхачу туьйранан чулацам бевзира вайна урокехь?
2. Акхаройн юкъаметтиг муха хийтира шуна?
3. Дешархойн хаарийн мах хадор.
VI. Рефлексин мур.
1. Урокехь суна дика хеттарг дара…
2. Суна дика цахеттарг…
3. Суна атта хеттарг…
4. Суна хала хеттарг…
5. Iалашоне кхачийнарг…
VII. ЦIахь: еша а, чулацам хаа а 95-98-гIий агIонаш; шайна хазахетта кийсак тептарш тIе дIаязъян а, сурт дилла а.

ГАЙРБЕКОВА Марьям

 

«БIаьстенан Iалам»

18-г1а урок
Урокан ц1е: Суьртах лаьцна «Б1аьстенан 1алам» ц1е йолу сочинени язъяр.
Урокан 1алашо: 1. Шеран заманех, б1аьстенан 1аламах лаьцна йолу произведенеш карлайохуш, б1аьстенан билгалонаш къасто, суьрта т1ехь дийцар х1оттош, дозуш долу къамел кхиор т1ехь болх д1абахьа.
1. Грамматически бакъонашца низам лардеш, йозанца белхаш кхочушбан.
2. 1аламан хазалла, цуьнан исбаьхьалла гайта а, Даймехкан хазна ларъян а, цуьнга болу безам ч1аг1бан а, кхоччуш мах хадон 1амо а.
Урокана оьшу г1ирс: б1аьстенан суьрташ, дошамаш, тептарш, къастийна байташ, кицанаш, б1аьстенан 1аламан суьрташ т1ехь слайдаш.
Урокан тайпа: Дозуш долу къамел кхиоран урок.
Урок д1аяхьар
I. Догдаийтаран мур.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализаци яран мур.
1. Б1аьстенах лаьцна хьалха 1амийна байташ дагалацар.
2. Церан чулацам хааттаршца къастор.
3. Б1аьстенан 1аламах лаьцна кицанаш, х1етал-металш далор, церан маь1на дар.
а) Ойла йича, произведенийн чулацаман маь1на дича муха сурт х1утту шуна б1аьргашна хьалха?
аь) Хазахетий шуна шеран и зама? Х1унда?
б) Х1ун тайпа басаршца, муьлхачу дешнашца билгалдоккху яздархоша, суртдиллархоша б1аьстенан 1аламан сурт?
III. Урокан коьчал т1ехь болх.
1. Ешначу байт т1ехь алсам муьлха къамелан дакъош дара далийна?
2. Хандешнаш алсам хилар муха билгалдолу?
3. Тептарш т1е д1аязде къастийна хандешнаш.
4. Барта, б1аьргаш д1а а къевлина, ойланца х1оттадел б1аьстенан 1аламан сурт.
5. Х1ун тайпа дустаран г1ирсаш гучубовлу вайна б1аьстенан 1аламах лаьцна сурт х1оттош?
6. Сатуев Хьуьсенан «Лаьмнийн къоналла» ц1е йолу стихотворенин цхьана байтан маь1на дар:
Винчу махка б1аьсте кхечи,
Хазчу йо1ал хаза ша,
Шеца кхайкхи зевне хьеший –
Ц1енчу иллин олхазарш.
IV. Урок т1еч1аг1ъяр.
1. Слайдашца гойтучу суьрташ т1ехь барта предложенеш х1иттор.
а) Суьрташ т1ехь б1аьстенан 1алам гуш, арахь гуш долу сурт цхьанадоьзча х1ун ала мегар ду? (самукъне, сирла ойланаш кхуллуш, хазахетар совдоккхуш, дог ловзадоккхуш сурт ду ала мегар ду).
аь) Суртдиллархочо муьлхачу басаршца гайтина б1аьстенан 1алам?
б) Шуна муха хийтира х1ара сурт? Билгалъяха шайн а, авторан а ойланаш, синхаамийн аг1онаш.
2. Дешархошка йозанца белхаш кхочушбайтар тептарш т1ехь.
3. Оьшучохь хьехархочо г1о лацар.
V. Урокан жам1 дар.
1. Муьлхачу коьчал т1ехь белхаш бира вай урокехь?
2. Къаьсттина муьлха болх бо шун даго къобал, кхачам боллуш хеттарг?
3. Дешархоша йозанца кхочушбан болийначу белхийн жам1 дар.
VI. Рефлексин мур.
1. Урокехь суна дика хеттарг дара…
2. Суна дика цахеттарг…
3. Суна атта хеттарг…
4. Суна хала хеттарг…
5. 1алашоне кхачийнарг…
VII. Ц1ахь: сочиненин белхаш чекхбаха а, 1амийна произведенеш карлаяха а.

ГАЙРБЕКОВА Марьям

Нохчийн меттан урок

19-г1а урок

Урокан ц1е: Мусаев М. «Ц1ен маьхьси» туьйра.
1алашо:
1. Туьйранан чулацаман жам1 даран кепехь дакъошца маь1на дарца дешархой кхетош-кхиор т1ехь болх д1абахьа.
2. Халкъан барта кхоллараллин а, литературни а произведенеш юкъара башхаллаш билгалъяха, тобанашца бечу балхаца шайна хетарг, туьйра доьшуш х1ораннан кхоллаелла ойла къасто.
3. Дешархой произведени къастош, яххьашца шерра еша 1амор т1е къаьсттина тидам бахийта.
Урокана оьшу г1ирс: яздархочун портрет, керлачу дешнийн маь1на гойтуш кечйина слайдаш, тептарш, дошмалгаш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жам1даран г1ирс.
Урокан тайпа: Керла хаарш довзийтаран урок.
Урок д1аяхьар:
I. Догдаийтаран мур.
II. Дешархойн хаарийн актуализаци яран мур.
1. Хаарш таллар тестировани ярца д1адахьар.
1) Муьлхачу туьйранна т1ера ду х1ара дешнаш?
- Г1айг1а ма елахь, сан хьоме да. Дукха зама ялале могаш-маьрша а долуш, со юха кхочур ду хьуна….
А) «Кхо ваша»
Б) «Тамашийна олхазар»
В) «Доьшуш хилла к1ант»
2) Халкъан барта кхоллараллин тайпанаш?
А) Повесть
Б) Роман
В) Кицанаш
3) Х1ара дешнаш юкъадог1у туьйра билгалдаккха.
Говраца юха а чуиккхина, катоьхна вортана т1ера а лаьцна, хьала а баьккхина, ластийна йо1 йолчу корах чукхоьссина к1анта и ка…
А) «Кхо ваша»
Б) «Барзо 1ахарца мохк къовсар»
В) «Доьшуш хилла к1ант»
2. Къастийначу произведенийн чулацам карлабаккхар, таллам бар.
III. Урокан керла коьчал йовзийтар.
1. Мусаев Мохьмад Мусаевичан дахарх а, кхоллараллех а боцца хьехархочо хаам бар.
Нохчийн ширачу Бух1ан-Юьртахь 1915-чу шарахь ахархочун доьзалехь вина Мусаев Мохьмад.
Винчу юьртахь чекхъяьккхина цо юьззина йоцу юккъера ишкол. Цул т1аьхьа белхаш бина тайп-тайпанчу меттигашкахь, книжни издательствехь, и. д1. кх. Мохьмадана исбаьхьаллин литература марзйинарш, ша ма-баххара, кхоьлинчу деношкахь а, 1аьнан ехачу буьйсанашкахь а шен нийсархошца цхьаьна цо ца 1ебаш ладег1на хьекъале туьйранашший, шира хабаршший, дийцаршший, хилларшший дара.
Нохчийн яздархо хилла д1ах1уттуш Мусаев Мохьмада яздина шен дуьххьарлера «Дашо гуьйре» ц1е йолу дийцар.
Цу дийцарх радиопередача хезна суьйре уггаре а доккха хазахетар хилла, гуттаренна йисира Мохьмадан дагахь.
Халкъаца ч1ог1а уьйр йолуш хиларна, йоккха таро хилла Мусаев Мохьмадан кхолларалла кхиарехь. Цо язйина дуккха а произведенеш: дийцарш, повесташ, романаш.
Йоккха лар йитина Мусаев Мохьмада нохчийн драматургехь а. Цо язйина пьесаш дуккха а шерашкахь х1иттийна къоман театрехь. Мохьмадна дика девза адамийн дахаран г1иллакхаш а, амалш а. Шен произведенешца коьртачу хаттарна жоп дала г1ерта яздархо «Х1унда веха стаг лаьтта т1ехь? Диканна я вонна?»
Шен хьомечу къоман, мехкан дахарх шен дахар доьзна, нохчийн литературехь хьанал къахьоьгуш схьавеъна Мусаев Мохьмад.
2. «Ц1ен маьхьси» туьйранан чулацам хьехархочо текст ешарца бовзийтар (90-94-г1ий аг1онаш).
3. Керлачу дешнийн маь1на къастор, дошмалгаш т1е д1а а яздеш (аьтто болчохь сурт а гойтуш):
1ожа – сирла-можа-бора бос. Т1охьазин – кхузахь: берзан (сурт гойту). Боьра - чукхетта меттиг (сурт гойту). Жил-1аламат - кхузахь: гонах мел дерг. Мук1арло – къобалдар, даредар. Абдин-абделац – кхузахь: цкъа а довр дац.
3. Дешархошка шайга ешийтар.
IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
1. Дешархошца шерра ешар т1ехь къовсадаларца болх д1абахьар.
2. Хаттаршца чулацам къастор.
а) Борззий, цхьогаллий эг1аран бахьана х1ун дара?
аь) Цхьогало шена динарг муха декъа г1ерташ хилла борз?
б) Х1ун 1алашо йолуш т1екхайкхина хилла лоьмо шена гонах мел долу акхарой? в). Корта лозуш долчу лоьмана х1ун хьехар дира барзо?
г) Х1ун дара цо дагалаьцнарг?
3. Дешархошка къастош меттигаш ешийтар.
а) Лоьмо орца дехаран кеп гойту меттиг лахий, еша.
аь) Акхароша вовшашца дина къамел билгалдаккха.
б) Барзо цхьогална бекхам бан дагахь дагалаьцнарг къастаде.
4. Туьйранан текст яххьашца ешийтар дешархошка.
V. Урокан жам1 дар.
1. Реза доцуш меттиг билгалъелирий шуна туьйранахь?
2. Муьлха тайпа башхалла ю х1окху туьйранан чулацамехь къасто?
3. Дешархойн хаарийн мах хадор.
VI. Рефлексин мур.
1. Урокехь суна дика хеттарг дара…
2. Суна дика цахеттарг…
3. Суна атта хеттарг…
4. Суна хала хеттарг…
5. 1алашоне кхачийнарг…
VII. Ц1ахь: еша а, чулацам хаа а 90-94-г1ий аг1онаш; суьрташ дахка чулацамна.

ГАЙРБЕКОВА Марьям

«Іамабе нохчийн мотт»

Урокан тема: «Іамабе нохчийн мотт»
… Моз санна мерза бу
Ша безачунна,
Ламанан шовданал
ЦІена бу и…
(Ш.Арсанукаев)
Урокан Іалашо:
а) берийн хаарш зер;
б) нохчийн матте безам кхоллар, и доггах, кІорггера Іамо догдаийтар;
в) Даймахке безам кхоллар а, ларар а.

Гайтаман гІирсаш: нохчийн маттах лаьцна гайтаман плакаташ, нохчийн яздархойн суьрташ.

1-ра плакат
«… Йист йоцу хІорд санна,
Бу хьуна
Ша хууш волчунна
Вайн нохчийн мотт».
(Ш,Арсанукаев)
2-гІа плакат
«Ненан мотт цахаар
Шен кхерч цаларар ду,
Кхерчан да цахилар
Маьттаза вахар ду».
(Билал Саидов)
УРОК ДІАЯХЬАР

ХЬЕХАРХОЧУН ДОШ: «Тахана вай дІахьур ю урок-къовсадалар. Цуьнан Іалашо ю нохчийн меттан сийдар, иза ларар, тІекхуьуш долчу къоначу чкъурана иза биц ца балийтар».

ДІАХЬУШЪЕРГ: Мотт – адамийн дахаран а, юкъараллин а ойлаяран а, кхетаман, культурин гІирс а, уггаре а сийлахь йоккха хазна ю. И хазна кІорггера дика Іамо а, сий деш ларъян а еза вай. Иза Іамо, мало йоцуш къахьега деза. КІорггера маьІна долуш ду вайн халкъан кица: «Мотт бу – къам ду, мотт бац – къам дац».

ДІАХЬУШВЕРГ: Мотт – иза къоман са а, адамаллин куьзга а ду. Ненан маттал хаза а, сийлахь а хІума дан а дац, хила йиш а яц. Мотт – иза дерриг халкъан дахар ду: уьйраш, болх, гергарло, хазахетар, халахетар, сий, яхь!

ХЬЕХАРХО: Вайн къамелехь билгалдаккха догІу нохчийн мотт гІиллакхийн хьоста хилар. Зайнди Джамалхановс ма-аллара: «ХІора меттан а шен гІиллакхаш ду, цу гІиллакхийн ша-тайпанара башхаллаш хуьлу. Шен меттан гІиллакхийн башхаллаш евзаш а, уьш нийса ларъеш а хила веза хІора стаг. Вайн меттан хазна ю:
1) нохчийн эшарш, иллеш, кицанаш, фразеологизмаш;
2) гІиллакхе аларш, салам далар, маршалла хаттар, хьаша-да ларар».
Вай динчу къамелан чаккхе ян а яц, дешархой. ХІунда аьлча, нохчийн маттах Услара (Іилманча), Л.Н.Толстойс (яздархо), А.А. Фета (поэт) баьхна дешнаш тоьур дара вайна карладаха. Амма цхьана хІуманах-м кхетта вай:
ДІАХЬУШБЕРШ: Нохчийн мотт
ХЬЕХАРХО: дахаран хазна!

ХЬЕХАРХО: Вайн къовсам дІаболабале шу шина тобане дІасадоькъур ду.

ХЬАЛХАРА ТІЕДИЛЛАР

1-чу тобанна 2-чу тобанна
(«ЗІуга») («Накхармоза»)
1. Тохар хІоттаде:
Даймохк, хало, тІулгаш, дегІ,
месаш, некъаш, лулахо, тулгІе гІело.
Кицанаш, татол, зарзар, хьекъал,
хІайттархо, накъост, зурма, шабар.

2. Синтаксически таллам бар:
ЦІенош чохь гІийло йогучу лампано
корах араеттачу серлоно кІеззиг
серлайохура божалан хьалхе.
Уллохула тІехволуш цІеххьана цуьнан
бІаьрг кхийтира комитет йолчу цІенош
чохь серло къиэгаш.

3. Синонимаш могІаре хІиттае:
Алсам, буц, бангІара, дукха,
гІуьнжара, цана.
Суьдхо, поэт, драматург, кхиэлахо,
яздархо, прозаик.
4. Оьрсийн матте даха:
Акъ-сакъ (настороженное оцепенение),
бес-бесара (разноцветный).
Ан-ун (хворь, болезнь),
ирх-пурх (вдоль и поперек).

 Урок кечйинарг - ПЕТИРОВА Таиса

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных