Menu

  • Категория: Методика
  • Просмотров: 3875

Хьекъале дийцарш

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Шен цIа
(ХIирийн дийцар)
Цхьана хьоладас зу лаьцна, иза шен бIов-гIали чу яха хаийна. Зу чIогIа дика кхобуш хилла, цхьанна а хIуманна эшам боцуш, кIеда-мерза терго йолуш.
Иштта дикка хан-зама дIаяхана.
Цхьана дийнахь хьоладас хаьттина:
– ХIай зу, муха Iаш ю хьо? Хьайн хьолана реза юй хьо? ХIун лаам бу-те ахь даг чохь кхобуш?
Зуьно жоп делла:
– Цхьа а хIума ца оьшу суна, цхьаъ доцург: сайн кулла кIел юхайигийша со!

Дайна Сий карош дац
(ГIалгIайн дийцар)
Цхьана заманчохь доттагIалла лелош хилла Хи, Мох, ЦIе, Сий.
Цкъа вовшах ца довлуш, цхьаьна хилла церан дахар. Цхьа де деана уьш къаста дезаш, цхьацца шайн гIуллакхаш дIасалиста.
Ойлане эгна уьш:
– Вовшах девлча,юха вовшах муха кхетар-те вай?
Хино аьлла:
– Со эрз болучу меттехь карор ду шуна.
Мох бистхилла:
– Со дитташ тIера гIа лестачохь хир бу.
ЦIаро аьлла:
– КIур ирахбоьдучохь со ца хила йиш яц.
Сий гIайгIане доьжна, дист ца хуьлуш лаьтташ хилла.
Хаттар дина цуьнга:
– ХIай Сий, хьо ма дац хьуо карор долу меттиг я билгалонаш юьйцуш?
– Шуна вовшахкъастар а, юха вовшахкхетар а делла, соьх цкъа къаьстинчунна, юха карош дац со.
Гочдинарг – МУНАШЕВ Турпал

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных