Menu


Моза а, накхармоза а

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Цкъа чуьрко хаьттина мозане:
– Кху гонаха муьлха зезагаш ду?
– Зезагех дерг ала ца хаьа суна, амма нехаш туьйсу меттигаш-м ю кхузахь шортта.
Куьг кхочехь мел йолу нехаш тосу меттигаш охьаягарйина мозано, цига ца кхочуш ма Iе аьлла чуьркана тIе а дуьллуш.
Шега йийцинчу агIор некъ юьхьарлаьцна йоьдучу чуьркана дуьхьал накхармоза кхетта.
– Нехаш туьйсу меттигаш йолчу нийса йоьдий со? – хаьттина цуьнга чуьрко.
– Нехаш туьйсу меттигаш? – цецбаьлла накхармоза. – Зезагаш бен суна-м ца девза кхузара!
ТIаккха накхармоза дийца болабелла кхузахь мел хаза зезагаш ду, царах хIинцца схьаделладелларш муьлхарш ду, патарш ховха муьлхачийн ду…
ДоттагIий диканиш харжар мел мехала ду гойтуш къегина масал кху дийцарехь ду-кх!
Гочдинарг – ПЕТИРОВА ПетIамат

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных